Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2020
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 21.09.2020

Лукашенкон режимна санкцеш кхайкхо гулъеллачу пачхьалкхийн барт ца хилла

Radiomarsho.com 

Европан Бертан пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрашна барт ца карийна Белоруссин куьйгалхошна дуьхьал, цара шайн махкахь Марсхьокху-беттан 9-чохь харцонца чекхбаьхначу президентан харжамашна реза боцчу гуламхошна тIеIаткъам барна сакцеш кхайкхо. Делахь а Европан Бертан пачхьалкхаш тешна ю Минсканна санкцеш дуьхьалъяха езаш хиларх, хаам бо "Немцойн тулгIе" радионо. Цо а, кхечу хаамийн гIирсаша а дийцарехь, Бертан 27 мехкан министрашна консенсус ца карийна Кипран позици бахьанехь. Оцу мехкан векало... Читать дальше...

Навальныйс шен бедарш схьайоьху: "зуламан тоьшалла ду цаьрца"

Radiomarsho.com 

Оппозиционера Навальный Алексейс Омскерчу дарбан хIусамехь йисина шен бедарш дIаехна Оьрсийчоьне. Оцу хьокъехь яздина цо шен сайтехь. Ша "тIеман дIаьвшаца вен гIоьртина" боху Навальныйс. "Таллам боло юьллу хан" чекхъяьлла, 30 де дуьзина дIовш деллачул тIаьхьа, "Оьрсийчохь бехктакхаман гIуллакх айдина а дац, моьттур ду со кеманчохь тиларчуьра ца ваьлла, супермаркетехь охьакхетта, ког кагбина Iа", – яздо оппозиционера. Кхечу кепара шена хиндерг ган а ца гора, таллам бан луш йолу хан чекхъяьлла... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказ – COVID-19: дийнахь-буса 10 стаг велла, 608 цомгуш хилла

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Оперативан штабо пандемин дарех лаьцна бечу тIаьххьарчу хаамца, Къилбаседа Кавказехь д1адахначу дийнахь а, буса а коронавирусах дарбан хIусамашкахь дIаваьлла 10 вахархо, цомгуш хилла кхин а 608 стаг. Дагестанехь велла пхи дархо, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь – шишша. Пандеми йолаелчхьана схьа уьнах белла Къилбаседа Кавказехь, официалан статистико бахарехь, 1500 ца кхоччуш бахархой. Дийнахь-буса а, юхьанца дуьйна а гучудевлла дараш: Ставропол-мохк +140 (14769) Краснодар-мохк... Читать дальше...

«Юьртахой ДАIИШ-е ийзорна» 8 шо хан тоьхна нохчочунна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Невран кIоштарчу вахархочунна Арсанухаев Эйдина экстремистийн ДАIИШ тобане нах ийзорна набахтехь яккха 8 шо хан тоьхна кхело. 2017-чу шеран аьхка шен кIоштарчу Алпатово юьртара бахархой ДАIИШ-ан могIаршка кхойкхош хилла цо. Иштта хаам баржийна Нохчийчуьрчу ФСБ-н урхаллин пресс-векалто. Хьалхо Кавказ.Реалиино хаийтира Ростоврчу тIеман кхело терроризманна беке а вина, Нохчийчуьра вахархо Таймусханов Султан 6 шарна набахте хьажорах лаьцна.

"Кавказ-2020" тIеман Iамораш долийна Оьрсийчоьно

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьра 80 эзар гергга эпсарш а, салтий а, 1 эзар ГIажаройчуьра, Арменера, Китайра, Беларусера, Мьянмера, Пакистанера эскархой а бу "Кавказ-2020" тIеман Iаморашкахь дакъалоцуш. ТIеман лаккхарчу хьелашка хIоттийна Къилбаседа Кавказехь авиаци, аннекси йинчу ГIирмехь а, Ростовн, Краснодаран, Ставрополан мехкашкахь Су-27 а, Су-30СМ а кеманаш ду тIеман гIаролехь, яздо «Оьрсийчоьнан газето». ТIеман Iалашонаш кхочушъян арадаьккхина Каспин хин-эскаршкара 30 хIордакема, яздо "Интерфаксо". Iамораш лаьттар ду кху беттан 26-чу дийнналц.

Чехин могашаллин министра дарж дитина COVID-19 бахьанехь

Radiomarsho.com 

Оршотан дийнахь ша шегара дарж дуьту, аьлла Чехин могашаллин министра Войтех Адама. Цуьнан бахьана ду пачхьалкхехь коронавирус цIеххьана дIасаяржа йолаялар – уьно болар сихдарца дуьнентIехь хьалхарчу меттигашка кхаьчна Чехи. Войтех шегара дарж дита кхайкха долийра оппозицин жигархоша кху деношкахь. Премьер-министра Бабиш Андрейс баркалла аьлла Войтехна шен болх хIинццалц схьа дика барна. Ткъа ша экс-министра бахарехь, вирус дIалакъош цо шега далург дерриг а дина ша даржехь волуш. БIаьста Чехино шогга дуьхьало йира коронавирусна. Читать дальше...

Кхин а 4 пачхьалкхе хIаваан некъаш схьадиллина Оьрсийчоьно

Radiomarsho.com 

Тахана Оьрсийчуьра Белорусе а, Казахстане а, ГIиргIазойчу а, цигара дIа а лела дуьйлалуш ду кеманаш, ткъа Гезгмашин-беттан 27-чохь рейс ю схьайоьллуш Къилба Корейца. Оцу хьокъехь сацам тIечIагIбина Оьрсийчоьнан премьер-министра Мишустин Михаила. Оцу мехкашкара бахархой а, цигахь баха бакъо йолу нах а Оьрсийчу бахалур бу, цуьнан урхаллаша дехьа-сехьа бийларх терго ярца.  Юьйцучу пачхьалкхийн коьртачу шахьаршка кIиранах цкъа лелар ду кеманаш, боху Iедалан хаамо. Бахначу баттахь йолийна Оьрсийчоьно шен рейсаш Туркойчу... Читать дальше...

"И кIант ша-башха ву". UFC-н куьйгалхочо Чимаев Хьамзатах лаьцна

Radiomarsho.com 

Лас-Вегасерчу Fight Night 178 турнирехь Америкера латархо Миршерт Джеральд эшийначу Швецерчу латархочо Чимаев Хьамзата ша чIогIа цецвьккхина, аьлла UFC-юкъараллин куьйгалхочо Уайт Данас. "Цкъа тоьхна. 17 секундехь. И кIант ша-башха ву. Со бизнесехь волу вуно дукха хан ю. Суна гина сийлахь-баккхий латархой богIуш а, боьлхуш а, амма иштаниг цкъа а ца гина", - яздина Уайта твиттерехь. Шоьтан сарахь латар доладеллачу 17 секундехь накаутца шена дуьхьаллаьтта Миршерт Дональд а эшош, UFC-н толам баьккхира 26 шо долчу Чимаев Хьамзата. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Даниил Медведев

Медведев обыграл Бублика и вышел в четвертьфинал "Мастерса" в Мадриде






The Hill: Вашингтон проигрывает Москве борьбу за Африку

Улицы Химок украсили флагами ко Дню Победы

В Королеве завершены монолитные работы по возведению здания музыкальной школы

Брянский эксперт Сергей Горелов оценил скорость ремонта дорог