Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2020
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 25.09.2020

Путинна – санкцеш, Адыгейхь кхаьънаш эцачу лоьрана – таIзар, Москвана – карантин

Radiomarsho.com 

Путинан хьал-бахам талла дагахь бу Цхьаьнатоьхначу Штатийн сенатораш, бахьана – Навальный; Москвахь къаношна меттахIоттош ю карантин; шарахь гергга кхаьънаш оьцуш болх бина Адыгейрчу дарбан цIийнан коьртачу лоьро

Полицехь стаг хьийзорна кхеле озийначу майора талламча бехкево шега доцург дийцийтарна

Radiomarsho.com 

БуьрийтIера вахархо Цкаев Владимир йиттина вер толлучу кхело левина полицин бехктакхаман декъан куьйгалхо лаьттина майор Ситохов Сослан. Ша стаганна еттарх лаьцна дина дареш шегара тIеIаткъам беш даьхна, аьлла цо. "Сох йозу массо а материалаш шеггара кхоьллина талламчас Хугаевс. Цо жопаллина бухара баьхна куьйгалхой: Габиев, Хабиев, Елоев, ткъа церан бехк суна тIехьарчийна. Сан могашалла вон яра соьга тIеIаткъамца дареш дойтучу хенахь", - леткъина кхелехь Ситохов пIераскана. Ткъа девнан кхечу декъашхоша динчу дареша бахарехь... Читать дальше...

"Тутмакхийн эла", набахтешкахь Iийначийн юкъара ахча лардеш хилла Гальский Каха велла изоляторехь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу тутмакхийн юкъара ахча («общак») Iалашдеш хилла 45 шо долу Парпалия Кахабер – криминалан гонашкахь цунах олура Гальский Каха – велла карийна Омск-махкарчу набахтешна тIехьожучу урхалло доладечу изоляторехь. "Хьукматан лоьраша а, сихха орца кхачочу медикийн тобано а реанимацин барамаш дIабаьхьина. Амма жамI ца делла, тутмакх биологин бахьанца кхалхар тIечIагIдина. Еъначу талламан оперативан тобанна ца карийна иза ницкъаша вийна хилар гойту тоьшалла. Цкъачунна хууш долу бахьана: пехашна тIебоьду цIийн пха цIеххьана хадарца валар. Читать дальше...

Хьалха электрошокер, тIаккха хеттарш? Нохчийчохь ле а беш гучубоху экстремисташ

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу хьехархойн университетан белхахоша хеттарш вовшахтоьхна, цара чIагIдарехь, оцу стеган экстремизмна тIера хилар гучудоккхур ду цара, яздо Кавказ.Реалиино. Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн этнокультурин специфика ю цу хаттамехь лоруш ерг, боху авторша. Бакъоларъярхоша а, психологаша а шеконашца тIеоьцу и хаам: бехкзуламан гIуллакхаш кегийрхошна дуьхьал даха тарло оцу гIирсаца аьлла, шеконаш ю церан. "ГIаттамхойн тобанашкахь хиллачу  а, иштта, кхечу экстремистийн артиклашкахь бехкебечу нахана тIехь тесташ дIахьур ю оцу хеттаршца. Читать дальше...

Шарахь гергга кхаьънаш оьцуш болх бина Адыгейрчу дарбан цIийнан коьртачу лоьро

Radiomarsho.com 

Адыгейрчу Красногвардейскан кIоштан дарбан цIийнан лоьранна кхаьънаш а луш, контаркташца цуьнан хьукматна шарахь гергга молханаш латтийна махкарчу "Альфа-Мед" компанино, хаам бо Оьрсийчоьнан Инарла Прокуратурин пресс-векалто. 2018-2019-чу шерашкахь эцна кхаьънаш Красногвардейскерчу коьртачу лоьро, боху кIоштан кхелан сацамо. Амма муха ду дина таIзар, хоуьйтуш дац. Ткъа шена бечу озабезамца молханаш дIадухкуш хиллачу "Альфа-Мед" компанина къастийна административан низамца догIу таIзар – 1 миллион сом гIуда.

15 стаг уьнах велла, 620 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 15 вахархо, цомгуш хилла 620, хаам бо Оьрсийчоьнана уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо. Дагестанехь д1аваьлла 9 стаг, Краснодар-махкахь а, Ставропол-махкахь а – кхоккха. Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах кхелхина лору Iедалан статисташа 1559 вахархо. Дийнахь-буса а, пандемин берриг мурехь а цомгуш хилла: Ставропол-мохк +146 (15345) Краснодар-мохк + 93 (13501) Дагестан +83 (13016) ГIалмакхойчоь + 69 (6090) Кхарачой-Чергазийчоь... Читать дальше...

Путинан хьал-бахам талла дагахь бу Цхьаьнатоьхначу Штатийн сенатораш, бахьана - Навальный

Radiomarsho.com 

Американ сенаторша – шина а партийн векалша, республиканхоша а, демократаша а – низаман проект хIоттийна Оьрсийчуьрчу оппозиционерна Навальный Алексейна дIовш делла хила тарлучу Iедалерчу наханна дуьхьал санкцеш кечъеш. Низаман проекто президентан Трампан администраци декхарейо Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, цуьнан доьзалан а финансийн хьолах а, активех а йолу информаци йовзийта. Навальныйна дIовш далар талла деза Американ Штатийн химин а, биологин а герзашна тIехь терголатторах долчу низамца а догIуш... Читать дальше...

Москвахь къаношна меттахIоттош ю карантин

Radiomarsho.com 

Коронавирус юха а яржа йолаяларо Москвара Iедал декхаредина 65 шо сов хан йолчу а, цамгаршца болчу а наханна карантин меттахIотто. Оцу хьокъехь къамел дина Москван мэра Собянин Сергейс. Кху беттан 28-чу дийнахь дуьйна хьахийначу категорешна цIахь совцар я гIалина гергахь йолчу шайн бошмашкахь хан яккхар хьоьху мэра. КIезиг туьканашка а, аптекашка а, бевза-безачаьргахула а лела декхаре бу уьш, Собиняна бахарехь. 65 шарал лакхара хенаш йолчу наханна болх юьстахара бар я мукъаденош эцар а хьоьху мэра. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Рафаэль Надаль

Надаль навестил в больнице 16-летнюю российскую теннисистку






Сергей Лёвкин: продолжается прием заявок на конкурс «Лучший реализованный проект в области строительства»

Сделали это с душой: в «Швабе» определили лучших сотрудников

Баскетболистки из Мытищ выступили на открытии спортплощадки на ВДНХ

Соболев: хочу сыграть в «Лужниках» при 80 тысячах красно-белых болельщиков