Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2022
1 2 3 4
5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28
29
30 31

Нохчийчуьра Украине вахначо кхайкхамбина Кадыровга, хьайн гергарнаш тIаме бахийта аьлла

0
Нохчийчуьра Украине вахначо кхайкхамбина Кадыровга, хьайн гергарнаш тIаме бахийта аьлла

Украинхойн къаьстинчу "Азов" спецназо видео яржийна, Нохчийчуьра веана, йийсаре лаьцначу тIемалочуьнца яькхина. Цо дуьйцу Мариупольна гергарчу тIамехь долчу хьолах. Иштта кхакхамбо цо Кадыров Рамзане, Украине тIаме хьайн гергарнаш бахийта аьлла, яздо Кавказ.Реалиино.

Видео тIехь волчу стага (цуьнан цIе ца яьккхина) дуьйцу, Зазадокху-беттан 17-чохь Соьлжа-ГIалара кеманца схьавеана ша, шолгIачу дийнахь Мариупольна гергахь нисвелира, цигахь йийсаре а вахна бохуш. Цуьнан дешнашца, шайн лаамехь Украине боьлхучеран каралуш цхьа автомат а, патармийн диъ гIутакх а ду. Йийсархочо латкъамбо юучунна а, иштта дуьйцу, Оьрсийчоьнан эскархоша нохчийн коврана тIе йеттарх а, цо бахарехь, хьалха а туьйсуш, хIаллакбо бIаьхой. Церан декъий дагадо, боху видео тIехь волчу стага.

"Кадыров Рамзан, хьоьга а изза боху ас. Ца оьшу нах байъа. Хьайн вешин-йишин кIант, хьайн кIант вахийта. Хьайн гергара нах стенна ца хьийсабо ахь? Бахийтахьа хьайн нах, цаьрга байта тIом а. Кхечаьрга ма ала, царна а ма деза дуьне", - боху йийсархочо Нохчийчоьнан куьйгалхчуьнга.

Швецехь вехачу оппозицин нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос сурт зорбане даьккхина, хетарехь, шен лаамехь веанчу оцу стеган, тIеман барзакъца, гихь эскархойн рюкзакца. Довзийтаран билгалонех суьрта тIехь гуш ю цуьнан пхьаьрсах йолу Нохчийчоьнан байракхца шеврон. Оьрсийчоьнан тIеман министралло а, Нохчийчоьнан Iедалхоша а махкарчу йийсархочуьнца яьккхинчу видеона комментарий йина яц.

Кавказ.Реалиино хеттарш динчу нохчийн жигархошна а, политологашна а хетарехь, Украинерчу тIамах Кадыровс пайдаоьцу шена пиар еш, ткъа Кремло "майра кадыровхойн" васт леладо Киевна психологин тIеIаткъамбеш а, чоьхьара пропаганда лелош а.

Нохчийчоьнан Iедалхошна оппозицехь долчу телеграм-каналаша республикера шайн лаамехь Украине боьлхучех видео яржийна – оцу тIехь хеза уьш новкъабохучу зударийн белхар. Го бинчу меттигна дехьа бу уьш, царна хьалха герзашца нах бу. Кадыров Рамзанан критикаша чIагIдо, меттигерчу бахархошка бертаза дакъалоцуьйтуш ду тIамехь, ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, шаьш тIаьхьадевллачу нахе а цхьаьна. Оцу информацин тоьшалла дац йозуш йоцчу хьасташкара.

Зазадокху-беттан 24-гIа- Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийна  ткъе иссолгIа де ду. Оцу заманчохь, Iедалхойн а, зорбанан гIирсашкарчу хаамашца а, мел лахара а 199 бIаьхо велла Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан Къилбан регионашкара а. Кавказ.Реалина цIерашца бевзарш бу уьш, билггал долу терахьаш кхин а лакхара хила тарло.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Павлюченкова и Потапова не смогли выйти в финал турнира WTA в Мадриде в парном разряде






Актриса Илана Дылдина: Во мне видели только юмористку

«Большая часть израильских поселенцев — маргиналитет из США и Европы»

Ежемесячную денежную выплату получают более 1,6 млн пострадавших от радиации