Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 29.03.2021

Навальныйн накъостан Жданов Юрийн да лаьцна Ростовхь

Radiomarsho.com 

Коррупцица къийсам латточу фондан (Оьрсийчоьнан Iедало "арахьарчу агентийн" статусе яьккхина иза – ФБК, амма фонд цуьнца реза ца хилла – редакцин билгалдаккхар) директора Жданов Юрийс фейсбукехь хаам бина, шен 66 шо долчу дена Жданов Юрийна дуьхьал бехктакхам айбина белхан даржехь совваларна, кхело иза лаьцна изоляторе хьажийна, аьлла. Фондан директора шен дена дуьхьал бехк айбар "президентан администрацин ледараллин а, зуламаллин а керла кеп" ю аьлла, шена иза "нисдала тарлучу хIуманех уггаре луьраниг" дуйла а хоуьйтуш. Читать дальше...

Кадыровс еза "мерседесаш" елла шен клуберчу кхаа латархочунна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо КадыровРамзана совгIаташ делла латархойн "Ахмат" клуберчу кхаа спортхочунна. Уьш бу боксер Бетербиев Артур а, иэйинчу кепан латархо Бибулатов Мохьмад а, Дагестанера схьаваьлла самбист Хасбулаев Мохьамадрасул а. Царна елла Оьрсийчохь 6 миллион сом сов мах болу цхьацца Mercedes-Benz GLE машен. "Оха чемпионашца цхьаьна пайде, мехала къамелаш дира, республикера спортан дахар дийцаредина, хьехийра спорт кхиор эвсаре доккху агIонаш", – яздина Кадыровс шен "ВКонтакте" агIонтIехь. Читать дальше...

ГIаланашкахь –протесташ, полицехь – кхерамаш тийсар, школехь – буй-тIара, тур-тапча

Radiomarsho.com 

Навальныйгахьа болчу нехан акцин декъа язлуш бу къилбаседа-кавказхой; "тутмакхийн элин" Солтахановн зудчо арздина, полицерчу хьаькамо кхерамаш туьйсу аьлла; школехь хьехархочунна а, берийн гергарчарна а юкъадоьлла дов луьстур ду Нальчикерчу кхело

Шайн стаг веро протесте баьхна нохчий

Radiomarsho.com 

Нохчийн диаспорина тIе куьйгаш кхехьар шаьш ловр дац, бохура Францехь протестан гуламашка бевллачу нохчаша. Цуьнан бахьана дара Бретень регионан Ренн шахьарахь Зазадоккху-беттан 17-чохь 23 шо долу Лабазанов Хьамзат вер.

Навальныйгахьа болчу нехан акцин декъа язлуш бу къилбаседа-кавказхой

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Къилберчу массо а регионашкара векалш бу социалан машанашкахула Навальный Алексейн штабо шен набахтехь волчу лидеран-оппозиционеран агIо лоцуш дIаяхьа кечъечу акцешка хIитта кечлуш. Гулмашкахь дакъалаца дагахь шаьш хилар хоуьйту регионашкарчу кIоштийн бахархоша а, кегий ярташкарчу наха а. Навальныйн штабо яржийначу анонсо бахарехь, "Оьрсийчоьнан тIаьххьарчу исторехь уггаре боккха протестан гулам" бу хила безаш. Барам хIутту де къасталур ду, штабо бахарехь, митингашка арабовла луучийн... Читать дальше...

Школехь хьехархочунна а, берийн гергарчарна а юкъадоьлла дов луьстур ду Нальчикерчу кхело

Radiomarsho.com 

ГIебарта-Балкхаройчохь талламчаша кхеле делла Нальчикерчу цхьана школехь стохка Лахьан-баттахь хьехархочунна а, дешархочун гергарчарна а юкъа, герз а детташ, доьлла дов. Махкарчу Талламан комитетан урхаллин официалерчу сайто бахарехь, "могашаллина, дан ларам а болуш, юккъерчу барамехь зен дар" аьлла бу меттигерчу шина вахархочунна тIебаьхьина бехк. "Талламан версица, Нальчикерчу "Лицей №2" доьшийлехь волчу кIентан гергарниг 2020-чу шеран Лахьан-беттан 27-чохь цхьаьнакхетта шен накъостаца, дехна цуьнга шеца школе вар... Читать дальше...

Францехь бIеннаш нохчий гуламе бевлира шайн диаспорера стаг верца доьзна

Radiomarsho.com 

Нохчийн диаспорина тIе куьйгаш кхехьар шаьш ловр дац, бохура Францехь протестан гуламашка бевллачу нохчаша. Цуьнан бахьана дара Бретень регионан Ренн шахьарахь Зазадоккху-беттан 17-чохь 23 шо долу Лабазанов Хьамзат вер. Реннехь протетан гуламе араваьлларг вара 400 гергга стаг, Страсбургехь – 150 гергга, боху Францерчу хаамийн гIирсаша. Протестан коьрта бахьана дара, Лабазанов вер хьахош, полицино и зулам "наркотикаш юхкучийн" къийсамашца доьзна ду алар. "Тхуна шозза тухуш ю: цкъа – стаг вуьйш, юха – тхуна тIе ирча цIе хьарчош. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Стефанос Циципас

«Спартак» подарит Циципасу клубную футболку






Директор «Михайловского» стал участником международного проекта «Русские субботы»

Инвесторы построят детсад в районе Выхино-Жулебино

Работы по благоустройству провели на 12 объектах Москвы

Лучшие книги России сначала появляются в Таганроге