Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Август
2021

Новости за 09.08.2021

Apple картанаш тIехь украинхойн маттахь Нохчийчоь Ичкери аьлла билгаляьккхина ю

Radiomarsho.com 

Американ Apple компанино украинхойн маттахь долчу карташ тIехь Нохчийчоьнан Республика къастийна ю "Нохчийн Республика Ичкерия" аьлла, яздо ТАСС агенталло. Apple Maps картанаш оьрсийн маттахь лелош делахь, Оьрсийчоьнан регион нийса билгалъяьккхина ю, амма iPhone уркаинхойн матте яьккхича, официалан Apple аппликацино гойту Оьрсийчоьнан и субъект "Чеченська Республіка Ічкерія"* аьлла. ТIемаш боьлхучу заманчохь "Нохчийчоьнан Республика Ичкерия" цIе яра лелош нохчийн гIаттамхоша. Советан Iедал доьхначул... Читать дальше...

Хасавюртан базара ца буьту мехий цатоьхнарш

Radiomarsho.com 

Вакцинаци ярх сертификат карахь цахиларна Хасавюртарчу "Терек" базара ца битинчу йохкархоша митинг дIаяьхьна Хасавюртахь. Лоьраш а, хьехархой а санна декхаре бина уьш а вакцинацех чекхбовла.

Хасавюртарчу базарара йохкархой вакцинаци яйтарна дуьхьал бевлла

Radiomarsho.com 

Вакцинаци ярх сертификат карахь цахиларна балха ца битинчу "Терек" базарахь йохка-эцар лелочу наха ша-шаха гIаттийна митинг дIаяьхьна Хасавюртахь. "Хаттийша Расуле" ("Спросите у Расула") цIе лелочу телеграм-канало хаам барца, прививкаш яйтинарш бен ца хилла мах бан чубуьтуш. Оцу тIехула дог даьттIа хьийзина, шайлахь дуккха а мехий деттаза берш. Каналан зерашца, базар дIакъевлина хилла ханна, амма тIаьхьо юха а схьайиллинера иза, вакцинацех чекхбовла кхо де хан а луш. Республикерчу Роспотребнадзоран белхахоша дийцина Кавказ.Реалиига... Читать дальше...

Кадыровн критик верна дина таIзар

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Iедалхошна критика еш хилла Нохчийчуьра вахархо, "Венера Анзор" цIарца гоьваьлла Умаров Мамихан верца доьзначу гIуллакхах сацам бина Австрерчу кхелахоша. Зулам дарна бехке вина цуьнан махкахо Ахтаев СарIела. Дийнна шарахь къестораш хиллачул тIаьхьа велла дIаваллалц набахтехь яккха хан кхайкхийна цунна.

Бакъоларъярхо, диссидент Ковалев Сергей кхелхина

Radiomarsho.com 

Бакъоларъяран боламан ветеран, диссидент, Оьрсийчоьнан конституцин цхьахволу автор Ковалев Сергей кхелхина  тахана, Марсхьокху-беттан 9-чохь Москвахь. Фейсбукехь оршотан дийнахь бина и хаам цуьнан кIанта Ивана. 1968-чу шарахь дуьйна СССР-хь адамийн бакъонаш ларъечу боламан жигара декъашхо вара иза. 1969-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь дуьххьарчу йозуш йоцчу юкъараллан бакъоларъяран ассоциацин инициативан группан декъашхо хилира иза. 1974-чу шарахь Ковалев лецира антисоветан агитаци а, пропаганда а лелорна бехкевина. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 69 стаг, вирус кхетта ву - 1369

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 69 пациент велла, цомгуш хилла кхин а 1369. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 32 стаг велла коронавирусах, Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а –исс-исс, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а – пхиппа, Адыгейхь а, ГIалгIайчохь а – кхоккха, Нохчийчохь цхьа дархо велла. Къилбаседа Кавказехь пандеми йолаелчхьана верриг а велларг ву COVID- 19 уьнах 13 767 вахархо. Цамгар кхетта уггаре дукха наханна Ставрополь-махкахь. Читать дальше...

Кадыров Ахьмад винчу дийнах дуьненаюкъара хилам бан хьийза Нохчийчоьнан Iедалхой

Radiomarsho.com 

Дубайхь а, Москвахь а конференци а, горга стол а дIаяьхьна Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан 70 шо кхачарца доьзна. Цигахь дакъа лецира Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думан депутаташа а, министрийн кабинетан векалша а, цхьа могIа юкъараллин организацеша а. Пачхьалкхъан "Грозный" телеканалан зерашца, Дубайхь хIоттийначу дуьненаюкъарчу конференцехь хилира "Доза доцу хьехархой" организацин президент волу Аль-БайIела Мухьаммад а (Iедалшца йоьзна йоцчу йоккхачу дуьненаюкхъарчу организацин сайта тIехьа цуьнан цIе йоцуш ю)... Читать дальше...

UFC-н президенто бакъ ца до Нурмагомедов октагоне юхавар

Radiomarsho.com 

UFC-н президенто Уайт Дана юкъара даьккхина экс-чемпион Нурмагомедов Хьабиб ММА-н латаршна юкъавар. Кхин дегайовхо яц шен аьллачу Уайта хьехна фанаташна дог диллар. "Тешийша, сайга далург дерриг а дира ас. Дехарш дира ас цуьнга висахьара бохуш, амма цо карьера ерзийна, цкъа а эша а ца оьшуш. ХIинца Хьабиб эшонза тренер ву. Оцу кIентан массо а хIуманца аьтто хир бу. Шен дахаран керлачу декъе вирзина иза", - аьлла Уайта TMZ Sports хьостан интервью луш. Кху деношкхаь ММА-н  гIиргIазойн чемпионо... Читать дальше...

Оьрсийчоьнан тIеман Iамораш долийна Кавказехь

Radiomarsho.com 

Адыгейрчу а, Дагестанерчу а, Къилбаседа-ХIирийчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а 20 полигонашкахь а, ишта Эрмалойчоьнан а, Абхазин а, Къилба-ХIирийчуьрчу а Оьрсийчоьнан базашкахь а массо а эскарийн тIемалоша дакъалаьцна Iаморашкахь, хаамбина тIеман буьйранчаша."Кавказский узел" агенталло бина цунах лаьцна хаам. Даккхий батальонан тактикан Iамораш дуьйладелла Оьрсийчоьнан Къилбехь а, Кавказехь а. Цу юкъа озийна Къилберчу тIеман гонан массо а эскарийн говзанчаш, юкъаялийна авиаци а, Черноморскан флотан хIордакеманаш а... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Соболенко вышла в полуфинал турнира WTA-1000 в Риме






Сам Бог велел: как Петербург отпраздновал открытие нового пространства в Смольном соборе

В Якутске прошла иммерсивная прогулка «Сокровища Туймаады»

Politico: решение Франции пригласить РФ во Нормандию раскритиковали в США

Суровикин заменит Герасимова на должности главы Генштаба?