Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 23.02.2021

Боьхначу даймахка маршаллица. Депортацехь хиллачу нохчочун дийцар

Radiomarsho.com 

Сталинан депортаци – Оьрсийчуьрчу къаьмнийн йоьрзуш йоцу чов. 77 шо кхочу нохчий а, гIалгIай а шайн доьзалийн дакъош мацалла, шелонах деллачу Юккъерчу Азе дIакхалхийна. Ша, нохчо а, шен доттагI гIалгIа а депортацин шерашкахь Соьлжа-ГIаларчу боксан турнире хьажорах а, шаьшшимма юхавоьдуш шаьш даймахкара латта дахьар а догалоьцу нохчийн Гермачик юьртарчу Бетишев Хьусайна. Билгалдаккхар: Советан Iедало депортаци йира итт къоманна: корейхошна, немцошна, финнашна-ингерманландхошна, кхарачошна, гIалмакхошна... Читать дальше...

ГIалгIайчуьра тезет, Нохчийчуьра даздарш

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь тезетан барамаш бу, ткъа Нохчийчохь даздо Турслочун де; шаьшиъ говза "дарбанча" ю баьхна ши зуда лаьцна Нохчийчохь; Кадыровца сурт даккхийтинчуьнга украинхой къинтIера баха аьлла

Беллачийн синош самалха даха

Radiomarsho.com 

ДуьнентIерачу массо а нохчашкара таханенан масал а оьцуш, шайн къам махкахдаккхар дагалаца, беллачийн синош сагIанца самалха даха, Новгородан кIоштарчу Боровичи гIалахь, Хаджимурадов Им-Iелин хIусамехь гулбелира гонахарчу меттигашкахь беха нохчий. Цигахь хилира Маршо Радион корреспондент.

Репрессеш лайначу нохчашна тIехIоьттина Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуран хилла талламхо. Нохчийчоьнан Iедалхой тIе ца тов цунна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуран хиллачу талламхочо Степанов Игора хьехна Нохчийчоьнан шахьарахь бехачу нахана, меттигерчу Калининан цIарах йолчу гIалах хоттаеллачу эвлан цIе хийцар Дайн Иэсан цIарца. 1944-чу шарахь Юккъерчу Азе хьажийначу нохчийн иэсан сий дайъар санна ду аьлла хета Степановна, Калининан цIарах и меттиг йитар. ХIетахь Лакхарчу Советан президиуман куьйгаллехь хиллачу Калинин Михаила куьйгъяздинера "Нохч-ГIалгIайн АСССР дIайохорах" кечдинчу омрана. Оцу документа тIехь цо билгалдаьккхинера... Читать дальше...

«Тхаьш дара тхо оцу жоьжахатехь»

Radiomarsho.com 

ГIойтIара яхархочо Темирбулатова Асмаъа, тахана шен 90 шо делахь а, сахьташкахь дуьйцу нохчий махкахбахарх лаьцна. Тахана санна дагахь лаьтта цунна Юккъерчу Азехь ша а, шен гергарчара а, эзарнаш махкахоша а лайна бала.

Вайнах махкахбаьхна 77 шо. ГIалгIайчохь - тезетан барамаш, Нохчийчохь - даздарш

Radiomarsho.com 

Сталин Иосифан омраца 1944-чу шарахь Чиллан-беттан 23-чохь нохчий а, гIалгIай а Юккъерчу Ази дIахьовсийра, ямартлонна бехкебина. "Чечевица" цIарца йолийначу операцица 500 эзар сов стаг махках ваьккхира. 2004-чу шарахь Европерчу парламенто геноцид ду аьлла, тIечIагIдира хилла зулам. И къемат де дагалоцуш ГIалгIайчохь кеп-кепара барамаш бу дIахьош. Коьрта акци –цу хенахь беллачийн сий деш Наьсарахь хIоттийначу "Исс бIав" мемориалан комплексна хьалха йоьду митинг ю. Оцу акцехь дакъалецира мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас а... Читать дальше...

Дарбанхо ю шаьшшиъ бохуш, нах Iехон ши зуда лаьцна Соьлжа-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Iаламат йоккха говзанча ю шаьшшиъ бохуш, дарбанаш лелон Дацаева Iайнаъ а, Умарова ПетIимат а лаьцна Соьлжа-ГIалахь полисхоша. Шаьшшимма дарбанаш до бохуш, лелочу гIирсаца уггар а гомха хIуманаш а, могушаллина кхерамечу ритуалех а цхьана пайдаоьцуш хилла цу шиммо. Динан дайн а, бакъоларъяран хьукматийн белхахойн а гIоьнца аьтто баьлла церан "болх" юкъахбаккха а, ши зуда лаца а, яздо меттигерчу хаамийнн гIирсашкахь. РогIера "хIумахуург" – Соьлжа-ГIаларчу Висаитовн кIоштара яхархо Долуева Зина – Iораяьккхира "Грозный" телеканалан эфирехь. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса уьнах велла 24 дархо. Вирус къаьстина кхин а 535 стагаца

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 24 дархо, вирус хааелла кхин а 535 вахархочуьнца. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 16 пациент, Ставрополан махкхаь – пхиъ, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а цхьацца велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандемин мурехь велла 7 701 стаг. Къаьсттина дукха бу, тIаьххьарчу дийнахь-буса, ун даьлла нах Краснодаран кIоштахь – 157 стаг. Краснодаран мохк + 157... Читать дальше...

Кадыровна уллохь нисвеллачу вице-премьере къомана хьалха бехк ца биллар деха аьлла

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкърачу тIеман-техникан IDEX-2021 гайтамехь Оьрсийчоьнан делегацина хьалха ваьллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна улло ваьлла латтарна къоме бехк ца биллар деха аьлла, кхайкхам бина Украинан арахьарчу гIуллакхийн хиллачу министро Климкин Павла. "Протоколах бехказло ян ца оьшу, украинхошна хьалха жоп дала деза хиллачух. Протоколехь яздина хIуъа а хила тарло, ткъа политикна тIехь дуьсу жоьпалла", - аьлла, билгалдаьккхина Климкина "Обозреватель" хьостана еллачу интервьюхь. Цо бахарехь... Читать дальше...

Къам махках даккхар хьахийна юха а Кадыровс

Radiomarsho.com 

"Инзаречу, адамалла йоцучу зуламан" декъах хиллачу нохчийн а, гIалгIайн а исторехь хIоьттинчу бохаман дийнах лаьцна пост хIоттийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен ВКонтактерчу аккаунтехь. "Къилбаседа Кавказехь тахана дагалоьцу 1944-чу шеран Чиллан-беттан 23-чохь нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш Сталинан омраца махках дохуш белларш а, цигахь хало лайнарш а. 77 шо кхечи тахана", - яздина Кадыровс. Хилларг "къизалла яра", "халкъана тIехь ницкъ бар", "немцойн оккупанташца юкъарло лелийна" аьлла... Читать дальше...

77 шо кхаьчна нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш махкахдаьхна

Radiomarsho.com 

Тахана, Чиллан-беттан 23-чохь, 77 шо кхаьчна нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш махкахдаьхна. И бохаман де дагалолуш цхьамогIа цхьаьнакхетарш а, сагIанаш дахар а, дагалецамийн суьйренаш а д1аяхьа дагалаьцна Европехь а, Америкехь а, Азерчу пачхьалкхашкахь а бехачу вайн махкахоша а, церан накъосташа а. Нохчийчохь къам дохийна де дагалацар дихкина ду 2011-чу шарахь дуьйна. Иза дIатеттина Стигалкъекъа-беттан 10-че. Чиллан-беттан 23-чу дийнахь республикехь даздеш ду Оьрсийчоьнан дезаденош, ша аьлча Даймехкан бIаьхочуьнан де. Читать дальше...

"Персивирэнс" Марс тIе охьахууш яьккхина видео гайтина NASA агенталло

Radiomarsho.com 

Американ NASA космосан агентталло шен сайта тIехь дIахIоттийна Чиллан-беттан 18-хь Perseverance олу ровер Марс тIе охьахууш яьккхина видео,хаам бо Свобода Радионо портало. Видео дIаязъина аппаратан тайп-тайпана меттигашкахь дIахIоттийна хиллачу масех камеро. Видео яккха йолийна Марсна тIекхача 11 килиметр йиссинчхенахь. Гуш ду кхечу планети тIе цкъа а кхаьчна йоцу уггар йоккха парашют дIасаеллалуш.   "Персивирэнс" ровер охьахиъна диаметрехь 49 километр йолчу Езеро кратерехь. Iилманчашна хетарехь, иза цхьана хенахь юьзна хилла хих.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Стефанос Циципас

Паула Бадос и Стефанос Циципас расстались | Виды спорта






План повышения тарифов в России придумали ещё до утверждения нового состава правительства

Майский снегопад начался в Москве

Владимир Путин официально вступит в должность Президента России

Вильфанд: во всех регионах ЦФО с 7 по 9 мая будут заморозки