Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2020
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 16.09.2020

Кадыров карзахвахар, Ичкерин векалш иэшо хьийзар

Radiomarsho.com 

Кадыров Рамзанна дуьхьал кечдеш питана ду Малхбузерчу цхьана пачхьалкхехь, лерина цуьнан сибатехь кечйинчу маскаца; "Нохчийн дахарна юкъагIерта Европера Ичкерин векалш" совцон некъаш лоьху Iедалхоша; кхеле а ца буьйлуш, муьлхха а экстремистийн хета интернет-ресурс дIакъовла полисхошна бакъо йоьху депутаташа

Шо кхаьчначу берана йиттинарг лоьху Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан республикан прокуроран Абдул-Кадыров Шарпуддин тIедилларца, талла йолийна, берана къиза етташ социалан машанашкахула яьржина видео. Хетарехь, шо кхаьчна хир долчу берана тIехь къизаллаш лелош видео Iораяьккхира интернетехь кху деношкахь. Видео тIехь гуш ду - беран садукъош, коьртара месаш ийзош, бетах а, дегIа тIе а а цунна етташ. "Карарчу заманчохь беран да-нана мила ду, я цуьнан цхьа кхин верас хилла-те зуьйш, инцидент хилла хан а къастош, дIахьош талламаш бу", - аьлла, хаамбина... Читать дальше...

Пакистанан дозанхоша хIорда кема лаьцна 2,7 тонн кIомал йохьуш догIу

Radiomarsho.com 

Фарси айманерчу цхьана пачхьалкхера 3 тонн гергга кIомал эуна Йемене доьдуш хилла хIорда кема лаьцна Пакистанан лерринчу сервисийн белхахоша хIорда чохь Карачи гIалана гена доццуш. Цу тIехь хилла 8 стаг. Уьш берриш лецна бу.

ГIалгIайчуьрчу журналистана Майсигов Рашидна набахтехь даккха 3 шо тоьхна

Radiomarsho.com 

Наркотикаш латторна бехкехилар тIе а чIагIдеш, набахтехь даккха кхо шо хан туьйхи кхело ГIалгIайчоьнан журналистна Майсигов Рашидна. Маршо Радионо яздира, Товбеца-беттан 7-чохь Майсиговн гIуллакх теллина даларх. Адвокатийн аьтто хилира, журналистан хIусамех хьоьвсича хилла жамIаш а тергоне эцийта. Товбеца-беттан 29-чохь кхаа баттана цIахь дIасавалар а доьхкуш, лаьцна витинера Майсигов, ткъа карарчу беттан 9-чу дийнахь прокуроро колонехь даккхийта пхи шо дехнера цунна. Тахана, кхаарин дийнахь... Читать дальше...

"Веданара вежарий" сиха бац нахана юкъабовла. Стенна оьгIазвахна илланчашна Кадыров?

Radiomarsho.com 

Шабаев Мансур Деношкахь кIошташкарчу синбахамаллин хIусамашна Iедалхошна хьалха шога критика йира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, бохура, оьшшучул ца кхиийна цара артисташ. Мах ишта хадорна реза бац республикера хьал девза бахархой: дукха бу махкахь похIма долу нах, амма ца лаьа царна, сцени тIе а буьйлуш, баккхий хьаькамаш хесто. Дукха бу политика бахьанехь Нохчийчуьра дIабахана артисташ. "Кеп-кепарчу конкурсашкахь, телепрограммашкахь дакъалоцу бераш а, баккхийнаш а, царна тIера духар гича... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса велла уьнах 5 дархо, вирус кхетта 565 стагана

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла пхи дархо, вирус къаьстина кхин а 565 вахархочуьнца. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабо дIахьедарца, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь а, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а велла цхьацца пациент. Верриг а эпидеми яьржичхьана кхелхина Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах 1 426 стаг. ТIаьххьара динчу зерашца, Ставрополан кIоштахь дукха бу ун токхурш - 137 стаг... Читать дальше...

Европерчу Ичкерин векалшна дуьхьало латтаяр тIедожийна Нохчийчохь бахархошна

Radiomarsho.com 

Мехкан дозана тIехь адамийн бакъонаш ларъяр дийцаредеш Нохчийчуьрчу зорбан министраллехь "юкъараллан конференци" дIаяьхьна. Мехкан куьйгалхочун гIоьнчас Дудаев Ахьмада а, муфтис Межиев Салахьа а, омбудсмено Нухажиев Нурдис а, кхинболчу хьаькамаша а дийцина гулбиначаьрга, "нохчийн дахарна тIеIаткъамбарх арахьара чуйогIучу информацино а, иштта Малхбузен къайлаха сервисаш регионера хьал талхон гIертарх" а, яздо мехкан хаамийн гIирсаша. Дудаевс билгалдаьккхина, либералан зорбанаша а, "Европерчу Ичкерин векалша" а негативе дийцарх... Читать дальше...

Нохчийчуьрчу Тепсуркаевн гIуллакх: лачкъийна, сийсазвина, къайлаваьккхина

Radiomarsho.com 

Къира сов хан яьлла IADAT оппозицин телеграм-каналан декъа ву ша аьллачу 19-на шо долчу Тепсуркаев Салмана, шена гечдар доьхуш, ша шена таIзар деш видео Iора яьккхина. Нохчийчуьрчу динан дайша къобалдина кIантана таIзар дар, ткъа цуьнан дас дIакхайкхийна, республикера Iедал цу юкъахь доцуш санна

Кхеле а ца буьйлуш, "экстремистийн" сайташ дIакъовла магош низам кховдийна Оьрсийчоьнан Думе

Radiomarsho.com 

Кхеле а ца буьйлуш, муьлхха а экстремистийн лерина интернет-ресурс дIакъовла полисхошна бакъо лучу низаман проект кховдийна Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думе. Нагахь санна, дуьйцу, низам тIеэцахь, цхьана экспертан сацам тоаме хир бу сайт дIакъовла. Документан авторш бу - Башкирин парламентан депутаташ а, "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах волу Думан депутат Ишсарин Рамзил а. Карарчу хенахь Оьрсийчохь экстремистийн сайташна блок хIотто кхелийн сацамаш оьшу. Прокуратуран а, талламчийн а дIахьедарийн бух тIехь... Читать дальше...

Нохчийчуьра зорбан гIирсаш: Малхбузехь Кадыровна дуьхьал операци кечъеш ю. Яйтина Кадыровн сибатехь маска (+видео)

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал кечдеш питана ду Малхбузерчу цхьана пачхьалкхехь. Оцу гIуллакхана леринчу къайлахчу лабараторешкахь цуьнан маска ю яйтина. "Чечня Сегодня" агенталло бина и хаам. Цуьнан информацица, Кадыровн сибатехь йина маска гойтуш видео яьржина социалан машанашкахь. Къаьстина и хаам eldit_net инстаграмерчу аккаунтера зорбан гIирсаша схьаэцна хилар. Видеона буха яздина ду, "Шолхаг" ("Двойник") аьллачу кодан цIарца Европехь Кадыров Рамзанна дуьхьал кечъеш операци ю аьлла. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Даниил Медведев

Медведев сыграет с Бубликом в Мадриде 






В Кузбасс с рабочим визитом прибыл Валерий Гергиев

РФ и Иран заинтересовались расчетами в цифровых рублях и риалах

Москва обвинила США в неприкрытом давлении на третьи страны за связи с РФ

Врач назвал щадящим воздействие рома на печень по сравнению с другим алкоголем