Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Август
2021

Новости за 21.08.2021

Sukhoj Superjet-100 цIеххьаша лахаделлачул тIаьхьа охьахиъна Шереметьевехь

Radiomarsho.com 

Волгоградера Москва доьду Superjet кема Тамбов кIоштан тIехула долуш бохаман сигнал а елла, цӀеххьашха лахделлачул т1атхьа охьахиъна Шереметьевохь, хаам бо Свобода Радионо. Хьалхо кема галдаьлла хиларх лаьцна хаам бинераа "Интерфакс" агенталло, шен хьастана тIе а тевжаш. Хаам бинчунна дийцинера, герметизаци дIаяьлла хилла хила мега кеманан аьлла. "Sukhoj Superjet-100 кема Волгоград—Москва рейс еш ду. Тамбовн кIошта тIехула долуш цо бохам баьлла хилар хоуьйтуш сигнал а елла, цӀеххьашха лахделла. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказера нах Туркойчохь. Муьлш бу уьш, муха беха? (чаккхе)

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавкъазерчу къаьмнийн диаспораш кхиина Туркойчохь мухIажараллехула, Кавказан тIом бирзича, эзарнашкахь Осмалойн импере дIаихинчу нахах лаьтта уьш. Хьижрат динчу ламанхошлахь массарел а дукха хилла чергазий. Амма яккхийчу тобанашкахь дIаихина цига абхазой, нохчий, дагестанхой, хIирий, ногIий, кхарачой, балкхарой. Шен рогIерчу подкастехь историка Вачагаев Майрбека къамел дира Гуьржийчоьнан стратегин а, дуьненаюкъарчу талламийн а фондан Iилманчица Квахадзе Александрца къаилбаседа-кавказхойн Туркойчуьрчу диаспорех а... Читать дальше...

Дагестанерчу Агвалихь муфтиятаца хилла дов дIадирзина керла имам харжарца

Radiomarsho.com 

Дагестанехь Цумадан кIоштарчу Агвали эвлахь керла имам харжарца дIадирзина меттигерчу бахархошна а, муфтиятана а юкъахь лаьттина дов.   Кавказ.Реалиино бинчу хаамца, меттигарчу маьждиган кхеташонан декъашхочо Маштихи Абдурахьима дийцина журналисташка, имамца доьзна хаттар Марсхьокху-беттан 20-чу буса дIадирзина аьлла. Цо билгалдаккхарехь, керлачу имамана реза бу эвлара бусалбанаш а, муфтият а. Иза ву карарчу хенахь Гаквари эвлахь имам волу Юсуп цIе йолу стаг. Дагестанерчу муфтията цкъачунна комментари йина яц Агвалихь хIоьттинчу хьолана. Читать дальше...

Дукха адам ду хIинца а Афганистанера арадала гIерташ

Radiomarsho.com 

Кабулан аэророртехь а, цунна гонаха а эзарнаш нах бу гулбелла, "Талибана" дIалаьцначу Афганистанера дIабаха аьтто баларе сатуьйсуш,яздо "Карара хан" телеканало. CNN телекомпанино бинчу хаамца, церан терахь ду 10 эзар хиллал. Британино хаам бина, тIаьхьарчу шина дийнахь ши эзар стагана эвакуаци йина шаьш аьлла. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьйцу шаьш талибаш Кабул чубаьхкинчул тIаьхьа 18 эзар стаг цигара араваьккхина бохуш. Эвакуаци йинчарна юкъахь бу Американ махкахой а, цаьрца болх бина афганхой а. Читать дальше...

Марсхьокху-беттан 21-хь харжамийн агитаци йолалуш ю Оьрсийчохь зорбан гIирсашкахь

Radiomarsho.com 

Шотдийнахь, Марсхьокху-беттан 21-хь, Оьрсийчуьрчу зорбан гIирсашкахь агитаци дIайолалуш ю VIII-чу Пачхьалкхан Думе хин болчу харжамашкахь. Цунах лаьцнахаам бо Свобода Радионо, ТАСС агенталлана тIе а тевжаш. Кхажтаса билгалдаьхна ду Гезгмашин-беттан 17-гIа а, 18-гIа а, 19-гIа а денош. Низамца а догIуш, агитаци йоло бакъо ю харжамаш хила 28 де дисча. Агитацехь дакъалаца бакъо яц Iедалан органийн а, меттигерчу Iедалан белхахойн а, Iедалхойн а, цхьацца хьукматийн а, урхаллийн а декъашхойн а, нагахь уьш белхан декхарш кхочуш деш белахь. Читать дальше...

Мехкадаьтта дайлуш ду юха а

Radiomarsho.com 

Кхушара ГIадужу-баттахь эцначуна дIакхачор долчу Brent маркин мехкадаьттан мах охьабаьлла 65 долларал а (-2,23%). Коьртачу декъана цу кепара мехкадаьтта духкуш ю Оьрсийчоь коьртачу декъана. Лондонерчу биржехь иза доьхкина цхьана черманах 64,97 доллар мах а болуш. Цуьнах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло. Т!аьххьара Brent 65 долларал а механа дайделлера кхушара Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь. Марсхьокху-беттан 21-чу буса Москварчу хенаца буьйса юккеяьлча махбеш цуьнах лора 65,04 доллар (-2,12%) цхьана черманах. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Александр Зверев

Зверев и Рууд не пожали друг другу руки после полуфинала «Ролан Гаррос» – из-за проблем с желудком у норвежца






МЧС: возгорание в квартире на Бескудниковском бульваре в Москве ликвидировали

В «Зоосаде в вотчине Деда Мороза» родились два ягненка камерунских овец

На фестивале «Москва — на волне» в районе метро «Алма-Атинская» показали спектакль теневого театра

Ефимов: столица смогла снизить стоимость строительства недвижимости на 19,7 млрд рублей