Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 19.03.2021

Bellingcat: керла тоьшаллаш карийна Хангошвили вер толлуш

Radiomarsho.com 

Украинерчу низамлардархошна керла тоьшаллаш карийна Хангошвили Зеламха вер толлучу бехктакхаман гIуллакхца доьзна. Шех Соколов Вадим олуш волу иза вийнарг Красиков Вадим Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашца юкъарлонехь хилар гойту цара. Оцу хьокъехь хаам бо Bellingcat, The Insider, Der Spiegel платформаша юкъахь арахецначу рогIерчу талламо. Украинерчу Iедалан материалашна тIе а тевжаш, журналисташа яздо, кхин цхьаццадерг доцуш, дIасакхехьийтинчу хаамашлахь, электронан йозанашлахь, USB-флешашца низамхошна... Читать дальше...

Адамийн бакъонийн Европан комиссара къамелдина Гезмахмаевца, ткъа Алаудинов вохийна Путина даржера

Radiomarsho.com 

Европан Кхеташонехь Оьрсийчоь декхарейо Нохчийчохь нах хIаллакбарх йолу информаци талла; "Кадыровна коьртах тIара тоьхна" инарла Алаудинов Апти даржера дIаваьккхина Путина; Нурмагомедов Хьабиба официалехь ерзийна шен UFC-ра карьера

Нурмагомедов Хьабиба официалехь ерзийна шен UFC-ра карьера

Radiomarsho.com 

UFC кепехь (дегIан яйн категорехь) чемпион волчу Дагестанерчу латархочо Нурмагомедов Хьабиба официалехь йитина шен карьера. Оцу хьокъехь яздо твиттерехь UFC-н куьйгалхочо Уайт Дэйна. "Иза 100% пенсехь ву. Хьан болх тергалбеш инзаре хаза хуьлура, баркалла хьуна доллучунна а, кхидIа хиндерг тергал а деш, садаIа ахь, доттагIа", — яздина Уайта. 32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. UFC-хь 2012-чу шарахь дуьйна вара иза, цигахь 13-зза тоьлла иза. Читать дальше...

Кадыровн онлайн-тIом. Шайн дIахьедарш оьрсийн матте стенна ца доху Нохчийчоьнан Iедалхоша?

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цхьа скандале дIахьедарш дечу заманчохь, - масала, бакъоларъярхошна кхерамаш туьйсуш, Iедалхоша журналисташна бехкаш дохку, шаьш бохург нохчийн маттера оьрсийн матте нийса ца дерзорна. Делахь а, регионан официалан ресурсаша массо а Оьрсийчоьнан аудиторина кхеташ хилийта хаамаш гоч ца бо оьрсийн матте. Бакъ ду, шен-шен рожехь йоллу репортажаш Iарбойн а, ингалсан а меттанашка-м йоху. Стенна къекхка Нохчийчоьнан урхаллехь берш шайн дешнаш оьрсийн матте гочдан? Читать дальше...

Европан Кхеташонехь Оьрсийчоь декхарейо Нохчийчохь нах хIаллакбарх йолу информаци талла

Radiomarsho.com 

Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула йолчу комиссара Миятович Дуняс Оьрсийчоь декхарейина "сихонца, озабезам боцуш, йозуш йоцчу кепехь талла" Нохчийчохь, кхел а йоцуш, нах хIаллакбарх лаьцна "Новая газето" яржийна информаци. Журналисташа бина хаам "дегIе зуздоуьйтуш " бу, аьлла Миятовича. "Оцу инзаречу зуламийн декъахьболу массо а нах, нагахь санна иза бакъ нислахь, церан официалерчу статусе ца хьоьжуш, жоьпе ийзо беза " аьлла Европан Кхеташонан комиссара дина къамел довзуьйту "Мемориал" центро... Читать дальше...

"Кадыровна коьртах тIара тоьхна" инарла Алаудинов Апти даржера дIаваьккхина Путина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран омрица даржера дIаваьккхина 2011-чу шарахь дуьйна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу урхаллин буьйранчин гIовс лаьттина инарла-майор Алаудинов Апти. ТIаьххьарчу хенахь иза наггахь бен ца нислора официалан барамашкахь – хуьлучу Iедалан, мехкан куьйгалхочун кхеташонашкахь. Инарла-майор Алуаудинов тIаьххьара хьахийна меттиг ю Британино санкцеш кхайкхош даьржина тептар. Лондон тешна ю инарла декъахь а волуш Нохчийчохь нах хьийзийна хиларх. 2019-чу шарахь "Новая газето" яздира... Читать дальше...

Ул-уллехь нислуш долу шалха элпаш

Radiomarsho.com 

Дукха хьолехь гIалаташ доху вай ул-уллехь нислуш долу шалха хьаьркех лаьтта элпаш яздарца. Муха нийса хир ду церан яздар?

"Кадыров вевза говзанча" хIоттийна Цхьаьнатоьхначу Штатийн Юкъарчу талламан урхалле (ЦРУ)

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьанатоьхначу Штатийн Конгрессан Сенато Бёрнс Уильям чIагIвина ЦРУ-н – Юкъарчу талламан урхаллин директоран даржехь. Массара къобалйина цуьнан кандидатура. Кестта дарж караоьцуш дуй буур бу Бёрнса. Зазадоккху-беттан юьххьехь Техасерчу сенатора-республиканхочо юкъахдаккхийтира Бёрнс даржехь чIагIвар, цо Джо Байденан администраци декхарейора Оьрсийчоьнан "Северный поток-2" ("Къилбаседа аса-2") газан биргIа Германе кхачорна духьал шогга санкцехь яха. Пачхьалкхан департаменто проектехь... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Даниил Медведев

Медведев вышел в 1/8 финала «Ролан Гаррос» — 2024






Жителям Подмосковья напомнили о недопустимости разведения огня в лесу

Михаил Боярский признался, что не стал бы артистом без Маргариты Тереховой

Главные дела и категорические запреты 2 июня, праздника святых Фалалея, Александра и Астерия и дня Тимофея Грядочника

Иркутские конькобежцы – в сборной России