Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2022
1 2 3 4
5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28
29
30 31

Туркойчуьра къилбаседа кавказхой тIамна дуьхьала хилла

0
Туркойчуьра къилбаседа кавказхой тIамна дуьхьала хилла

Туркойчуьра къилбаседа кавказхойн диаспоро оьрсийн эскарш Украинана тIелатар емалдеш биллина кхайкхайм бина, вовшахтоьхначу диаспорийн сайта тIехь арахецна ду кехат.

Кехатан авторша Къилбаседа Кавказера бахархошка кхайкхам бина, къаьсттина нохчашка, цара билгалдаьккхина, кхечу Оьрсийчоьнан регионашца юьстича, тIамна дуьхьало ярехь башха сема ца лела республикашка.

"Тхо кхеташ ду, оха юьйцу республикехь нах хьийзор а, социалан Iаткъам гуттара чIогIа хиларна, иза кхечу Оьрсийчоьнан регионашца юстийла дац. Амма тхуна ца догIуш хета юкъараллин хьалханчаш бу шаьш бохучу, оьрсийн эскарийн тIелатар низаме дерзон гIертачу гIуллакхдечара лелориг", - аьлла ду къамелехь.

Туркойчуьра диаспорана хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана оцу тIамехь жигара дакъалацар – иза "нохчийн историн юьхьIаьржо ю". Кехат яздинчара шайн тешна хилар хаийтира, "нохчийн къам оцу сийсазе администрацин а, цуьнан Iазапе режимна а кIелхьара дериг хилар".

Цул сов, Къилбаседа Кавказан Туркойчуьра диаспоро "герз меттана карахь ручка лелочу" артисташка, яздархошка, интеллектуалашка а кхайкхам бина. Кехатан авторша дIахьедина, "бакъонан а, дуьненан а тIегIанехь" хецна шайн хетарг дIа а олуш, пропагандина дуьхьало латтон еза цара.

"Къилбаседа Кавказан къаьмнийн аьтто бу кхечу дуьненан къаьмнашна юккъехь сийдолу кхане кхолла, НАТО-на а, Оьрсийчоьнна а юккъехь иккхинчу конфликтан векалш хуьлучу меттана адамийн юккъера бакъонийн а, моралан а низамаш лардеш даха. Бакъйолу позици – империалистийн агрессина, оккупацина а, тIамна а муьлххачу хьелашкахь дуьхьало латтор ю", - аьлла ду кехатехь.

ХIара хаам язбечу юкъанна кхайкхамна кIел куьйгъяздина 160 сов стага.

Хьалхо Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа дIахьедира, Украинера тIом бусулбанашна декъал бен болу тIом бу, цу тIамехь кхелхинарш "шеко йоцуш, шахIидаш хир бу", аьлла. Цунна тIетайра Кавказан бусулбачийн координацин центран хьалханча, Кхарачой-Чергазийчоьнан муфтий Бердиев ИсмаьIил – цо бохура, Украинера "бехк боцу нах бандитех кIелхьара баха беза".

Оьрсийчоьнна дуьхьала украинхойн къомо бечу тIамах схьакхета аьлла, кхайкхамбина шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан командиро ЧIебирлойн Муслима нохчашка а, гIалгIашка а. Иштта ЧIебирлойн Муслима кхайкхамбина "оьрсийн салтийн барзакъца Украине нах байъа баьхкинчаьрга", кадыровхошка а, кхечу кавказхошка а, " карадуьйла, шайн синош кIелхьардаха а, "бехйина цIераш цIанъян а".




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Андрей Рублев поднялся на шестое место в рейтинге ATP






Эксперт: Сегодня мигрантам из КР самое время посмотреть другие рынки труда

Патриотический концерт состоится в Мытищах 7 мая

В России представили специальный комплект iPhone 15 Pro к 9 мая – со встроенным «мини-телевизором»

Жителей Подмосковья приглашают на Всероссийский конкурс «Классная география»