Делимханов: Соьлжа-гIала догIучу кемана хаале коронавирусан тестех чекхвала веза хIора а
"Мехкан ден цIарах оха масийттазза кхайкхамбира, регионна арахьа бисинчу нахе, шаьш цIа догIуш дIахIоттийначу процедуран барам ларбе аьлла. Делахь а, цхьа бен-башха ца хета нах, низамаш ца лардеш Нохчийчу бахка гIерташ дозанехь меттигаш нисбеллера".
Ишта цо тIетоьхна, цу тайпа леларо шайна кхерам латтийна ца Iаш, Нохчийчуьрчу боллу бахархошна а бале бовлу и нах аьлла.
"Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайн махкахойн аьтто бина Москвахь коронавирус юй хьожуш тестах чекхбовла. Москвара Соьлжа-гIала догIучу кеманна билет эцале хьалха карахь анализан жамIаш хила деза. Республике догIу кхиндолу некъаш къевлина ду", - аьлла Делимханов Адама.
