Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Август
2021

Новости за 10.08.2021

Apple сервисан картанаш тIехь язйинчу Ичкерех лаьцна официалехь кехат дохьуьйтур ду коьртачу офисе

Radiomarsho.com 

Украинерчу Apple компанина шайн картанаш тIехь Нохчийчоь Ичкери аьлла, язйина хиларх хууш ца хиллера. Фирман операторо Кавказ.Реалиига дIахьедарца, компанин коьртачу офисе дIахоуьйтур ду цара цунах лаьцна. "Официалехь кехат хьажор ду оха цунах лаьцна, кхин йолу комментареш лойла дац сан", - аьлла къамел динчо. Маршо Радионо яздира шен агIонехь, ТАСС агенталлан хааман тIетевжина, Американ Apple компанино украинхойн маттахь долчу карташ тIехь Нохчийчоьнан Республика "Нохчийн Республика Ичкерия" аьлла, къастийна хиларх. Читать дальше...

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 86 стаг

Radiomarsho.com 

Тахана, Марсхьокху-беттан 10-чохь довзийтинчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 86 дархо, 1 382 ву вирус хьакхаелларг. Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 33 стаг, Дагестанехь – 20. Ставрополь-махкахь – 11, Нохчийчохь – 7, Кхарачой-Чергазийчохь – 5, ГIалмакхойчохь а, ГIалгIайчохь а – кхоккха, Къилбаседа-ХIирийчохь а, Адыгейхь а цхьацца велла уьнах. Пандеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь велла лоруш ву COVID-19 вирусах 13 853 стаг. Къаьстина дукха хааабелла ун... Читать дальше...

Криминалан къу Япончик вийнарг лаьцна Абхазехь

Radiomarsho.com 

2009-чу шарахь авторитетан къу Иваньков Вячеслав, криминалан гонашкахь "Япончик" цIарца дика вевзаш хилларг верна бехкевен Бутба Астамур лаьцна ша шена маршо кхайкхийначу Абхазехь. РЕН ТВ канало бина и хаам, шен хьасташна тIетевжина. Талламан версица, криминалан авторитет вуьйш юкъахь хилла пхи стаг, ткъа Бутба ву Япончикна снайперан герз тоьхнарг. Дуьненаюкъарчу лехамашка велла иза лечкъаш лелла Папава Нугзарца цхьаьна Абхазехь, ткъа меттигера Iедалхой дуьхьал бара Оьрсийчоьне иза дIавала, шайн конституцица догIуш дац бохуш. Читать дальше...

КIистий, я Гуьржийчуьра нохчий. Паьнказан истори (чаккхе)

Radiomarsho.com 

Паьнказан чIаж – Гуьржийчоьнан Кахетера, Алазань хин ирхошкара Ахмета муниципалитет. Карарчу хенахь цигахь ю 16 нохчийн юрт. Царех шайн коьрта шахьар лору бахархоша уггаре йоккханиг – Дуиси. Ши бIешо гергга хан ю Паьнказахь нохчий беха. "КIистеби" олу царех гуьржаша. Муха кхаьчна уьш цига, муха кхоллаелла гуьржашца юкъаметтигаш, нохчийн муьлха тайпанаш ду царалахь? Оцу хьокъехь Кавказ. Реалиин "Кавказан хроника" подкастан автора Вачагаев Майрбека къамелдира историкца, чIожан этнографех, хиламех... Читать дальше...

Нохчийн латархочо Чимаев Хьамзата дийцина UFC-н чемпионах Нурмагомедовх лаьцна шена хетарг

Radiomarsho.com 

Шведийн ММА латархочо Чимаев Хьамзата дийцина, цхьаммо а ца эшийначу дагестанхойн спортхочух Нурмагомедов Хьабибах лаьцна шена хетарг. "Нахана моьтту, сан цуьнга цабезам бу… Суна веза иза. ХIунда аьлча, бусулба ву иза а, со а. Жимачу эвлара ву иза, со а санна, тхойшиъ цхьана пачхьалкхера ву, цхьатеррачу жимачу шина махкара а. Нохчийчоь а, Дагестан а вовшах тера ю. Сан дуккха а вежарий бу Дагестанехь", - аьлла Чимаев Хьамзата Frontkick.online ресурсана еллачу интервьюхь. Чимаевс дийцина, "Хьамзат Хьабибца лата лууш ву" бохуш... Читать дальше...

Мусаев ИбрахIим шолгIа а къайлаваккхарна сагатдо бакъоларъярхоша

Radiomarsho.com 

Серноводскера вахархо Мусаев ИбрахIим шолгIа а къайлаваккхар билгало ю цунна кхерам хиларан аьлла хета бакъоларъярхочунна Ганнушкина Светланина а. Кавказский узел интернет-ресурсо яздо, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх гIаттон тарло аьлла, бакъоларъярхочо динчу дIахьедарх. Маршо Радионо яздира, Мангал-баттахь Грецин Iедалша Оьрсийчу цIа хьажийна хилла Нохчийчоьнан вахархо Мусаев ИбрахIим юха а вайна, иза зIене волуш вац шен доьзалца аьлла. Мичахь ву а ца хууш кIира даьккхинчул тIаьхьа Марсхьокху-беттан... Читать дальше...

Йохийна гIишлош, уьду нах: кхаа провинцин центраш дIалаьцна "Талибано"

Radiomarsho.com 

ОвхIанистанехь лурдоьлла тIемаш бахьанехь иттаннашкахь гIишлош хIаллакйина, маьрша бахархой уьдуш бу махкара. "Талибанан" тIемалоша дIалецна кхаа провинцин административан центраш, шайлахь Кундуз гIала а йолуш.ТIалибаша Кундузера Iедалхойн коьрта гIишлош дIалаьцначу юкъанна, Iедалан ницкъаша шайгахь латтош ю аэропорт а, тIеман база а. Схьагарехь, "Талибанан" карахь ю иштта Сар-э-Поль, Талукан гIаланаш а. ТIемаш бу беш Къилберчу Лашкар-Гахехь а, Къилбаседа-Малхбузерчу Гератехь а.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Ролан Гаррос

Арина Соболенко повторила уникальное достижение Азаренко на турнирах «Большого шлема»






Певица Орлова рассказала о процессе лечения Заворотнюк и врачебной тайне

В Москве презентовали медали и экипировку VIII игр «Дети Азии»

В Москве прошёл концерт «Пикника», перенесённый из-за теракта в «Крокусе»

Синоптики спрогнозировали еще один жаркий день с грозами в Москве 2 июня