Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2020

Инстаграмера Кадыровн аккаунт дIакъовларх дийцина фейсбукан векало

0
Iамерко дуьхьал яьхначу санкцешна тIехула дIакъевлина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инстаграмера аккаунт аьлла, хаийтина "Новости" агенталле фейсбукан векало.


"Iамеркан компани хиларе терра, Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн гурашкахь лела тхо, иштта даим а тхайн бакъонийн декхарш кхочушдархьама барамаш тIеоьцу оха", - аьлла агенталле къамел динчо. 




Маршо Радионо хаам бира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инстаграмера аккаунт юха а дIакъевлина, бахьанаш хууш дац аьлла. Иштта блок хIоттийна парламентан спикеран Даудов Мохьмадан а, вице-премьеран Висмурадов Абузайдан а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адаман а аккаунташна а


Стохка а дIакъевлира Кадыровн инстаграмера аккаунт. Иштта 2017-чу шарахь а дIаехира цуьнан фейсбукера агIонаш. Iамерко "Магнитскийн тептаре" Кадыров ваккхарца доьзна, блок тоьхнера социалан машанашкарчу цуьнан агIонашна.


Цул тIаьхьа Кадыровс дIахьедира, Нохчийчохь Mylistory аьлла, керла социалан маша кхолларх а, ша цу чохь аккаунт елларх а лаьцна.




 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса