Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Август
2021

Новости за 03.08.2021

Зеленский: ГIирма "цкъа а хир яц оьрсийн территори"

Radiomarsho.com 

Украинин президентана Зеленский Владимирна хетарехь, Оьрсийчоьно дIалаьцна ГIирма а, Донецкан а, Луганскан а кIоштийн территореш а Украино доладан юхаерзор – "хенаца доьзна хаттар" ду. Оьрсийн маттахь йолчу "Дом" телеканалана интервью луш Зеленскийс билгалдаьккхина, ГIирма "цкъа а хир яц оьрсийн территори" аьлла

"Ахмат" клубо исламан барамаш бохийна?

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" футболан клубан керла спонсор ю ша аьлла яьлла Кипрехь регистраци йина букмекерийн офис. Нохчийчуьрчу дуккха а бусалбанашна дагахь доцург дара иза – исламо емалдо муьлхха а марзлуш долу ловзарш, хьарамалла лору спорта юкъа ахчанаш дахкар

"Соьга цабезам гIаттабо цара". Бераш нене дIа ца ло Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Шен кхаа ненаца хила бакъо къуьйсу Дагестанерчу яхархочо Церетилова Нинас. Байначу беттан юккъехь цуьнан хиллачу майрачун Церетилов Мохьмадан ден бакъонаш гатйира, ткъа шолгIачу дийнахь цуьнан воккхахволу кIант, 14 шо долу Мухтар вайра. Жимахдолу ши бер – 12 шо долу Марьям а, 9 шо долу ИбрехIим а, стенгахь ду цунна ца хуу масех бутт а бу. Бераш лохуш полици а яц, уьш могуш-маьрша ду аьллачу дена тIе а тийжаш. Стохка ГIуран-баттахь школера девлла шен бераш дIадигинера дас, стенга дуьгу а ца дуьйцуш. Читать дальше...

ТаIзар-аттестаци. Шайн бакъонаш къовсуш бу ГIалгIайчуьра орцан медицинан белхахой

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь къовсам лаьтта республикерчу бохамийн медицинан центран куьйгаллиний, цигарчу белхахошний юкъахь. Юхьанца ковид хьелашкахь къахьегарна дала догIу ахча ца луш битира медикаш, ткъа аьрзнаш дан уьш боьлча, цхьацца бахьанаш а лоьхуш, балхара дIабаха болийра. Гурахь дуьйна хеза орцан медицинан белхахой даржашкара бохош бу бохуш. 50 стаг вара хIетахь балхара дIаваьккхинарг, царех 43-мма яздинера "шайн лаамехь болх битарх" долу кехаташ. Ткъа масех стаг велира кхеле, уьш меттахIиттийра даржашка... Читать дальше...

 Зеленский: ГIирма "цкъа а хир яц оьрсийн территори"

Radiomarsho.com 

Украинин президентана Зеленский Владимирна хетарехь, Оьрсийчоьно дIалаьцна ГIирма а, Донецкан а, Луганскан а кIоштийн территореш а Украино доладан юхаерзор – "хенаца доьзна хаттар" ду, хаам бо Свобода Радионо. Оьрсийн маттахь йолчу "Дом" телеканалана интервью луш Зеленскийс билгалдаьккхина, ГIирма "цкъа а хир яц оьрсийн территори" аьлла. ГIирмах лаьцна дуьйцуш йолу видео зорбане яьккхина Зеленскийн телеграм-каналехь. "Оккупаци йинчу нахана цкъа а езар яц ГIирма, тхуна иза ма еззара", аьлла Украинин президента. Читать дальше...

Литван дозанхоша чу ца буьту къайлаха шайн махка кхача гIерта мигранташ

Radiomarsho.com 

Литван дозанхоша шинарин буса юхаберзийна, Беларусера, доза а хадош, шайн махка кхача гIерта иттаннаш мигранташ. Цуьнах лаьцна хаам бина LRT телеканалана комментарий еш Литван чоьхьарчу гIуллакхийн министран когаметто Абрамавичюс Арнольдаса. Оршотан дийнахь Литван чоьхьарчу гIуллакхийн министралло омра арахецна официалан талламан-чекхволуьйтучу меттигашкахула а ца богIуш шайн доза хадо гIоьртинчу нахана дуьхьал ницкъ баккха бакъо луш. Дозанхой декхаре бина и нах талламан-чекхволуьйтучу меттигашка хьовсо. Читать дальше...

Ши бер хьийзорна лаьцна Нохчийчуьра яхархо

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь лаьцна 53 шо долу меттигера яхархо. Цуьнан цIе йоккхуш яц. Талламхоша бехке йина иза шен майрачуьнан кIентан ши бер хьийзорна. Зуда къера хилла ша берийн могашаллина зен дина хиларна, цу шингазхь цабезам хиларна. Кхечуьнца цхьана цо молханаш мелош хилла берашна, царна уьш вуно зене дуй а хууш, аьлла ду Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчуьрчу талламан урхаллан сайта тIехь. Зудчунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна Талламан комитетан Грозненски олучу кIоштийн юкъарчу талламан декъо. Читать дальше...

ГIиргIизойн хилла президент леван вигна Бишкекехь

Radiomarsho.com 

Москвара Бишкеке кхаьчна ГIиргIизойчоьнан хилла президент Акаев Аскар дIакхачийна пачхьалкхан къоман кхерамазаллин комитете, хаам бо Свобода Радионо. Иза дуьненаюкъарчу лахаре кхайкхийна вара  "Кумтор" деши доккхучу маьӀданехь цо коррупци лелийна хила мега аьлла шеко йолуш. 24.kg зорбан гIирсо яздарехь, Акаев ша реза хилла Бишкеке веана тошаллаш дан.  Акаев Аскар воцург Мангал-бутт болалуш  дуьненаюкъарчу лахаме кхайкхийна ГIиргIизойчоьнан хилла президент Бакиев Курманбек а, ткъа иштта хилла премьер-министраш а, церан гергара нах а. Читать дальше...

Кадыровн вешин кIентан метта министр хIоьттина цуьнан ненайишин кIант

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан физкультурехула а, спортан а, кегийрхойн политикехула а керла министр хIоьттийна республикан куьйгалхочуьнан а, Iедалан а администрацин куьйгалхочуьнан хьалхара когаметтаниг хилла Ибрагимов Турпал-Iела. Цо хийцина оцу даржехь Радыров Рамзанан вешин кIант, 24 шо долу Кадыров Хьамзат (2004-чу шарахь веллачу Кадыров Рамзанан воккхаха волчу вешин Зелимханан кIант). Нохчийчоьнан куьйгаллехь хиллачу хийцамех лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.   Белхалошна керла министр вовзуьйтуш республикан премьер-министро Хучиев Муслима дIахьедина... Читать дальше...

ECHR кхело луьстур бу гIалгIайн хиллачу полисхойн латкъам

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу МВД-н патрулан-постан сервисан (ППС)хиллачу 13-тта белхахочо бина латкъам листа тIеэцна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ECHR, ЕСПЧ). Дийцарехь, уьш ОМОН-ан белхахойх ларбан гIоьртинера 2019-чу шарахь ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а административан доза нийса хIоттийна дац аьлла дуьхьалонан акце арабевллачу митинган декъашхой. "ППС-н белхахойн омра дацара маьрша акци дIасалалла аьлла, оцу хьаштана республике ялинера кхечу регионера ОМОН. ППС-н белхахой цIий ца Iанадайта гIоьртира... Читать дальше...

Полисхоша нохчий кегийрхой лецна Саратовхь

Radiomarsho.com 

Саратовхь пхи жима стаг лаьцна веа полисхочунна йиттина аьлла шеко йолуш. Церан адвоката Аликова Юлияс дIахьедарехь, дов даларан бахьана хилла ницкъалаллин структурин белхахоша питана тасар.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Ролан Гаррос

Свёнтек сравнялась с Шараповой по победам на турнирах Большого шлема






Ефимов: в столице в рамках программы КРТ реорганизуют 2 га бывших промзон

Жены инженеров. 1937. Часть 1

Великолучанка-воздухоплаватель поборется за звание чемпиона России

В Москве мужчина попытался ограбить АЗС (видео)