Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2022
1 2 3 4
5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28
29
30 31

Новости за 15.03.2022

Нохчийчуьра полисхо велла карийна Нижний Тагилехь

Radiomarsho.com 

Нижний Тагилан Тагилостроевскан кIоштан талламан декъехь листа долийна нохчийн экс-полисхо №13 йолчу набахтехь кхалхар. Меттигерчу ГУФСИН-о хаамбина, хеназа хIоттийначу жамIаца валаран бахьана - суицид. EI.ru сайтан регионерчу ГУФСИН-ра хьостан хаамца, веллачу полисхочун 44 шо дара, Дагестанехь вина вара иза, нохчийн нуьцкъаллин урхаллашкахь болх бина а вара эпсаран тIегIанехь. Цунна хан туьйхира дахна шо чекхдолуш, "ЦIен бад" цIе йолчу полисхойн набахте вигира иза Дечкен-баттахь. "Иза вуно реза вацара шен тоьхначу ханна ... Читать дальше...

Янгулбаев Абубакаре дуьххьара кехат кхаьчна дIалаьцначу ненера

Radiomarsho.com 

Мусаева Заремаc – бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нанас, Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелан хиллачу суьдхочун Янгулбаев Сайдин зудчо – дуьххьара кехат яздина шен кIанте Соьлжа-ГIалара СИЗО чуьра. Цо шен телеграмерчу каналехь гайтина иза. Мусаевас дуьйцу, шега дуьненан маьIIашкара кехаташ кхачарх лаьцна, довха дешнаш олуш, берриг доьзалах баккхийбер а хоуьйтуш. Ша кхин кхаа зудчуьнца камерехь латтош ю, шега уьш дика хьожу шен лазар бахьанехь, бохуш яздо цо. Иштта цо билгалдоккху, СИЗО-н белхалой тергаме а бу, шеца дика юкъаметтиг а лелайо. Читать дальше...

Украинана Оьрсийчоь тIелетар ю аьлла, 27 шо хьалха дIахьедина хиллера Дудаев ДжовхIара

Radiomarsho.com 

Къобал ца йинчу Нохчийн республикан Ичкерин президента Дудаев ДжовхIара 27 шо хьалха дIахьединера, Оьрсийчоь Украинана тIелетар ю аьлла. “Тасадаларш хир ду Украинан Оьрсийчоьнца. Русизм ехаш мел ю, иза цкъа а ера яц шен амбицех. ХIинца славянийн маркица яхначу заманашкахь а санна, шайн куьйгакIел ерзон гIерта юха а Украина а, Белорусь а, – бехира политика.

Кадыров Рамзан Украине вахна бохург бакъдан ца хIоьттина Кремль

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Украине вахна бохучун цхьа а тоьшаллаш дац Кремлан. Цунах лаьцна дуьйцу РБК-но президентан пресс-секретарана Песков Дмитрийна тIе а тевжаш. Песковс журналисташна хьехна, кхетораш Нохчийчоьнан куьйгалхочуньгара шегара дехар, хIунда аьлча, цунна хетарехь, Кадыровс ца аьллера ша Украинехь ву. Хьалхо оьрсийн Iедалехьа йолчу телеграмерчу каналашкахь ларми чохь дIаязйина шина минотехь йолу видео гIаръяьккхира, оцу тIехь дIахьочу тIеман кхеташонехь дакъалоцу Кадыров Рамзан а гойтуш. Читать дальше...

Туркойчуьра къилбаседа кавказхой тIамна дуьхьала хилла

Radiomarsho.com 

Туркойчуьра къилбаседа кавказхойн диаспоро оьрсийн эскарш Украинана тIелатар емалдеш биллина кхайкхайм бина, вовшахтоьхначу диаспорийн сайта тIехь арахецна ду кехат. Кехатан авторша Къилбаседа Кавказера бахархошка кхайкхам бина, къаьсттина нохчашка, цара билгалдаьккхина, кхечу Оьрсийчоьнан регионашца юьстича, тIамна дуьхьало ярехь башха сема ца лела республикашка. "Тхо кхеташ ду, оха юьйцу республикехь нах хьийзор а, социалан Iаткъам гуттара чIогIа хиларна, иза кхечу Оьрсийчоьнан регионашца юстийла дац. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Дарья Касаткина

Теннисистка Касаткина заявила, что скучает по России, но пока не может приехать






Короткие дожди и грозы: синоптик Леус рассказал о погоде в Москве 26 апреля

Бесстыжие ванны и сон в лесу. Эксперт рассказала, куда поехать на майские

Сотрудники Росгвардии задержали мужчину с наркотиками в Москве

В ЦАО и ЮВАО в Москве временно закроют подземные пешеходные переходы