Украинехь вийначу кхин а масех нохчочух дийца даьккхина
Оппозицин нохчийн блогерша а, телеграм-каналаша а хаамаш бо Украинехь байъинчу Нохчийчуьрчу эскархойх. Туркойчохь вехачу Халитов Хьасана зорбане яьхна, байинчийн гергарчара а, бевза-безачара а кадамаш беш зорбане даьхначу суьртийн скриншоташ, яздо Кавказ.Реалиино.
Иштта яржийна, нохчийн маттахь зудчо, шен виъе а кIант вийна бохуш, дуьйцу аудиош.
"Хьо цуьнга сатуьйсуш Iа, цхьаммо а бехкаш ца доху хьоьгара. Виъ кIант дIаваоьллина ас айса а. Дала тIаьхьакхиайойла хьо царна! Массо а кIант дийна, могуш цIа верзавойла", - боху зудчо.
Халитовс дIахьедина, шегарчу хаамашца, оцу аудио тIехь къамел дечу зудчун виъ кIант Украинехь дIакхелхина ву аьлла.
Нохчийн эскархой байъарх хаамаш баьржина иштта вацапан чаташкахь а, иштта инстаграм-аккаунташкахь а.
Зорбане яьхначу скриншоташ тIехь гуш ю тIетегначу асанаш тIера масех нохчийн фамилеш, чIагIдарехь, байъинчу салтийн. Оцу заманчохь Украинан дозана тIехь Оьрсийчоьно тIеман агресси йолийчхьана официалехь бинчу хаамашца, Нохчийчуьра бигначех шиъ бен кхалхарх хоуьйтуш дац.
Украине гIоьртинчу заманчохь оьрсийн тIеман гIуллакхдархой байъарх дIахьедира Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс а, ГIалмакхойчоьнан урхалхочо Хасиков Батус а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Казбека а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас а, Краснодаран мехкан губернаторо Кондратьев Вениамина а, Астраханан кIоштан губернаторо Бабушкин Игоря а.
Зазадокху-беттан 6-чохь хааме даьккхира, Дагестанера кхин а мел кIезиг а, кхоъ вийна Оьрсийчоь Украинана тIелеттачохь аьлла. Дагестанан Табасаранскан кIоштарчу Хучни эвлара ву шиъ, цхьаъ Карабудахкентан кIоштан вахархо ву. Меттигерчу администрацеша официалан агIонашкахь дIахьедина уьш кхалхарх.
Украинан тIеман эскарийн инарла штабо довзийтира, Оьрсийчоьнан байъинчу эскархойх карладаьхна ларарш Зазадокху-беттан 7-чохь ВСУ-но хаамбира, Оьрсийчоьнан агIор 11 эзар стаг вийна аьлла, лазийнарш оцу тептарехь цахилар билгалдоккхуш.
Оьрсийчоьнан тIеман министралло бакъдира Чиллан-беттан 27-чохь Оьрсийчоьнан эскархошлахь эшамаш хилар, амма билггал долу терахь ца далийра.