Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 27.03.2021

Бисултанов Апти. Ас хьан чIабанех гIайгIа юцур ю...

Radiomarsho.com 

Бисултанов Апти *** Ас хьан чIабанех гIайгIа юцур ю, КIайчу говрана туьйра дуьйцур ду, Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь Дашо гIаргIулеш новкъа йохур ю.   Ас хьан бIаьрхихцхьа илли доккхур ду, Юьртан йисттехь цхьа ирзу доккхур ду, Муьрг цIийх Iеначу нохчийн хьаннашкахь Дуьне къинтIера сайна доккхур ду.   Ас хьан бIарлагIех гIала юттур ю, Хилларш, лайнадерш сица луьстур ду, Iаьно къарйинчу нохчийн ярташкахь Цхьа-цхьаъдахарнадуьхьал хIуттур ву.   Хаза хилла хьо, кхин а хазлур ю, Цхьалла лайна со къинойх цIанлур ву... Читать дальше...

ГIалгIайн жигархо Оьрсийчоьне дIавалар дийцаредо Украинехь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн жигархо, Сунжера вахархо Сайнароев Салман схьавоьхуш шайн Оьрсийчуьрчу коллегаша даийтинчу кехатан хьокъехь талламаш болийна Украинерчу инарла прокуроран офисо.  "Сайнароев Салманна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхархьама, цунна экстрадици ярх дехар динчу Оьрсийчоьнан инарла прокуратуран документаш луьстуш ду", - аьлла Украинан парламентан депутато Шараскин Андрейс. Хьалхо миграцин хьукмате дехар динера Сайнароевс, шена мухIажиран статус йоьхуш.  Пачхьалкхал а арахьа герзашца лелачу тобанхойн могIарехь лелла ву бохуш... Читать дальше...

Социалан машанашкара йозанаш листа юкъараллаш вовшахтухур ю ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Муниципалан урхаллан Центраш "МЦУ" вовшахтоха дагахь бу ГIалгIайчохь, социалан машанашкарчу информацин талламбархьама. Официалехь дIакхайкхорца, церан Iалашо хир ю, стенна реза бац бахархой зен а, цул тIаьхьа шен хенна церан проблемаш ерзорхьама а. "И центраш бахьана долуш бахархошна маьIне йолчу массо а сферашкахь жамIаш дан таро хир ю нахана а, Iедалан коьртехь болучарна а юкъахь зIе хиларца. Ткъа бахархойн дехаршна сихха тергоярца, гIаланийн а, яртийн а бахархойн Iедалхошца  йолу юкъаметтиг тояла тарло", - яздо "Интерфаксо". Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 21 дархо. Вирус къаьстина 419 стагаца

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла тIаьххьарчу дийнахь-буса 21 дархо, вирус хааелла кхин а 419 стагаца. Оперативан штабан хаамца, Краснодаран кIоштахь COVID-19 вирусах велла 11 пациент, Ставрополан кIоштахь - кхоъ, Адыгейхь а, Къилбаседа ХIирийчохь а - шишша, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а - цхьацца велла. Ун даьржичхьана верриг а Къилбаседа Кавказехь кхелхина уьнах 8 476 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь... Читать дальше...

СИЗО-хь латточу шина вешин могашалла дика яра аьлла адвокаташа

Radiomarsho.com 

ТIемалойн хьалханча лаьттинчу Бютукаев Асланан тобанарчу гIаттамхочунна гIо латтийна ву аьлла, бехкевинчу шина вашас Исаев Исмаила а, Магамадов Салехьа а могушллана латкъамаша ца бо, тIехьаьжна а дикачу хьолехь вара и шиъ аьлла, хааме даьккхина церан адвокаташа. ТIаьххьара ши кхиазхо гина шена Зазадокху-беттан 24-чохь аьлла, билгалдаьккхина "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанан" адвокато Немов Александра, "Кавказский узел" агенталло яздарца. "Могашалла ца ялхайора цу шиммо, лоьрин гIо оьшуш дац царна", - аьлла адвокато. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Александр Зверев

Зверев вышел в финал «Ролан Гаррос»






Бубнов: «Сборная Беларуси - безликая команда»

Спасатели помогли тонувшей в пруду на севере Москвы женщине

На ПМЭФ-2024 наградили рассказывающих о креативных индустриях журналистов

Колыванов: Карпин хорошо поработал со сборной России