Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 22.02.2021

Шена уллохь нисвалар "сийлахь ду" аьлла Кадыровс украинхойн вице-премьере

Radiomarsho.com 

Абу-Дабехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу IDEX-2021 тIеман -техникан гайтамехь шена уллохь лаьттина Украинан вице-премьер Уруский Олег мила ву а ца хьара шена аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Карладоккху, дуьнено а санкцеш тоьхначу куьйгалхочуьнца уллохь сурта тIехь нисвеллачу вице-премьеран бехказвийла дийзира оршотан дийнахь. "Терго ян оьшу хIума дац и гIовгIа яьккхина дуьйцург. И скандале дерзийначаьрга ала дара сан: пайдабоцу хIуманаш ма леладе. Селхханалц Уруский мила ву хиъна а дац суна. Читать дальше...

Кадыровца сурт даьккхинарг "кхеле" озийна, Магасехь "хIума хуучу" зудчунна йиттина

Radiomarsho.com 

Кадыров Рамзанца цхьана сурта тIехь нисвеллачу Украинан вице-премьерера бехк баьккхина; Магасехь муьлш бу ца хуучу наха йиттина шайн махка еанчу зудчунна а, цуьнан хIусамдена а; дуьненан шина тIамехь беллачийл а сов нах белла коронавирусах Америкехь

Ветеранаш сийсазбечарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дахар хьехна Думехь

Radiomarsho.com 

Даймехкан тIамехь дакъалаьцна ветеранаш сийсазбинчунна бехкзуламан гIуллакх дуьхьал доккхуш, низамашкахь хийцамаш бар хьехна "Единая Россия" партин цIарах пачхьалкхан Думехь болчу депутатийн тобано. "Хаа а хууш, ветеранех лаьцна харц хаамаш нахала бахар а, ишта, церан "сий дайъар" а, "Даймехкан дуьхьа эгначийн сий, иэс" сийсаздар а" нацизм къобалъяр санна лара мегар ду", - аьлла Думан вице-спикеро Яровая Иринас. Низамашкахь тIетохарш дан реза хилла ишта тIеман комитетан куьйгалхо Шаманов Владимир а... Читать дальше...

Шайн бераш ненан маттах хер ца дан гIерта арахьа беха нохчий

Radiomarsho.com 

ЮНЕСКО вовшахтохаралло кхайкхийна Ненан меттан дуьненаюкъара де дара Чиллан-беттан 21-чохь. Оцу дийнахь 1952-чу шарахь, цу хенахь Малхбалерчу Пакистанехь йолчу Бангладешан Дакка гIалахь, шайн бенгали мотт пачхьалкхан мотт бар доьхуш арабевлла студенташ байъира Iедалша. ЮНЕСКО-н хаамца, Оьрсийчохь нохчийн мотт буьйцуш ву 1 миллион 330 эзар гергга стаг. Делахь а, иттех шо хьалха оцу вовшахтохаралло юкъатуьйхира иза бовш болчу меттанашна. Къасттина яккхийн халонаш хьоьгуш бу ненан мотт ларбарца махкал арахьа беха нохчий. Читать дальше...

Кадыровца цхьана сурт даьккхинчу шен гIовсера жоп дехна Украинан премьеро

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьана сурта тIехь муха нисвелла тIекхиаве ша аьлла Украинан премьер-министро Шмыгаль Дениса шен гIовс волчу Уруский Олеге. Новости агенталло бина цунах лаьцна хаам. Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь хIоттийначу Дуьненаюкъарчу IDEX 2021 тIеман техникан гайтамехь Уруский Кадыровца цхьана вогIуш даьккхина сурт хьалхо Фейсбукерчу шен аккаунтехь зорбане даьккхинера Шмыгаля. "Уруский Олегера маса жоп доьху ас", - аьлла, буха яздинера премьеро. Гайтам... Читать дальше...

Дуьненан тIемашкахьчул а сов нах белла Америкехь коронавирусан уьнах

Radiomarsho.com 

ХIопкинс Джонан Университетан сайтехь зорбане яьккхинчу статистикаца, Американ Цхьаьнатоьхначу  Штаташкахь коронавирусах беллачу нехан терахь ах миллионе гIоьртина. Дуьненан Хьалхарчу а, ШолгIачу а тIемашкахь а, Въетнамехь хиллачу а тIамехь эгначийл а дукха бу цигахь коронавирусан уьнах белларш, билгалдаьккхина Американ хаамийн гIирсаша. Worldometers сайтан зерашца, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь уьнах велла 500 эзар сов дархо. Коронавирусан ун даьлла а, цунах белла а  нах дукха хиларца... Читать дальше...

Шена йиттинчул тIаьхьа дагестангера дIавахана Навальныйн агIонча

Radiomarsho.com 

Оппозиционан политикан Навальный Алексейн штаб Дагестанехь схьеллар цкъачунна дIатеттина цхьана ханна. Штабан куьйгалле хIотта везаш хиллачу жигархочо Аблякимов Руслана дина цунах лаьцна дIахьедар. "Кавказский узел" агенталле цо дийцарехь, ша муьлхачу организацин цIарах ву лечкъа а ца деш, штабана лерина хIусам лоьхучу цунна массара а цхьацца бахьанашца дуьхьало йора. Цхьаъ реза хиллера цуьнга ханна мехах шен шIишло яла, амма куьйгаш яздечу дийнахь реза ца хиллера иза а, "шеца зIене нах бевллера" аьлла. Читать дальше...

Европерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраша дийцарш долийна, Навальныйца доьзна Оьрсийчоьнна санкцеш тохар

Radiomarsho.com 

Евробертан пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министраша Брюсселехь оршот дийнахь хиллачу цхьанакхетарехь дийцарш долийна, оппозицин политик Навальный Алексей колоне хьажорна тIехула Оьрсийчоьнна дуьхьал баха леринчу барамех. Навальныйна Iедал тIаьхьа далар политикан бух болуш ду аьлла хета Евроберта юкъайогIучу пачхьалкхашна. Цара кхайкхам бира, Навальный маьршаваккха аьлла, амма Кремло тIехтесира церан тIедиллар. Чиллан-баттахь Москвахь кхело сацамбира Навальныйна 2014-чу шарахь бозбуанчаллаш... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса велла ковидах 24 дархо. Ун даьлла 606 стагана

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 24 дархо, вирус къаьстина кхин а 606 стагаца. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла 14 дархо, Ставрополан кIоштахь - пхиъ, Дагестанехь - кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а - цхьацца кхелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьтана велла COVID-19 уьнах 7 687 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Краснодларан кIоштахь къаьсттина дукха бу цомгаш нах - 162 стаг. Краснодаран... Читать дальше...

Пал тосучу зудчунна а, цуьнан хIусамдена а йиттина ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан Магас шахьарахь муьлш бу ца хуучу наха йиттина шайн махка еанчу зудчунна а, цуьнан хIусамдена а, цул тIаьхьа церан машенна герзаш диттина. Хаамийн гIирсаша яздарехь, юьйцург ю кхечу махкара еана гоьяьлла "пал тосург". "Мальсаговн цIарахчу урамерчу тIекIелдинчу цIенна герга веана хилла  ВАЗ-2114 машенахь масех стаг, деш хилла къамел девне дирзина церан. Оцу цIа чохь петар лаьцна хиллачу зудчунна а, стагана а етта буьйлабелла уьш. Эххар а церан машенна тIе герзаш диттина", - хаам бина "Интерфакс" агенталло... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

«Титул, которым я горжусь больше всего»: Рублёв одолел Оже-Альяссима и выиграл второй турнир серии «Мастерс» в карьере






Только сутки. Эксперт рассказала, от какой болезни умирают 63% детей

Покататься на самокате и сдать нормы ГТО можно будет на фестивале «Московская весна»

Илья Миллер ведущий радиостанций «Европа Плюс», «Ретро FM» и «Дорожное радио»

«Ответственный и волнительный старт»: юные спортсмены из Нерюнгри готовятся к играм «Дети Азии»