Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 10.02.2021

Европан адамийн бакъонашкахула кхело гIодаьккхина Новгородехь лачкъийначу шина кIантехьа

Radiomarsho.com 

Новгородехь лачкъийна вигинчу нохчийн шина кIантана адвокаташ а, лоьраш а гергарнаш а тIебита аьлла, Оьрсийчоьнна тIедиллина Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхело. Церан могашалла а, дахар а кхерамечу хьолехь хилар бакъдина кхелахоша.

"Марша догIийла Нохчийчу" цIе йолу фильм "Оскаран" шорт-лист юкъаяхна

Radiomarsho.com 

"Марша догIийла Нохчийчу" цIе йолу, гейшна тIаьхьабовларх яьккхина кино "Оскар" совгIатан шорт-листа юкъаяхна. Американ кинематографин исбаьхьаллан а, Iилманан а Академино зорбане даьккхина номинантийн тептар. Франс Дэвидан документалан филм стохка аьхка Американ НВО телевизионан платформе яьллера, цул хьалха Цхьаьнатоьхначу Штатийн Sundance кинофестивалехь гайтира. Кинон коьрта турпалхой бу, Нохчийчуьра дIабаха хьийза ЛГБТ-юкъараллан декъашхой. Оьрсийчохь официалехь йовзийтира кино стохка ГIуран-беттан 16-чу дийнахь. Читать дальше...

"Они и сами, кажется, были рады начать все сначала". Власти Чечни отрапортовали: им удалось воссоединить 2000 семей

Radiomarsho.com 

В семье Митаевых (фамилия изменена) из Шали в эти дни праздник. Луиза и Казбек через 16 лет пребывания в разводе решили сойтись снова в единую семью, чтобы вместе растить детей, а уже и внуков. Луиза и Казбек знают друг друга с детства. Вместе ходили в школу, хотя учились в разных классах. После школы поженились. Было это в 1997 году, сразу после войны. Несмотря на послевоенную разруху, родители Казбека устроили красивую свадьбу. Своего жилья у молодоженов не было, и как обычно бывает, пришлось жить в родительском доме. Читать дальше...

ЦӀаьххьана алсамдаьлла Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а доьзалш къестар

Radiomarsho.com 

ДIадахначу шарахь Къилба а, Къилбаседа Кавказан федералан гонашкахь а дикка лахделла доьзалш кхоллар, йоллу Оьрсийчохь а санна. Делахь а, къестарш алсамдевлла го Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а. Терахьашца аьлча, стохкалерачу II баттахь 770 эзар зуда ялийна меттиг бу, иштта 564 эзар доьзал боьхна, хааамбо Росстато. Краснодаран кIоштахь дукха доьзалш кхоьллина (33 эзар доьзал, 20I9-чу шарца дуьстича 79%), Ростовн кIоштахь (20 эзар, 78%), Дагестанехь (I4 эзар, 93%). Оцу юкъанна, Кавказан массо а регионашкахь... Читать дальше...

"Кавказан Имаратна" ахчанаш гулдеш хиллачу нохчашлахь талламаш бина Бельгехь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь йихкинчу  террорхойн организацешна, шайлахь "Кавказан Имарат" а йолуш, ахча вовшахтухуш хиллачу гIоьналлин юкъараллан 28 белхахошлахь талламаш дIабаьхьна пачхьалкхехь, яздо Бельгин зорбанаша. Доккхачу декъана, талламаш бина  Фландрин малхбузерчу декъехь. Дукха хьолахь "Кавказан Имаратан" агIончех хьакхаелла рейдаш. КIира хьалха листина цара и нах, амма талламаш бечу юкъанна, информаци Iораяьккхина ца хилла. Делахь а, лаьцна вигина стаг а вац. Хьалхо хааме даьккхира, Нохчийчохь тIемалойн тоба хIаллакъйина... Читать дальше...

Полисхошна дуьхьлоечарна гIуданаш лакхадаьхна депутаташа

Radiomarsho.com 

Полицин белхахоша аьлларг цадинчунна тухучу гIуданийн барамаш лакхабохуш низаман проект тIеэцна пачхьалкхан Думано тIаьххьарчу ладегIаршкахь, яздо парламентан лахарчу палатан сайтехь. Эзар соьма тIера деа эзаре гергга гIуда кхачор ду тIейогIучу заманчохь низам ца лардинчунна, шолгIа а цуьнгара ледарло ялахь - 20 эзаре гIуртур бу гIуданан барам. Цул совнах, низаман проектца а догIуш, кхелахойн бакъо хир ю бахархошна 20 эзар соьмана гIуда тоха, ткъа юридикан статус йолуш волчунна 200 эзар сом гIуда тоха магор ду... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса уьнах 32 дархо велла. Вирус къаьстина кхин а 804 стагаца

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 32 дархо, вирус гучуяьлла кхин а 804 стагаца. Оперативан штабан информацица, Краснодаран кIоштахь велла 17 стаг, Ставрополан махкахь - пхиъ, Дагестанехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а кхоккха, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а шишша пациент кхелхина уьнах. Верриг а Къилбаседа Кавказехь эпидеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах 7 283 стаг. ТIаьххьарчу дийнахь-буса динчу зерашца, къаьсттина дукха бу цомгаш нах Ставрополан кIоштахь - 216 дархо. Читать дальше...

Висмурадов: Къаьркъа мелла стаг хIаллаквийр ву-кх вай (+видео)

Radiomarsho.com 

Къаьркъа мелла каравеана стаг "хIаллаквийр" ву аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан вице-премьеро Висмурадов Абузайда. Лацарал совнах, цунна гIуда а тухур ду, машен лело бакъо а схьайоккхур ю, кхин а тIе таIзарш а лелор ду аьлла цо.  "Къаьркъа мелла стаг дIавахийта ца веза, иза чуволла веза, гIуда тоха деза, массо а хIума а тоха еза, цунна цхьа а пощада яц. ХIаллаквийр ву-кх вай къаьркъа мелларг, дополнительно вай еш йолу наказани а йийр ю, вай наказани муха йо, вайна ма хаьа", - элира Висмурадовс социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Свентек переиграла Соболенко и выиграла титул WTA в Мадриде






Ряд улиц перекроют в центре Москвы из-за инаугурации президента

«Зачем я его прощала?». Якутянка, которой бывший отрезал ухо и нос, рассказала про злополучное утро и планы на будущее

Покататься на самокате и сдать нормы ГТО можно будет на фестивале «Московская весна»

Масштабная утечка: хакеры взломали сервера Минобороны Великобритании