Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2022
1 2 3 4
5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28
29
30 31

Комбата ЧIебирлойн Муслима кхайкхамбина нохчашка а, гIалгIашка а, арахьарчу легионах дIакхета аьлла

0
Комбата ЧIебирлойн Муслима кхайкхамбина нохчашка а, гIалгIашка а, арахьарчу легионах дIакхета аьлла

Оьрсийчоьнна дуьхьала украинхойн къомо бечу тIамах схьакхета аьлла, кхайкхамбина шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан командиро ЧIебирлойн Муслима нохчашка а, гIалгIашка а. Цуьнан кхайкхам фейсбукерчу шен пена тIехь зорбане баьккхина Нохчийчоьнан экс-президентан Масхадов Асланан кIанта Масхадов Анзора.

"Доллу маьршачу, прогрессиван адамаллин кхолламан йист йоккхуш ю тахана, хIора маршо езачу стеган бакъо яц юьстах Iен, - яздина ЧIебирлойн Муслима. – Оха кхайкхамбо цаьрга, Украинан президентан Зеленский Владимиран сацамца кхоьллинчу арахьарчу легионах схьакхета".

Цо бахарехь, и вовшатохаралла ерриг а муьтIах хир йолуш ю ВСУ-на, ткъа хIора шен лаамехь схьакхеттачун бакъо хир ю легалехь Украинехь хан яккха.

Иштта ЧIебирлойн Муслима кхайкхамбина кадыровхошка а, "оьрсийн салтийн барзакъца Украине нах байъа баьхкинчаьрга" а, карадуьйла, шайн синош кIелхьардаха а, "бехйина цIераш цIанъян а".

"Со кхета, шайн лаамехь ца баьхкинарш а бу шуьца, шайн дагца тIамна дуьхьал долуш. Цундела, оха хьоьху шуна цхьаъ бен боцу нийса сацам тIеэцар – карадахар. Цу тIе оьрсийн эскархой тIетаьIIина караоьхуш бу, оцу тIеман тIаьхьало йоций а хууш", - чIагIдо комбато.

Нагахь санна, Нохчийчуьра эскархой кхин дIа а Оьрсийчоьнан агIор тIемаш беш хилахь, "Далла хьалха а, мискачу нахана хьалха а шайн боьха, маьIне доцург маьрша къам хIаллакдечун алапа дуьхьа дара, къаьмнийн чалтачашна дуй баарна дара бохуш, бехказабийла хьийзар болчарна кхерам тесна Муслима, церан некъ моргехь кхачор бу аьлла.

2014-чу шарахь кхоьллина ю Шейх Мансуран цIарах батальон Донбассехь. Иза вовшахтухучу хенахь доккхаха долу дакъа нохчех дара. ТIаьхьо цу юкъа эха буьйлира кхечу къаьмнийн векалш а. Иштта украинхойн армигахьа дакъалоцуш ю герзашца вовшахтоьхна, шайн лаамехь вовшахкхеттачех йолу Дудаев Джохаран цIарах батальон а.

Стохка Стигалкъекъа-баттахь Украинан президенто Зеленский Владимира тIечIагIдира омра, Кавказера схьаваьллачу 700 гергга вахархочунна дуьхьал санкцеш йохуш, бара царлахь хьалха а, хIинца шейх Мансуран цIарахчу батальонехь хилла виъ тIемало а. Санкцийн тептаре баьхначу, Украинера боцчу бахархошна депортаци ян могуьйтура оцу указо.

Хьалхо Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь ЧIебирлойн Муслима дийцира, шен мостагI мила ву а, Кадыров шена дош хIунда ца хета а, Нохчийчуьра байинчу ницкъахойх Москвано дIахьедечу терахьех теша стенна мегар дац а.

Чиллан-беттан 24-чу буса Оьрсийчоь тIелетира Украинан дозанашна. Зазадокху-беттан 9-чохь – дейттолгIа дей-буьйсий ду тIемаш лаьтта. Доллу шинарин дийнахь оьрсийн эскархоша герзаш деттара Николаев гIалина, лелхийтарш хезара Киевехь а, Сумыхь а, кеманашца тохарш дира Украинан кхечу гIаланашна а, ярташна а. Украинхойн иччархоша хаамбина, Харьковна гергахь оьрсийн инарла-майор, 4I-чу эскаран буьйралла дечун гIовс Герасимов Виталий верах. Официалехь и хаам тIечIагIбеш Оьрсийчоьнехьара информаци яц.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Ига Свёнтек

«Ну и кто сказал, что женский теннис — это скучно?» Свёнтек — после матча с Соболенко






"Поезд Победы" в Магнитогорске вызвал большой ажиотаж

Литературный фестиваль в Астрахани встретит литераторов из Беларуси и стран Прикаспия

Прокуратура: сотрудники автомойки угнали автомобиль клиентки в Москве

Воробьев поздравил с Пасхой прихожан Храма Рождества Иоанна Предтечи