Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 01.02.2021

Дешан маршо эшийна, «тIемалошна гIодинарш» лецна, ткъа Термезов вуьсу даржехь

Radiomarsho.com 

Социалан машанийн чулацамах лаьцна керла низам болх бан доладелла Оьрсийчохь; ГIалгIайчохь кхо вахархо лаьцна тIемалошна гIодарх йолчу шеконца; Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо бакъ ца до ша даржах мукъаволу бохург

"Оха машаран бартана кӀел куьг таӀийна". 90 шо кхаьчна Ельцин Борис вина

Radiomarsho.com 

Чиллан-беттан 1-чу дийнахь 90 шо кхочур дара Оьрсийчоьнан хьалхарчу президента Ельцин Бориса. Иза пачхьалкхан куьйгалхо хIоттарца баккхийн сатийсамаш бузура Нохчийчоьнан бахархоша. Хеталора демократин кеп йолчу, тоталитаран раж аьшнаш йинчу пачхьалкхо шен исторехь керла агIо схьайиллина аьлла. Амма Советан Пачхьалкх йоьхна масех шо даьлча тIамца чуеара Оьрсийчоьнан арми ша йозуш йоцуш хилар дIакхайкхийначу Нохчийчу. Дукхаха болчу нохчашна Ельцин висна эсехь и тIом болийна стаг санна. ХIокху масийтта... Читать дальше...

Шера чохь 20 сов тIемало вийна Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

2020-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь вийна 20 сов терризман машанийн декъашхо, дIахьедина Эскарийн оперативан дакъан буьйранчас инарла-лейтенанта Федорук Василийс. Уьш боцуш, лецна тIемалошна гIодарна 70 сов стаг а, лаха кхайкхийна волу Оьрсийчоьнан 480 вахархо а, хаам баржийна, Федорукна тIе а тевжаш, "Российская газето". Росгвардин, полицин а, эскарийн а белхан жамI ду Къилбаседа Кавказехь паргIато чIагIъялар, аьлла Федорука. Хьалхо хаам баьржира, амир Бютукаев Аслан а, цуьнан тоба а хIаллакьярца кхачийна Нохчийчуьра тIемалой, аьлла.

Мусаев Мурад хIоьттина Джумаевн адвокат

Radiomarsho.com 

Вевзаш волчу адвоката Мусаев Мурада ша Маршо Радиоца динчу къамелехь бакъдина, дуьхьалонан акцехь полисхошна дуьхьало а йина, Москвара ведча, лаьцна, изоляторехь латточу МГУ-н студентан Джумаев Сайд-Мухьаммадан ша официалехь юридикан агIо лаьцна хилар.

Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо бакъ ца до, ша даржах мукъавоккху бохург

Radiomarsho.com 

Массех телеграм-канало ша кеста дарж дуьту аьлла баржийначу хаамна жоп луш, иза  "эладита" бен кхин хIума дац, аьлла Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида. И хаам цо бина Чиллан-беттан 1-чохь Черкесскехь хIоттийначу пресс-конференцехь. Жоп доцуш дитина цо шега ша кхозлагIа а даржехь виса дагахь вуй аьлла дина хаттар. "Даржан хан чекхйолу Марсхьокху-баттахь. Нагахь санна президента а, бахархоша а кандидатура къобалъяхь, болх бийр бу кхидIа а, дукха бу регионехь бан беза болх", - аьлла политика. Читать дальше...

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 28 стаг. Цомгуш хилла кхин а 905

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла дийнахь-буса 28 пациент, цомгуш хилла кхин а 905 вахархо, хаам баржийна Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабо. Цо бахарехь, коронавирусах Краснодар-макхахь велла 19 стаг, ГIебарта-Балкхаройчохь – 3, Дагестанехь, Ставропол-махкахь, ГIалмакхойчохь – шишша. COVID-19 цамгар яьржинчу муьрехь цунах Къилбаседа Кавказехь велла 6 961 вахархо. Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а кхиина статистика иштта ю: Ставропол-мохк + 227 (42 711) Краснодар-мохк +... Читать дальше...

ГIалгIайчохь кхо вахархо лаьцна тIемалошна гIодарх йолчу шеконца

Radiomarsho.com 

ГIуран-беттан 31-чохь кхо вахархо лаьцна ГIалгIайчохь тIемалошца зIенехь хиларх йолчу шеконца. Ницкъхойн версица, Хашиев Адам а, Джандигов Ислам а, Джандигов Къурайш а хила тарло Росгрвардин белхахо Алиев Увайс вуьйш дакъалаьцна. Талламна хетарехь, 2020-чу шеран Марсхьокху-баттахь ГIалашканна гергахь байъинчу тIемалошна гIодеш хилла цара, яздо REGNUM агенталло. Оцу кхааммо шайн машенашца дIасалелийна тIемалой, гIо латтийна царна юучуьнца а, ахчанца, аьлла хета Iедалхошна. Вуьйцу кхоъ лаьцна, талламаш дIахьош вигина БуьритIе. Читать дальше...

Бераш дац, амма кегийрхой бу: Краснодарехь протестхойн юккъерчу хьесапан сурт гайтина социологаша

Radiomarsho.com 

Дечкен-беттан 31 Краснодарехь протесте бевллачу нехан юкъара сурт гойту социолаша – хаттамо билгалдоккху гуламан ах декъашхой 25-25 шераш долуш хилар, кхиазхо ву 100 протестахошлахь 5. Иштта ду Iедало магийна боцчу, ппозицин политикехьа Навальйный Алексейгахьа хIоьттинчу гуламехь жигархочо Калашников Ивана билгалдаьккхина статистикан юкъара сурт. "КIира хьалха бинера изза таллам Москварчу протестан гуламашкахь, кхетта со и сурт ерриг а Оьрсийчоьнна юкъара хиларх. Социум толлуш сайгара белхан дакъа а лиира-кх юкъадилла"... Читать дальше...

Пятигорскехь лаьцна Кавказ.Реалиин корреспондент. Редакцин декхар кхочушдеш, гуламехь видео йоккхуш вара иза

Radiomarsho.com 

Оппозиционеран-политикан Навальный Алексейн агIолоцуш Пятигорскерчу хIоттийначу протестан акцехь редакцино шена тIедиллина декхар кхочушдеш, видео йоккхуш Iаьчу хенахь Ленинан мйданахь лаьцна Кавказ.Реалиин корреспондент. Цуьнгахь редакцера белхан кехат а, декхар хьалхахIоттош яздина кехат а доллушехь, протокол хIоттийна, "алссам нах гулбарца юкъара низамалла дохор" олучу бехканна административан гIуда а тухуш. Рубинан урамерчу Пятигорскерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин гIаларчу декъехь... Читать дальше...

Социалан машанийн чулацамах лаьцна керла низам болх бан доладелла Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Тахана, Чиллан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчохь болх бан доладелла социалан машанех лаьцна керла федералан низам. Церан долахойн дезар ду лаха а, блокаш хIитто а махкахь магийна йоцучу контентана, хаам бо Радио Свобода портало, "Коммерсантъ" газетана тIе а тевжаш. ХIинца дуьйна дIа машанийн аренехь мегаш дац оьзда доцу къамелаш гучудовлийта а, магийна йоцучу митингашка ара довларе кхайкхамаш бан а, билгалдоккху газето. Хьалхо болх бан доладелира, Оьрсийчоьнан Iедало дукхачу хьолахь "Роскомнадзорана"... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Стефанос Циципас

Паула Бадос и Стефанос Циципас расстались | Виды спорта






Актуальное искусство: художница Женя Эйснер — в проекте «Сноба» «АртАкт»

Директор Сукачева Рогожникова опровергла слухи о его отказе от гастролей в РФ

В России работодатели повысили уровень предлагаемых зарплат

История дельфина, принесшего пользу всей природе