Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2021

Новости за 15.07.2021

КадыровгIар базбар. Стенна уьхку Нохчийчоьнан куьйгалхочун нанна мидалш

Radiomarsho.com 

Кадырова Аймани, Нохчийчоьнан куьйгалхочун нана, язйо кест-кеста совгIаташца: деккъа цхьана 2021-чу шеран хьалхарчу декъехь цунна елла кхо мидал. Даздина цуьнан гIуллакхаш Росгвардино а, Некъан кхерамзаллин урхалло а, хестайо иза меттигерчу а, федералан а Iедалхоша. Цул сов, йиллина хьаша ю иза меттигерчу телерепортажийн, цуьнан цIе лелайо Оьрсийчохь уггаре даккхий ларалучу маьждигех цхьамма. "Хьоме нана" олу цунах Кадыровн гоно, декъалйо иза массо а дезчу деношкахь. Ковид яржалц йолчу хенашкахь могIа хIуттура цуьнан хIусаман кевнехь... Читать дальше...

12 шо. Хьан йийна Эстемирова Наталья

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретаро Блинкен Энтонис дIахьедар дина журналисташ Хлебников Пол а, Эстемирова Наталья я дийна 12 шо кхачарца. Оьрсийчоьне кхайкхам бина цо, журналисташ а, бакъоларъярхой а хIаллакбар сацаде аьлла

Пачхьалкхан думан депутато лелийначу криминалах видео яржийна Яшин Ильяс

Radiomarsho.com 

Оьрийчоьнан оппозицин политико Яшин Ильяс шен ютьюб-канале видео хIоттийна, Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думан депутат волчу Делимханов Адама лелийначу криминалан гIуллакхех лаьцна. "Оьрсийчоьнан уггар а кхераме депутат" ву аьлла цунна Яшина, яздо Кавказ.Реалии портало. 16 минотехь яьккхинчу видео тIехь Яшин Ильяс дуьйцу, стенна тIера дIаболийна Делимхановс шен некъ, муха хилла цунах Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна "уггар а тешамениг". Яшина карладаьккхина, Радуев Салманан машен лелош... Читать дальше...

Путинан чалтачаш. Муьлш хир бу Росгвардерчу гIалгIазакхийн дакъошкахь

Radiomarsho.com 

Путин Владимира къобалдина Росгвардехь "гIалгIазакхийн" дакъош кхоллар. "Схьабовларца гIалгIазакхий болу нах реза бац оцу сацамна. Оцо репрессин хьукматаш совъяхар бен дийр долуш хIума дац, уьш ишта а ю шортта", – боху дайшкара дуьйна схьа гIалгIазакхи волчу "Берриг гIалгIазакхийн юкъараллин центран" куьйгалхочо Дзиковицкий Александра. Нальчикехь Товбецан-беттан 10-чу дийнахь хиллачу Евразерчу гIалгIазакхийн кегийрхойн "ГIалгIазакхийн цхьаалла – 2021" форумехь гIалгIазакхийн эскарш Росгвардин декъа... Читать дальше...

ГIуданах мукъаваьккхина муфтий Хамхоев ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело

Radiomarsho.com 

Бакъо йоцуш миссионеран гIуллакх лелорна гIуда хьарчийна муфтий Хамхоев Iийса маьршаваьккхина таIзарх кху шеран 14-чохь ГIалгIайчуьрчу Лакхарчу кхело. Кхеташонехь адвокато Оздоев Мохьмад-Басира дIахьедина, гIуллакх сацон дезарх жоьпе озон магийна хан чекхъяьлла хиларца. 2021-чу шеран Охан-баттахь гIуллакх дуьхьал даьккхира Хамхоевна, ткъа карарчу беттан 7-чохь хан тIехъяьлла, хаам бо "Мемориало" ("Мемориал" арахьарчу агентийн могIара яьккхина Оьрсийчоьнан Iедало, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 57 дархо

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 57 пациент, цомгуш хилла кхин а 1151. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 25 стаг,  Нохчийчохь – исс, Ставропол-махкахь – ворхI, Дагестанехь – пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Адыгейхь а – кхоккха, ГIалмакхойчохь а, ГIалгIайчохь а цхьацца стаг велла. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 12 020 стаг. Массанхьачул дукха ду дараш Ставрополь-махкахь... Читать дальше...

Нохчийчохь Кадыровн цIарахчу полкехь нах байъарх "Новая газетано" язйина материал толлуш ю Талламан комитето

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь кхел йоцуш байъинчу нахах лаьцна "Новая газетано" язйинчу материалах таллам болийна Оьрсийчоьнан Басманан кIоштехула йолчу Талламан комитетан декъо, яздо Baza телеграм-канало. Юьйцург ю журналисто Милашина Еленас "Со нохчийн полицехь болх бина ву, суна ца лаьара нах байъа" цIе йолуш язйина артикл. Оцу публикацехь дуьйцу, Кадыров Ахьмадан полкехь болхбинчу лакхарчу сержанта Гезмахмаев Сулимана Нохчийчохь Iедалан белхахоша нах хIаллакбарх. Гезмахмаевс дийцина, кадыровхоша лецначарна тоьпаш тохарх а, легаш Iуьйдуш байъарх а. Читать дальше...

Пандемин кхоалгIа тулгIе йолаелла дуьненчохь

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран юкъараллан куьйгалхочо Гебрейесус Тедрос Адана дIахьедина, COVID-19 вирусан пандемин кхоалгIа тулгIенан юьхь йолаелла дуьнеанахь аьлла. Цо билгалдаьккхина, тIеккIел диъ кIира ду доллу дуьненахь коронавирусан ун даьржаш, иштта леш бу нах аьлла. Коронавирусах нах цомгаш хиларан коьртачу бахьанех лору организацино, 111 пачхьалкхехь хааелла "дельта" штамм. Кеста COVID-19 вирусан коьртехь хир ю и штамм аьлла, шеконаш ю экспертийн. Иштта Гебрейесуса тидам бина, пачхьалкхашлахь... Читать дальше...

ЮНИСЕФ: исс миллион гергга Оьрсийчоьнан бахархой меца лела

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь исс миллион гергга бахархоша мацалла хьоьгу юург а, мерг а ца тоьаш. Берийн Юнисеф фондо арахецначу рапортехь бина ишта хаам. 2018-2020-чу а шерашкахь организацино динчу зерашца, юучуьнца хаъал къоьлла ловш ву Оьрсийчохь 400 эзар стаг. И бохург ду, ахча цатоарна яахIума ца юуш уьш лела. Кхин а Оьрсийчуьра 8,8 миллион стага (6% бахархой) кхача буу, амма юха а узуш. ТIаьххьарчу ялха шерачохь и ший а гайтам лахбелла. 2014-2016-чу а шерашкахь, билгалдаьккхина документа тIехь, Оьрсийчохь мацалла хьоьгуш вара цхьа миллион вахархо... Читать дальше...

Соьлжа-ГIалин мэр лаьттинарг Пачхьалкхан думе воьдуш ву

Radiomarsho.com 

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалаца шен кандидатура хъалхатеттина Хаджимурадов Iийса Пачхьалкхан думе боьлхучу депутатийн могIарехь ву. Мехкан харжамхойн комиссино бечу хаамца, цхьана мандатехула йолчу харжамийн гонехь къовсалур ву Хаджимурадов. Харжамийн комиссин инстаграмерчу агIонехь мехкан урхалхочун харжамашкахь дакъалоцучу Кадыров Рамзанца а, меттигерчу парламентан депутатца Накаев Халидца а цхьаьна язвина ву Хаджимурадов. Хьалхо шен инстаграмера аккаунт къайлаяьккхира Хаджимурадов Iийсас. Читать дальше...

12 шо кхечи Эстемирова Наталья йийна

Radiomarsho.com 

Тахана, Товбеца-беттан 15-чохь 12 шо дуьзи бакъоларъярхо Эстемирова Наталья, Нохчийчохь яда а йина, ГIалгIайчохь йийна. Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" декъехь цо бен болх ца тайначу наха дира и зулам 2009-чу шеран аьхка. Оьрсийчуьра тIамца даьхкинчу эскаршкара а, тIемаш бирзича, бухарчу хьаькамаша а шен махкахошна ден зенаш Iорадохуш Эстемирова хьийзарна, цуьнца даима девнехь хуьлура Нохчийчоьнах Москвана хьалха жоп луш болу Iедалхой. Иза ер массех версица туьдура талламчаша, амма чекхдаккхаза дисина иза йийча айдина бехктакхаман гIуллакх. Читать дальше...

Бакъоларъярхой а, журналисташ а хIаллакбар сацаде аьлла Оьрсийчоьне Американо

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретаро Блинкен Энтонис дIахьедар дина журналисташ Хлебников Пол а, Эстемирова Наталья я байъина 12 шо кхачарца. Оьрсийчоьне кхайкхам бина цо, "таIзар доцуш" журналисташ а, бакъоларъярхой а битар сацаде аьлла, яздо "Коммерсанто". "Тахана оха дагалоцу Эстемирова Наталья а, Хлебников Пол а. 2004-чу шарахь Москвахь вийра Хлебников, коррупци Iораяьккхинчул тIаьхьа. 2009-чу шарахь йийначу Эстемировас Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашъеш цахилар гучудаьккхинера. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Рафаэль Надаль

Надаль навестил в больнице 16-летнюю российскую теннисистку






Станет еще красивее! На улицах Москвы вы новые цветы

МК: вышедшая замуж за приемного сына певица Айсылу подала на развод

III класс пожарной опасности ожидается на территории Подмосковья 1–3 мая

ТЁРН: Музыкальные контрасты и гармония времён