Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Август
2021

Новости за 18.08.2021

Митингехь ницкъхойх тийсавеллачу Джумаевна ялх шо дехна прокуроро

Radiomarsho.com 

Дечкен-беттан 23-чохь оппозиционеран Навальный Алексейн агIончаша хIоттийначу митингехь полицин белхахойх латарна Москварчу пачхьалкхан университетан студентна Джумаев Сайд-Мухьаммадна колонехь даккха ялхо шо хан тохар дехна Москварчу Тверскойн кхеле прокуроро. "Кхелан кхеташонехь прокуроро тIаьххьара а юкъарчу хьелашкахь йолчу колонехь такха ялх шо хан тохий таIзар дар дехна", - аьлла РАПСИ агенталлица къамел динчо. Джумаевга бехк кховдийна Iедалан векална ницкъбаран артиклехь кхо зулам дарна. Читать дальше...

Стенгахь ю Хьалимат?

Radiomarsho.com 

Социалан машанашкахь йолийна #гдехалимат флешмоб. И хаттар юьхьарлаьцна арабевлла Нохчийчуьра Тарамова Хьалиматца бала кхаьчна лела юкъараллин жигархой. Таханлерчу денна Инстаграмехь а, Твиттерехь а, Фейсбукехь а, ВКонтактхь а бIеннаш посташ гучуевлла оцу хештегца.

Зударийн пляже веанчунна йиттина Дагестанерчу зудабераша

Radiomarsho.com 

Меттигерчу мехкарша йиттина Дагестанехь зударийн пляже веанчу стагана. Mash_Gor телеграм-канало бина и хаам. Церан информацица, зударий луьйчуш, малхехь буьйшина Iачу хIордан цхьана йисте а веана, телефона тIе дIаязъеш хилла меттигера вахархо, СадоIучарех цхьаммо бехк баьккхина хиллера цуьнгара, тIаккха цунна дуьхьал тасавелла хиллера иза. Оцу йоIана орцах даьхкинчу кхечу зудабераша йиттина, пляжера араваьккхина хиллера жимстаг. Меттигера бахархой иштачу проблемица Iитталуш дуьххьара дац. Кест-кеста... Читать дальше...

Нохчийн латархочо Чимаевс динчу дIахьедарх вистхилла экс-чемпион Нурмагомедов

Radiomarsho.com 

ММА-н латархочо Чимаев Хьамзата ша "ватIор" ву аларна жоп делла UFC-н экс-чемпионо Нурмагомедов Хьабиба. Абу-Дабехь вовшахкхетча, ша цуьнгара жоп доьхур дац аьлла, дIахьедина Нурмагомедовс. Москвахь хиллачу спортхочун конференцера бина и хаам "Спорт-экспресс" ресурсо. "Ас адамашка хIумма а ца хоьтту. ХIораннан а шен-шен хьажам бу. Цхьангара жоп деха гIерташ хуьлура со тоххара..и хан тIехтилла сан хIинца. Кегийрхошка а боху ас, соьгара дийлина гIалаташ шайгара ма дилийта. Адамашкара жоьпаш доьхур дац ас. Читать дальше...

Зударийн бакъонаш ларъян а, шайна дуьхьал хиллачарна амнисти ян а тIелаьцна «Талибана»

Radiomarsho.com 

ТIалибашна дуьхьал лаьттинчарна амнисти кхайкхон а, зударийн бакъонаш Iалашъян а, терроран тIелатаршна Афганистанах плацдарм ца хилийта а ваIда дина «Талибана». ТIалибаш Iедале кхаьчча Iадийна дуьне а,  махкахой а шайх тешочу информаци кампанин гурашкахь дина ду и дIахьедарш, яздо оьрсийн Свобода Радионо. Шинарин дийнахь болх бан йолаелла Кабулера аэропорт, арахьара мехкийн бахархой а, шайца белхаш бинарш а чуьра арабохуш дуьненаюкъара рейсаш йолийна. Оршотан дийнахь совцийнера кеманаш, эзарнаш... Читать дальше...

Талораш лелийначу шина нохчочунна таIзар дина Мордовехь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу шина вахархочун хьокъехь Мордовехь кхело сацам бина. "Талор дар", "Шена луъург лелор", "Бакъо йоцуш наркотикаш эцар, латтор" аьллачу артиклашкахь бехке а веш, колонехь даккха 2,5 шераш хенаш тоьхна цу шинне а. Талламчаша чIагIдарца, стохка Гезгамашин-баттахь таIзре хIоттийна шиъ, оцу заманчохь Москвахь вехаш хиллера и шиъ, шайна евзаш йолчу зудчун дехарца Мордови а веана, цуьнан хиллачу везаро, Узбекистанерчу вахархочо, кхуьнгара духалург эцна ах миллион сом схьадаккха гIоьртинера. Читать дальше...

Вакцинаци яйтинчарна совгIаташ юкъа дехкина

Radiomarsho.com 

COVID-I9 вирусна дуьхьал мехий деттийтинчарна юкъахь ловзо совгIаташ дехкина Оьрсийчоьнан Iедалхоша. 100 эзар сом кхочур ду гурахь пачхьалкхерчу бахархошна аьлла, яздина ду министрийн кабинетан сайта тIехь, хаам бо Lenta.ru гIирсо. Къастийна, доьдучу шеран Гезгамашин-беттан хьалхарчу деношкара ГIуран-батте кхаччлц кхаьжнаш тийса таро хир ю индивидуалан номерца вакцинаци йинчийн юкъарчу регистран буха тIехь. Верриг а къастор ву 18 шерел тIехваьлла эзар толамхо, кхетийна урхаллехь. Барам дIахьура... Читать дальше...

ГIалгIайчуьра хьаькам лаьцна, 1,5 миллион сом кхаъ эцарна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу Магасан кIоштан кхело шина баттана лаьцна махкарчу индустрин министраллан йохка-эцаран декъан коьрта говзанча. Хьаькам бехкевина кхаъ эцарна. "Талламан версица, коммерцин организацин куьйгалхочуьнгара 1,5 миллион сом кхоана ахча эцна хилла шеконевиллинчо, корта бахон малар дохка лицензи цунна дIаяхъйина", - дийцина кхелехь "Интерфакс-Юг" ресурсе. Махкарчу прокуратуран контролехь ду бехкзуламан гIуллакх таллар. 2,9 миллион соьмана муниципалан латтанаш дIадоьхкина аьлла, бехк биллира... Читать дальше...

Маьждигна тIехула дов дирзинчул тIаьхьа керла имам хаьржина Дагестанерчу Агвалихь

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу Цумадинскан кIоштарчу Агвали эвлахь маьждиган керла имам хаьржина. Кхул хьалха хилларг леттера цхьахволчу вахархочух, "ца ваьлла веана" иза дарже аьлла, инстаграмехь шена цо йитинчу комментарийна тIехула. Кадимагомедов Магомедсайгид ву керла имам. Кавказ.Реалиига дийцина цунах лаьцна маьждиган кхеташонан декъашхочо Маштихи Iабдурахьима. Цо дийцарехь, дахначу шинарин дийнахь меттигерчу бахархоша ларбира муфтиятан векалш, амма цара тергал ца дира кхеран цхьанакхетар, цундела шайггара хаьржина, дIахIоттийна цара имам Кадимагомедов. Читать дальше...

ТIалибаша толам баьккхинехь а, Евробарт дуьхьал ю Афганистанера церан Iедал тIелаца

Radiomarsho.com 

Афганистанерчу тIамехь "Талибан" (Оьрсийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а йихкина ю) болам толар бакъдо Евроберто (ЕС), гуманитаран а, миграцин а кризис эшорхьама цаьрца дийцарш долоо ду цара. ЕС-н арахьарчу гIуллакхийн лакхарчу векало Боррель Жозепа дина цунах дIахьедар юкъараллан мехкийн арахьарчу гIуллакхийн министршца конференци дIаяьхьначул тIаьхьа. Настоящее Время телеканло бина и хаам. Оцу юкъанна цо билгалдаьккхина, Афганистанера болам формалехь Афганистанан бакъ долу Iедал ду бохург дац иза аьлла. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Прямая трансляция матча Елены Рыбакиной против экс-первой ракетки мира на «Ролан Гаррос»






Минобороны Турции: Анкара выведет войска из Сирии в случае безопасности границ

Семья актрисы Анастасии Заворотнюк запретила фотографировать ее гроб

В Российском национальном музее музыки открылась выставка “Гениальный дилетант”

Прокурор Анфиногенова: в Москве стали реже грабить, воровать и совершать разбой