Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 17.03.2021

Кийрахь дог доцу киллер ву Путин Владимир, аьлла Джо Байдена

Radiomarsho.com 

Президент Путин Владимир кийрахь дог доцу «киллер» ву, «цо боггIу мах охьабуьллур бу» стохка Лахьан-баттахь хиллачу президентан харжамашна юкъагIортарна, аьлла Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена ABC News телеканалехула шинарин буса араяьллачу интервьюхь. Журналиста Стефанопулас Джорджа шега, муха хир бу и бекхам, хаьттича, жоп делла президента: «Кестта гур ду шуна». Интервью араяьлла, Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан стохкалерчу харжамашна Оьрсийчоь юкъагIортарх долу тептар... Читать дальше...

Арз хьажийна Путине Соьлжа-ГIалара, ткъа ЕвроБерто санкцеш тухур ю цигарчу кхин а шинна

Radiomarsho.com 

Путине Соьлжа-ГIалара дехар хьажийна махкахь нах хIаллакбарх долу тоьшаллаш даржорца доьзна; Европан Барто санкцеш тухур ю Висмурадов Абу-Зайдна а, Катаевна Аюбна а; ФСБ-но терроран тохар дечуьра юкъахдаьккхина ша Майкопехь боху. Лаьцна Юккъерчу Азера мигрант

Кадыровн полкехь хиллачун тоьшаллаш

Radiomarsho.com 

"Новая газето" зорбане даьхна Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу полицин хадаран-къепелатторан полкан белхахо лаьттинчо дина тоьшаллаш. Гезмахмаев Сулимана, шен цIа а ца лечкъош, дийцина Соьлжа-ГIалахь, еш кхел а йоцуш, нах хIаллакбарх лаьцна.

"Аша зулам дина, боху тхоьга". Протесташкахь хилла кхечу мехкийн бахархой Оьрсийчуьра арабохуш бу

Radiomarsho.com 

Политик волчу Навальный Алексейгахьа хиллачу протесташкахь дакъалаьцна арахьарчу мехкашкара баьхкина бахархой пачхьалкхера арабохуш бу полисхоша. Оьрсийчохь баха елла бакъо юха а оьцуш, пачхьалкхе бахкар доьхку царна, церан доьзал, бераш доллушехь. Цхьацца меттигашкахь бехкзуламан гIуллакх дуьхьал доккхур ду бохуш, кхерамаш а туьйсу царна. Настоящее Время телеканало йовзуьйту Оьрсийчохь бехачу кхечу пачхьалкхийн бахрахойн масех истори. Навальныйгахьа хIоттийначу митинге бахначул тIаьхьа Iедалхой тIаьхьабевлла царна. Читать дальше...

Европан Барто санкцеш тухур ю Висмурадов Абу-Зайдна а, Катаев Аюбна а

Radiomarsho.com 

Кхаарин дийнахь, Зазадоккху-беттан 17-чохь, Европан Барто сакцийн тептара язбан къастийна Нохчийчохь адамашна репрессеш ярна республикан куьйгаллерчу ши стаг. Европехь ахча лелор а, виза эцар а доьхкуш, ЕвроБарто адамийн бакъонаш ларъярца доьзна 2020-чу шеран ГIура-баттахь тIеэцначу керлачу низаман буха тIехь санкцеш тухур ю Нохчийчоьнан вице-премьерна, ницкъхойн «Терек» декъан буьйранчина Висмурадов Абузайдна а, Устрада-ГIаларчу полицин буьйранчин гIовс Iийначу Катаев Аюбна а дуьхьал. Европан Бертарчу хьостанашкара яьржинчу информацица... Читать дальше...

ФСБ-но терроран тохар дечуьра юкъахдаьккхина ша Майкопехь боху. Лаьцна Юккъерчу Азера мигрант

Radiomarsho.com 

Адыгейн коьртачу шахьарахь, алссам нах гулучохь, эккхийтар дан кечвелла Юккъерчу Азера веана стаг лаьцна ша, аьлла, дIахьедар даржийна ФСБ-но. И стаг, мигрант, толлуш карийна оьккху коьчал а, Оьрсийчоно магош йоцчу "Исламан пачхьалкх" тобан байракх а, чIагIдо урхалло. Оперативан барамаш дIахьош гучудаьлла, хьукмато бахарехь, терроран тохар кечдеш хилар. Мигрантан хIусамехь карийна, ФСБ-н пресс-векалтан хаамца, чевнаш ен элементаш чохь йохку оьккхург а, талор дан къастийна меттиг билгалйина долу Майкопан карта а (базаран цIа ду юьйцу меттиг)... Читать дальше...

Пресса: Цхьаьнатоьхначу Штаташа кестта Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш йохур ю харжамашна юкъагIортарна

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа тIедогIучу кIиранах санцеш кхайкхо мега Оьрсийчоьнна дуьхьал, иза 2020-чу шеран президентан харжамашна юкъагIортина хила тарлуш долчу тоьшаллица доьзна. Оцу хьокъехь хаам баржийна CNN и Reuters агенталлаша, КIайчу цIийнерчу хьостанашна тIе а тевжаш. Иштта санкцеш кхайкхо тарло дIадахначу шеран тIаьххьарчу муьрехь Американ серверашна хакерийн гIоьнца шуьйрра тIелетарш дарна а. Царна Оьрсийчоь бехкейо Штатийн кхерамзаллин сервисаша. Билггал муха хир ю и санкцеш цкъачунна хууш дац. Читать дальше...

Краснодар-мехкан вице-губернаторан гергарчийн хIусамна тIелеттарш набахте хьовсийна

Radiomarsho.com 

Адыгейн Тахтамукай кIоштан кхело сацамбина шайн кIоштарчу Псейтук юьртахь дехачу Краснодар-мехкан губернаторан гIовс Iийначу Ахеджак Муратан дена-нанна талор дина Пономарев Вячеслав а, Кононенко Иван а набахте хьажо. 2018-чу шарахь Краснодар-махкара Псейтуке а вахана, политикан гергарнаш бехачу хIусамна тIелетта и ши стаг. Церан бехканна елла Ахеджакан нана Луиза. Чевнаш йина Ахеджак Муратан йоьIана а, дена а, йишина а.  Меттигерчу прессо яздарехь, Iазап латтийна зуламхоша доьзална тIехь. Кхело 9,5 шо хан тоьхна набахтехь такха Понамаревна... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Прямая трансляция матча Елены Рыбакиной против экс-первой ракетки мира на «Ролан Гаррос»






КУПЛЮ: Куплю металлорежущий инструмент КХ, ЦХ

Процент сдачи экзамена по русскому мигрантами резко снизился

Михаил Боярский признался, что не стал бы артистом без Маргариты Тереховой

У американцев пока все никак не получается запустить космический корабль Boeing. Очередной запуск отменили за четыре минуты до старта