ТимурзиевгIеран шина кIентан декъий дIадаларх лаьцна вистхилла Кадыров
"Нагахь санна, "Терроризм" аьллачу артиклехь уьш ца хилахь, декъий дIадохкийта дIадала деза. Амма, терроран артиклца доьзнехь, цхьана а агIор хьехадойла яц уьш дIабалар. Оьрсийчохь дац ишта низам, тIаккха Нохчийчохь а хуьлийла дац", - аьлла Кадыровс.
Пачхьалкхан Думан депутатна Делимханов Адамна тIедиллина цо оцу хаттаран йист яккхар.
Официалан версица, ППС-н шина полисхочунна тIелеттера арсашца ГIалгIайчуьра веана ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан а, Хьусайн а, цаьрагара герз даккха Iалашонца. Оцу тасадаларшкахь вийра полицин лахара сержант, 22 шо долу Джабраилов Мохьмад, чевнаш йира цуьнан накъостана. Оцу меттигехь герзаш тоьхна, вийра ТимурзиевгIеран ши ваша.
ГIалгIайчуьрчу ТимурзиевгIеран а, вийначу ДжабраиловгIеран а цIийнах болчашна юкъахь маслаIат хуьлуш, дирзира гIуллакх.
