Добавить новость
Главные новости Москвы
Москва
Октябрь
2020

Шена дIовш даларна Путин бехкево Навальныйс

0
Шена дIовш даларна Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир бехкехила хила тарло аьлла, дIахьедина оппозицин политико Навальный Алексейс. Дарбанан хIусаме кхаьчначул тIаьхьа дуьххьара еллачу интервьюхь дийцина цо цунах лаьцна. Немцойн "Шпигель" журнало зорбане яьккхина интервью.


"Ас чIагIдо, оцу зуламна тIехьа лаьттарг Путин вара аьлла, хиллачух кхи версеш яц сан", - аьлла Навальныйс. Оппозиционеро хаамбина, ша Оьрсийчу юхаван дагахь ву аьлла. "Со ца кхоьру",- аьлла, билгалдаьккхина цо.


Навальныйца хиллачу къамелан доллу дакъа тIаьхьо зорбане доккхур долуш ду.


Навальный Алексей дIаьвшан симптомашца Омскерчу дарбан цIийне кхачийра байначу беттан 20-чу дийнахь. Томскера Москва доьдучу кеман тIехь тиларчуьра ваьллера иза. Ши де даьлча вигира Берлинерчу "Шарите". Клинике. Шина кIиранах Iийра кхетамчуьра ваьлла.


Навальныйна "Новичок" дIовш делла хилар гучудаьккхира Германерчу а, Францерчу а, Швецерчу а лаборатореша. ДIовш цунна муха делла хууш дац хIинца а. Германерчу Der Spiegel–о бахарехь, Навальный Iийначу Томскерчу отель чуьрчу хин шишанна тIехь а карийна дIаьвшан лар.


Навальный дарбан хIусаме вуьллушехь дийхира цуьнан накъосташа Iедале иза вен гIортар талла долор. Оьрсийчоьне талламбар дийхира Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Европан Берто а. Амма Оьрсийчоьнан Iедална оьшуш ца хета бехктакхаман гIуллакх схьаделла. Иза шек ду Навальныйна дIовш делла бохучух – Оьрсийчуьрчу лабортаторешна ца карийна цуьнца дIовш.

 



Москва на Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в Москве

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Касаткину представили под флагом Испании во время жеребьёвки турнира WTA в Абу-Даби






Стармер призвал ужесточить экономическое давление на Россию

Всё, что вам нужно знать о китайском DeepSeek в мемах, а также другие новости технофинансов

Синоптик Вильфанд заявил, что 2025 год может стать одним из самых жарких

Овчинский: на Восточной улице построят дом по реновации