Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 15.02.2021

Ичкерех къахкош, полице кхуьйлу кегийрхой, ткъа набахтехь нохчо вийна юха а

Radiomarsho.com 

Набахтехь Хугуев Халид верца доьзна дов айдина Талламан комитето; Гуьмсерчу полицин буьйранча ву кегийрхошна ницкъаша "евроичкерихой" къахьбеш; Нохчийчохь прокурор Iийначунна 15 миллион сом дала декхарейина кхело URA.RU сайт

"Новая газета": 2017 шеран Дечкен-баттахь иттанаш нах байъина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

"Новой газето" бинчу талламан жамIо бахарехь, документаша тоьшалла до Нохчийчохь 2016 шо доьрзуш, 2017-гIаниг долалуш лаххара а I09 стаг лаьцна хиларх. 20I7 шеран Охан-баттахь "Новая газето" Оьрсийчоьнан Талламан комитете кхачийра оцу махкахь вийначу 30 стеган цIе. Оцу нахах 27 вара Нохчийчохь 2016 шеран ГIуран-баттахь а, 2017 шеран Дечкен-баттахь а полицино лерина операцеш дIахьош лецначаралахь. Талламан авторийн аьтто баьлла лецначарна хадеш хиллачу нахалара теш карон. Цо даредина "Новой газето" вийцинчу 27-ннах лаххара а 13 вийна хиларх... Читать дальше...

"Цхьана дийнахь дарба лело а бен дац делла ахча"

Radiomarsho.com 

Бехктакхаман гIуллакх юкъахдаьккхинчул тIаьхьа хьакъ болу болх ца карош висна Нохчийчуьра Цетиев Хьусейн, ткъа кхелахоша цунна билгалъйина компенсаци ца тоьу дийнахь дарба лело а бен аьлла, дIахьедина кIентан нанас. СИЗО-хь могашалла телхина шен кIентан, цунна реабилитаци ян молханаш оьшу, аьлла "Кавказский узел" агенталлица шен хиллачу къамелехь Цетиевца цхьаьна лаьцна хиллачу Ражапов Хьамидан нанас а.

Набахтехь Хугуев Халид верца доьзна дов айдина Талламан комитето

Radiomarsho.com 

Приморск-мехкарчу № 27 набахтехь велла карийна 1999-чу шарахь Москварчу "Интурист" хьешан цIийнахь а, йохк-эцаран "Охотный ряд" базарахь а лелхийтарш кечдарна бехкевина хилла Хугуев Халид, яздо Радио Свобода сайто. Талламо бахарехь, конфликт иккхинчохь кхечу тутмакхо вийна Хугаев. Оцу хьокъехь хаам баржийна Оьрсийчоьнан Талламан комитетан регионерчу урхаллин сайто. Бехктакхаман гIуллакх гIаттийна стаг верца доьзна. "Чиллан-беттан 13-чохь колонин дарбадечу декъахь дов иккхина тутмакашна юкъахь... Читать дальше...

Нохчийчохь прокурор Iийначунна 15 миллион сом дала декхарейина кхело URA.RU сайт

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь кIоштан кхело 15 миллион сом охьадилла декхарейина махкахь прокурор лаьттинчу Залзаев Муратна URA.RU агенталлин сайт. Агенталлин юристаша арз хьажийна оцу хьокъехь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхеле – дов луьстур ду Чиллан-беттан 18-чохь, яздо оцу хаамийн сайто. 2017-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь хиллачу некъахьовзамах лаьцна бара URA.RU-н хаам. ХIетахь Хьалха-МартантIехь прокуроран гIовс волчу Залзаевн Toyota Camry а, "Лада Приора"а вовшахкхетарх лаьцна бара агенталло, Mash телеграм-канална а, Russia Today сайтанна а тIетевжаш арахецна хаам. Читать дальше...

"Ахмат Арено" VIP-хьешашна 6 миллион соьманна юург латтор ю

Radiomarsho.com 

Футболан "Ахмат" клубан цIерачу мачташкахь юург латторах йолу тендор ерзийна Нохчийчохь. Кхача латтош 5,95 миллион сом дайъа дагахь ю йозуш йоцу "Кадыров Ахьмадан цIарх йолу спортан комплекс". Чиллан-беттан 13-чохь комиссино ладоьгIна и тендор долаэца луучу фирманийн дайшка. Белхан Iалашо ю Нохчийчохь хинйолчу 17 матчехь хьешашна совгIатна "Ахмат Арена" олучу стадионехь 20 VIP-хоийлашкахь а, мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна леринчу "А" трибунин лаккхарчу тIегIанарчу VVIP-хоийлехь а кхача хилийтар. Читать дальше...

Каталонехь хиллачу харжамашкахь толам баьккхина сепаратисташа

Radiomarsho.com 

Каталонин регионан парламентан харжамашкахь толам баьккхина и регион Испанех дIакъастарехьа болчу агIончаша. 98 процент кхаьжнаш дагардинчул тIаьхьа "Каталонин аьррохьара республиканхой" партина елла 33 мандат. Регионан лидер хиллачу, 2017-чу шарахь йозуш йоцу пачхьалкх хилаирехула референдум дIаяьхьначул тIаьхьа Испанин Iедалх ведда волчу Пучдемон Карлеса куьйгалла дечу "Цхьаьна Каталонехьара" партин каракхаьчна 32 мандат. 135 депутатах лаьттачу "Халкъан цхьааллехьа кандидаташ" партина кхаьчна 9 мандат. Читать дальше...

Гуьмсерчу полицехь юьхьъяьхна "евроичкерихошкахьа" болчу кегийрхойн

Radiomarsho.com 

Чоьхьрчу гIуллакхийн министраллин Гуьмсан кIоштан декъан куьйгалхочо Чалаев Исхьакъа Инстарграмехула яржийна кхаа жимчу стаганна дов деш видео. Цо кегийнах бехкебо Нохчийчуьрчу Iедална критика еш болу "евроичкерихой" къобалбарна. «Кхетош-кхион» Чалаевна тIебигинарш бу: цо ша бовзийтарехь, Азиев Жебар, Эскиев Юсуп, Тахиров Бекхан. "Евроичкерийцашкахьа мел волчунна хаа деза церан идеологино вайн халкъанна зулам динийла. Ценан хенахь йолчу политикано магадора муьлххачу а туканахь къаьркъа дохка... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Рублев о победе на "Мастерсе" в Мадриде: у меня нет слов






Посол КНР в РФ Чжан Ханьхуэй: в Китае приветствуют планируемый визит Путина

Собянин поздравил Путина со вступлением в должность президента

Сборная Новгородской области заняла третье место на чемпионате России по дартсу

Сделайте свой дом еще красивее: Лучшие отделочные материалы по выгодным ценам