Кадыровн "долара киллер" Москвахь дIалаьцна курхалла лелорна бехке вина
Москварчу полицино дIалаьцна Нохчийчуьра вахархо Денисултанов Артур (изза ву Курмакаев Артур а, "Динго" а), "Кадыров Рамзанан долара киллер" санна вевзаш ву иза. Полисхошна хетарехь, и стаг бехке ву 37 миллион соьманна курхалла лелорна, цуьнан хIусаме хьежна талламхой, хаамбо ТАСС агенталло шен хьостанна тIе а тевжаш.
Де хьалха 26 шо долу Москван вахархо веанера полицин декъе, цо дийцина, соьмех валюта эца шен лаам хилар – вевзачо брокерна Прохоров Вадимна тIе гIо аьлла хиллера. Церан вовшахкхетар хилира Зазадоккху-беттан 14-хь Сбербанкан декъана хьалха – кхечу стага ахча схьа а эцна, банкехь хийца а хийцина, долларшкахь юхалур ду аьлла хиллера Прохоровс. Зен хиллачо "брокере" 37 миллион сом чохь долу тIоьрмаг дIабелла хиллера, ткъа цултIехьа и стаг тIепаза вайна.
Оцу гIуллакхехула масех де даьлча лецира Денисултанов – хIусаме хьоьжуш нуьцкъахоша кара а дина схьаийцира 6,5 миллион сом.
Хьалхо Денисултанов Дудаев ДжовхIаран цIарах йолчу нохчийн батальонан командирана Осмаев Адамна тIелатарна бехкевира. Осмаевна а, цуьнан хIусамнанна Аминана а тIелатар динера 2017-чу шеран Мангалан-беттан 1-чу дийнахь. Денисултановс ша журналист ву аьлла, тIаккха юха уьш ден гIоьртира, амма Окуева кхиира киллерна чов а йина цуьнан гIора дайъа.
Денисултановс Украинерчу СИЗО-хь шиъ-ах шо даьккхира кхелан сацаме хьоьжуш. Амма Оьрсийчоьнан аьтто белира иза хийцарца барт бан – иза хилале кхо де дисча, тIелеттачунна тIера бехкаш дIадехира.
Денисултанов шозза кхеле озийна вара: 1998-чу шарахь стаг лачкъорна а, 2000-чу шарахь – курхалла лелорна а, стаг лачкъорна а, ахчанаш дийхарна а, Iедалан белхалочунна ницкъ барна а, харц кехаташ дахарна а бехке вина.