Добавить новость
Главные новости Москвы
Москва
Октябрь
2021

"Москва юкъа ца гIорта хьожу". Бакъоларъярхоша Къилбаседа Кавказерчу хьолах лаьцна

0

Бакъонашларъечу "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал, амма иза реза яц цуьнца –редакцин билгалдаккхар) бюллетень кечдина, "Къилбаседа Кавказерчу конфликтан зонера хьал: бакъоларъярхоша хадийна мах. 2021 шеран аьхке" цIе а йолуш. Цо гойту регионехь адамийн коьрта бакъонаш хьоьшуш хилар.

50 агIонах лаьттачу талламо йовзуьйту йиллинчу хьостанашкара информаци – хаамийн гIирсашкара, кхелийн сацамашкара, Iедалан официалан дIахьедаршкара, теша бух болчу мессенджерашкара, хоуьйту адамашца харцонаш лелор ца хеддаш лаьтта хьал хилар.

Бакъоларъярхоша арахецна бюллетень дешначул тIаьхьа Кавказ.Реалиино хеттарш дира документан авторех волчу бакъоларъяран "Мемориал" центран векале Малыхин Владимире, дийхира дIаяхначу аьхка адамийн бакъонашца лаьттинчу хьолан хьокъехь дийцар.

– ХIун башхалла ю бюллетенехь гайтинчу 2021 шеран аьхкенан а, дIадахначу шерийн оцу хенан а Къилбаседа Кавказан хиламашна юкъахь?

– Суна гарехь, уьш цхьана могIарара бу: цхьаберш оццу хенашкахь леллачийн лорах, ткъа вуьйш – хьалха кхиийна "потенциал" кхочушъеш.

Зударийн проблема, Кавказерчу хIусамашкахь гIело яр – иза керла хIума дац, цхьаболу хиламаш прессехула бовзийтина а бу, масала, Умаева Мадина кхалхар. Керланиг – Тарамова Хьалиматан гIуллакх, луларчу мехкан полици гIелоечарна гIодеш хьовзар.

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу жигархочунна Иритов Асланна кхел яр, цо полицин белхахочун дахар кхерамна кIел хIоттийра, аьлла – ткъа Иритов-м ву ший а куьйг доцуш. Алалур дац, иштаниг керла ду. Иритовна а, цуьнан гергарчарна а гIело йинчу полисхошкара жоп деха сиха а дац Iедал.

 

– Бакъонаш Оьрсийчохь бехачу нехан талхийна ца Iаш, арахьа бехачийн а талхайо, боху бюллетенехь

– Европехь бехачу оппозицин блогершна тIеIаткъамаш бу хьалха санна беш, Европера арабоху нохчий. Европера Оьрсийчу юхахьийсочу нохчийн мухIажирийн истореш зийча, го сценареш вовшех тера хилар.

Депортаци йина Оьрсийчоьнан вахархо иза винчу метте дIахьажор тIе ца дожадо цхьана а низамо, амма иза леладо Нохчийн Республикера схьабевллачу нахаца: ФСБ-н белхахоша къайлавоккху иза дуьхьалбаьхкинчу гергарчех, тIаккха ницкъаша дIахьажаво Нохчийчу. И харцо тIечIагIйина федералан а, нохчийн а Iедало вовшашца бинчу бертаца, иштта нисделира бIаьста депортаци йинчу Гадаев Мохьмадца. Оцу бертаца, иза кхочушбарца федералан Iедало, ма-дарра аьлча, бакъдира Нохчийчоь юьззина Кадыров Рамзанна олалле елла хилар, цунна муьлххачу а нохчочунна, иза веха меттиг а ца къестош, таIзар дан магош хилар.

ЧIагIлуш бу Оьрсийчохь экстремистийн лоручу, йихкина йолчу "Ат-Такфир Валь-Хьиджра" цхьаьнакхетараллин декъашхой бу боху нах бехктакхаме ийзор. Оцу динан юкъараллера хиларна бехке а беш, иттаннаш лецна, аьхка а лаьцна 17 стаг. Ткъа и цхьаьнакхетаралла 1970-гIа шераш дIалилхинчул тIаьхьа дийна йисина бохург шеконе дуьллу ислам толлучу эксперташа.

– Дагестанехь нохчо Тарамова Хьалимат лачкъор дийцаредаьккхира дуьнено а, амма ца гуш санна Iаддисира Оьрсийчоьнан Iедал. Омбудсменна Москалькована тоаме хилира Нохчийчоьнан прокуратуро цуьнца дерриг а дика ду алар. Хьуна хетарехь, федералан центр стенна ца гIоьрта иштачу гIуллакхашна юкъа?

– Федералан центрна ца лаьа Къилбаседа Кавказерчу субъектийн гIуллакхашна юкъагIерта. Коррупци юьйцуш хилча, юкъагIоьрта иза наггахь, шен хеннахь ца гIоьртахь а, хьал куьйгакIелхьара дала доьлча, федералан центрна тIе кхерам боьссича.

Къилбаседа Кавказан регионашкахь адамийн бакъонаш талхорца долчу гIуллакхашна юкъа Москва ца яьлла гIоьрта, гарехь, ца лору цо иза доккха хIума, хьал меттигерчу Iедалийн долахь дуьту. ХIусамашкахь гIело яр ганне а ца гуш санна дуьту федералан центро. Деззане а ца деза Кремлна муьлххачу а кепехь Нохчийчоьнах, цуьнан куьйгаллах хьакхалучу гIуллакхна юкъагIоьрташ, ткъа ас дагадоуьйту, Тарамова Хьалимат Кадыровна уллерчу совдегаран, хьаькамаллехь Iийначу стеган йоI ю. Федералан центр юкъагIоьрта, регионан куьйгалхочо дийриг лулахойн проблемех я пачхьалкхах хьакхалуш хилча.

– Шун докладо бахарехь, Хьалимат дIаюьгуш шина субъектан полицино дакъалаьцна – Дагестанан а, Нохчийчоьнан а. Иштаниг даима а нислуш ду?

– Доьзалехь гIелоярца доьзна бевддачарна шина а мехкан ницкъхой дуьхьалхIуьттуш хааделла дацара хIинццалц.

Бакъду, хьалха контртерроран операцешкахь цхьаьна хуьлура Къилбаседа Кавказера ницкъаш кест-кеста. ДIадахначу шерашкахь дуккхаза а хааделла, Дагестанехь лаьцна стаг Нохчийчу вуьгуш, цигахь гIелонаш еш. Нах цул тIаьхьа бовш а нисделла, я тIом бина кеп а хIоттайой, хIаллакбеш я ницкъаша тоьшаллаш а дохий, ехха хенаш етташ, набахтешка хьийсош.

Бакъду, Дагестанан а, Нохчийчоьнан а, я ГIалгIайчоьнан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а ницкъхошна юкъахь координаци лелориг полицин а, тIеман ницкъийн а федералан тIегIанара урхаллаш хуьлура. Тарамоваца долчух аьлча, координаци меттигерчу тIегIанашкахь йина, федералаш декъахь боцуш. Иза керла зеделларг ду.

 

– Бюллетенан цхьа дакъа Къилбаседа Кавказерчу пандемих а, ницкъаша вакцинаци яйтарх лаьцна ду. Вакцинаци ярца дерг а, республикашкахь вуно дукха нах цунна дуьхьалбовлар а кхечу регионашкахь хаалой? Стенна реза ца бало вакцинаци яйта цигарчу Iедале бахархой?

– Лаамза нахе вакцинаци яйтарца башха къасталуш яц регион. Ерриг а Оьрсийчохь лела нахалахь вакцинацина пропаганда еш хьийзачу Iедалх цатешар.

Оха кхечу регионашкахь ца теллина, ша Къилбаседа Кавказехь а и агIо сов чIогIа талла Iалашо а ца хилла тхан. Ала тарло, вакцинаци ницкъаша мел йойту а, нах дуьхьал бу цунна, нехан кхетамехь, Iедало пропаганда еш елахь, цунна шена оьшу иза яйтар. Массанхьа а бу вакцинах цатешарш, ирча эладитанаш даржадо цунах лаьцна. Оьрсийчоьнан дукккха а регионашкахь леларг ду моттаргIане "вакцинаци" яр, сертификаташ эцар.

Къилбаседа Кавказан башхалла йозу еккъа цхьана регионах – Нохчийчоьнах. Нахе вакцина ницкъаша йойтуш кхечунхьа а хаало, амма Нохчийчохь иза яйтарца дерг дерриг а ду низамца галморзахдолуш, лечкъа а ца деш ницкъаша йойту иза цигахь, официалехь COVID-19 уьнна дуьхьал вакцинаци яйтар тIедожийна доццушехь.

Вакцина йина боцу нах туьканаш чу, аптекаш чу цабитар, вакцинацин сертификат йоцчунна лоьралла цадар. Бераш а дара закъалте хIиттош – да-нана вакцина тохийтина дацахь, деша школашна чу ца дуьтуш. Мехий ца тохийтинчаьра машенаш дIайохура, сертификат еъча бен дIа а ца лора. Оцо нах дарбира, сертификаташ оьцура, карахь уьш дуккха а ду (Нохчийчуьрчу статистикаца, махкахь вакцина тохийтина 44% бахархоша – Оьрсийчохь 4-чу меттехь ю Нохчийчоь – Редакцин билгалдаккхар), амма баккъал а муьлха дакъа вакцинаци йина ду хууш дац. Цхьаболчу лерамашца, бахархойн эхе а ца кхочу и дакъа. Медикашлахь а дукха бу вакцинах ца теша белхахой, цара тIекарлонаш йо мехий деттийта цалуучарна.

 

– Ала тарлой, Нохчийчуьрчу Iедало а, ницкъхоша а гIело йо Европерчу нохчийн диаспорина? Стенца доьзна ду иза?

– Нийсса аьлча, диаспораш шен тергонехь латто Нохчийчуьра Iедал даима а гIиртина, амма тIаьххьарчу шерашкахь жигара баьлла цуьнан и лаам.

ТIаьххьарчу шерашкахь чIагIъелла нахехь Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшучарна дуьхьал гIаьттина протест. Хаамийн гIирсаша аьтто ло адамашна шайн бакъонаш хьоьшуш хилар Iорадаха, йиш ю стеган анонимехь виса, информаци шуьйрра дIасаяржо.

Нохчийчохь вехачунна чIогIа кхераме ду мехкан куьйгалхочо а, цуьнан гоно а лелош йолу харцонаш Iораяха, йийцаре ян, Европехь бехачу нохчашна и кхерам лахаро бу, оцу бахьаница дуккха а оппозицин блогераш бевлла царалахь, оцу нахах теша Нохчийчуьра бахархой, ла а дугIу цаьрга. Оцу тIегIанахь билгалвоккхур вай Абдурахманов Тумсо, "IАДАТ" телеграм-канал, дуккха а кхинберш. Цара баккъал а йожайо Нохчийчьурчу Iедалан репутаци, ткъа Iедало ен дуьхьало ю даима а ерриг –духьал ницкъ айбар, цIера гергарнаш хьийзор. Амма кIезиг ю Iедало дуьхьалйохучу къизалло луш йолу эффект.

Оцу дерригено а бестабойту Нохчийчуьрчу Iедале диаспорин векалшна бен тIеIаткъам, алсам йоху царна дуьхьал лелаен харцонаш, церан векалш байъар, ткъа и зуламаш дийраш бу Iедалхошна гергалаьтта нах. Ал деза, кхераме ду оппозицин болх дIакхехьар Европехь а.

– 2021 шеран аьхкенан хиламашна тIе а тевжаш, олийла дуй, бакъоларъярхой, хаамийн гIирсаш сема хиларо, интернетехула хилларг нахала даккха йиш хиларо Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш ларъяр аттачу даьккхина, Iедало бечу тIеIаткъаман эвсаралла лахъелла?

– Дерг шуьрра дийца йиш хиларо дика аьтто бо, ахь мел буьйцурш цхьаьна хилча. Юридикан гIо латторо, прокуратуре, Талламан комитете дIахьедарш хьийсоро, адвокаташ жигара хиларо, нисделларг хаамийн гIирсашкахула, социалан машанашкахула Iорадахаро малйо, гIеххьачул юхатуху харцонаш.

Кхушеран аьхка бинчу балхо гайтина а ца Iа юкъаралло ечу духьалонан ницкъ. Дуккхаза а нисделла вадийнарг, хилам Iорабаккхар бахьана долуш, дIахоьцуш. Гарадевллачу гIуллакхех ду, масала, Францера Гадаев Мохьмадна депортаци йича, иза вадийна, Уренгой вигича, цигара Нохчийчу кхачийча, цунна дуьхьал герз лелийна аьлла, бехктакхам айбича, бакъоларъярхой, юкъаралла сема хьовзар – оцу дерригено а Нохчийчуьра ницкъаш декхаребира цунна набахтехь яккха туху хан гIеххьачул лахъян.

Масалш дуккха а ду тхан бюллетенехь: Грецехь тховкIело еха воьлла Мусаев ИбрахIим, шен гIуллакх ца хилча, цIаван новкъавелира. Амма Москва иза кхаьчча, духьалхIиттира дозанхой, Магасе доьдучу кемана хаийра, цигара шен цIа, Аьрга Хишка, ваха везаш вара иза. Амма новкъахь лачкъийра. Полицино шена хууш дац, бохура, цунах хилларг. Цуьнан вашас гIо дийхира "Мемориале". Оха яздира хиллачун хьокъехь. Масех де даьлча иза дIахийцира. Амма реза вацара Мусаев ша хилла меттиг йовзийта. Официалехь боцчу хаамца, Соьлжан кIоштан полицехь латтийна иза. Масех де даьлча лачкъийра юха а, оха юха а орца кхайкхийра, мукъаваьлча, Нохчийчуьра дIавахара иза.

– Къилбаседа Кавказехь 2021 шеран аьхка, Пачхьалкхан Думе депутаташ хоржучу муьрехь, кандидатийн бакъонаш хьаьшна хилар дац хьахош. Стенна?

– Харжамашка кIезиг дегайовхо яра Кавказехь бехачу нехан. Харжамашна кечлучу хенахь ца хааелира яккхий харцонаш. ГIалгIайчуьрчу цхьана кандидатах йолчу куьпан харжамашкара дIавелира "Яблоко" партино хьалхатеттина кандидат Гагиев Аюп – ГIалгIайчоьнан конституцин кхелан куьйгалхо, цул тIаьхьа интрига а чекхъелира.

Уггаре тамашениг хилира харжамаш боьрзуш, кхаьжнаш багарбечу хенахь. Дагестанехь 7 харжамийн куьпахь – ас 7 боху хьуна! - "Цхьааллин Оьрсийчоь" партино ца баьккхира цхьаьллиг цхьа кхаж. 90% кхаьжнаш кхаьчна кхечу партешна ерриг а Дагестанехула. Нохчийчохь, Хьалха-Мартанарчу №510 куьпахь, "Цхьааллин Оьрсийчоьно" 50% а ца баьхна кхажнаш. Оха гурахь луьстур ду харжамаца лелларг.

***

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхо даздар дIадаьхьна ГIадужу-беттан 5-чохь: официалехь юха а дарже хаар, шен 45 шо кхачар, Соьлжа-ГIалин де. Дарже харжарца иза декъалвина массара а, лулахошна тIера партиархна Кириллна тIекхаччалц.




Москва на Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus



Заведующий рефракционным отделением клиники микрохирургии глаза АйМед Кирилл Светлаков: как снизить нагрузку на глаза при работе с гаджетами

Письмо генеральному прокурору и отмена выборов - чем может обернуться избрание нового главы города Сочи?

Владислав Овчинский: жители дома на Радужной улице начали переезд в новостройку по программе реновации

РОССИЯ ПРОВЕРИТ ЦРУ И СЕКРЕТНУЮ СЛУЖБУ США?!


В СЛД «Абакан» филиала «Красноярский» компании «ЛокоТех-сервис» поступили новые электровозы 3ЭС5К

В Оренбургском филиале АО «Желдорреммаш» освоен ремонт нового оборудования для тепловозов «Витязь», работающих на БАМе

Какие продукты важны для здоровья мозга?

Подсчитано, насколько подорожали авиабилеты на российские курорты: если вы ещё не купили билет, то вы опоздали


Faculty of International Journalism and Mass Communications Eurasian International University is conducting an additional intake of applicants!

Bears Reportedly Played A Big Part In Giants Losing Saquon Barkley

Biden's anger bleeds through as party weighs his future

Warner will not be considered for 2025 Champions Trophy: Bailey


Выборы мэра Сочи могут отменить из-за нарушений

Владимир Путин открыл движение по обходах Твери и Тольятти

Заведующий рефракционным отделением клиники микрохирургии глаза АйМед Кирилл Светлаков: как снизить нагрузку на глаза при работе с гаджетами

Водопады "Три сестры"


I didn't expect my favorite cozy MMO to do a crossover with a Finnish children's series

CD Projekt's Pawel Sasko tells the inspiring tale of how an Estonian beet farmer in Australia became a senior quest designer on The Witcher 4

Двадцать пять человек за одним столом под звуки караоке – это было шедеврально!

Интервью AppTime с компанией Innova: релиз Gran Saga в России, внутриигровая оплата и «Масленица» в корейской MMO


Фотомагазин PYN: ваш надійний партнер у світлі та фотографії


На «Атомайз» состоялась первая в России цифровая секьюритизация портфеля кредитов

Жаркий движ «Браво, артист» на Черноморском побережье

Владислав Овчинский: жители дома на Радужной улице начали переезд в новостройку по программе реновации

Письмо генеральному прокурору и отмена выборов - чем может обернуться избрание нового главы города Сочи?




Строительство Мытищинской хорды завершат до конца года

Письмо генеральному прокурору и отмена выборов - чем может обернуться избрание нового главы города Сочи?

Канадский хоккеист Комтуа не боится критики из-за перехода в "Динамо"

В Нижегородской области осудили врача, лечившего физраствором


Экс-депутат Госдумы Абельцев арестован по делу о мошенничестве

Что посетить в ближайшие выходные? Детского радио рекомендует «Дачное Царицыно»

Арестован фигуранта дела о массовом отравлении мигрантов в Москве

На фестивале «Вкус Лета» состоится «Пикник Юмор FM»


Елена Рыбакина получила новую конкурентку после Уимблдона-2024

Журналисты раскрыли значение цветов наряда онкобольной Миддлтон на Уимблдоне

Алькарас уверенно переиграл Джоковича и выиграл Уимблдон

Уроженка Самарской области выступит на Олимпиаде в Париже


На фестивале «Вкус Лета» состоится «Пикник Юмор FM»

Суд в Москве отправил в СИЗО подозреваемого в нападении на посетителя ТЦ

Судебные приставы арестовали Lamborghini Насти Ивлеевой из-за долгов

В Москве задержан курьер телефонных мошенников


Музыкальные новости

Новый скандал с Ивлеевой: Настя задолжала государству 21 млн рублей налогов

Для капремонта музея-усадьбы Чайковского Удмуртии выделят более 16 миллионов рублей

Киркоров милостиво снизил сумму иска к Любови Успенской

SHAMAN посетил концерт Лепса в компании любимой жены



Жаркий движ «Браво, артист» на Черноморском побережье

Владислав Овчинский: жители дома на Радужной улице начали переезд в новостройку по программе реновации

Мужской волейбольный клуб "Держава" оказался в семёрке сильнейших команд России

Опубликован рейтинг упоминаемости и активности политиков в Telegram каналах за июнь 2024 года


Экс-игрок Широков назвал "Спартак" единственной загадкой нового сезона РПЛ

Юлия Пересильд споет на крыше

На «Атомайз» состоялась первая в России цифровая секьюритизация портфеля кредитов

Один из лучших джазовых вечеров в Петербурге и Москве - «Jazz под Небом»


Ульяновский росгвардеец несколько километров тащил на буксире автомобиль из Москвы

«Мосавтодор» устранит последствия урагана «Эдгар» в Воскресенске

Ефимов: началось проектирование новой автодороги в ТиНАО

Рестораторы направят выручку с гастрофестиваля на нужды СВО


Путин предложил увековечить память председателя Верховного суда Лебедева

Путин рекомендовал назвать сквер в Москве в честь экс-главы Верховного суда Лебедева

Воронежские выпускники «Школы мэров» разработали системные проекты по улучшению качества жизни в муниципалитетах

Путин рекомендовал присвоить имя экс-главы ВС РФ Лебедева скверу в Москве


«Возникнет форс-мажор»: что будет с выборами в США, если Байден не перенесет COVID-19

«Возникнет форс-мажор»: что будет с выборами в США, если Байден не перенесет COVID-19

Новая пандемия может разразиться из-за патогена искусственного происхождения

Новая пандемия может разразиться из-за патогена искусственного происхождения




Главный врач клиники "Мегастом", стоматолог Владимир Лосев: какую зубную пасту предпочесть

Столица активного долголетия: как городские проекты помогают москвичам старшего возраста

«Возникнет форс-мажор»: что будет с выборами в США, если Байден не перенесет COVID-19

В мастер-классе ко Дню рисования на асфальте приняли участие пациенты Детской клинической больницы


"Умерили амбиции": Провал "саммита мира" вынудил Зеленского призвать к переговорам, заявили во Франции

Зеленский поставил крест на последней надежде Киева: попытки Рады развернуть соратника Трампа в свою сторону обречены на провал


Каждая пятая российская компания предлагает своим сотрудникам ДМС

Ковшом и ножом. Экскаваторщик-гольфист вытворяет умопомрачительные финты

Мужской волейбольный клуб "Держава" оказался в семёрке сильнейших команд России

Выборы мэра Сочи могут отменить из-за нарушений




Мэр Москвы сообщил о подписании 22 офсетных контрактов

Сергей Собянин: Создаем комфортные условия для учебы

Мэр Москвы рассказал о выдающихся учениках столичных школ искусств

В двух колледжах Москвы пройдет комплексное обновление — Собянин


Гидролог раскрыл, является ли Москва-река чище Сены

У российской ИТ-компании "Рексофт" появилось сразу несколько стратегических партнеров

В Москве из-за аномальной жары появились осы пелопеи и сколии-гиганты

Синоптик Ильин раскрыл, вернется ли аномальная жара в Москву


День пожарной безопасности прошел в детском лагере «Левково» в Подмосковье

На фестивале «Вкус Лета» состоится «Пикник Юмор FM»

Судебные приставы арестовали Lamborghini Насти Ивлеевой из-за долгов

Суд в Москве отправил в СИЗО подозреваемого в нападении на посетителя ТЦ


Дни рождения

Пассажир самолета в Пулково открыл аварийный люк из-за жары в салоне

Премьера документального фильма о Мосеевом острове состоится в Архангельске в ноябре

АО «Транснефть - Север» обеспечивает надежность производственной инфраструктуры в четырех регионах


Час духовности «Приняла крещенье Русь»

В чем особенность приготовления лапши вок?

В рейтинге городов России по объемам ввода жилья Севастополь на 29 месте, Симферополь — 73

Краеведческое посвящение «Здесь артековская слава начинала свой поход»


Что посетить в ближайшие выходные? Детского радио рекомендует «Дачное Царицыно»

Арестован фигуранта дела о массовом отравлении мигрантов в Москве

В Подмосковье расплодившиеся чайки мешают жить горожанам и летать самолетам

Стартовал первый этап благоустройства Кучинского лесопарка в Балашихе












Спорт в Москве

Новости спорта


Новости тенниса
Уимблдон

Independent: Кейт Миддлтон посетила финал Уимблдона, несмотря на болезнь






День пожарной безопасности прошел в детском лагере «Левково» в Подмосковье

Экономист Марат Айдагулов: БРИКС – перспективы для российского рынка

Захарова назвала недружественным шагом отказ Чехии признавать паспорта РФ

Арестован фигуранта дела о массовом отравлении мигрантов в Москве