Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2021

Новости за 23.07.2021

Ловзаргахь герз кхийсар зене даьлла Украинерчу нохчашна

Radiomarsho.com 

Одессехь вехачу нохчочунна Закариев Мохьмадн нускал далош герз кхийсинера меттигерчу украинахочо. И бахьана долуш цигахь беха иттаннаш нохчийн лецнера полицино. Шайца харцо лелорна вуно халахетта бу уьш

Пачхьалкхан регионашлахь вакцинаци ярехь уггар а тIаьхьа ю Дагестан

Radiomarsho.com 

Товбеца-беттан 22-чохь дину зерашца, Дагестанехь вакцинан хьалхара компонент тоьхнарш бу 6,8 процент бахархой. Оьрсийчохь уггар а лахара гайтам бу иза: вукху массо а регионашкахь 10 проценте даьлла и терахь. Оцу кепара зераш далийна РБК агенталло. Иштта тIаьхьа ю Дагестан вакцинан шина а дозанах чекхбевллачаьрца а: 4,4 % бу уьш. ХIоттийначу рейтинган аутсайдерш хилла Къилбера мехкаш а - Адыгей, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа-ХIирийчоь, ГIалгIайчоь. РБК-но тIечIагIдарехь, Къилбаседа-ХIирийчохь йоллу вакцина йина ваьлларг ву 9,9 процент... Читать дальше...

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь 56 велла уьнах. Лазарца ву - 1 285

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 56 пациент, цомгуш хилла кхин 1 285. Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 27 вахархо, Ставропол-махкахь а, Кхарачой-Чергазийчохь а - ворхI-ворхI, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а - виъ-виъ, Къилбаседа-ХIирийчохь - кхоъ, Дагестанехь а, Нохчийчохь а цхьацца велла. Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 12 485 стаг, боху официало. Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хьакхаделла нах бу Ставрополь-махкахь... Читать дальше...

Говза пхьераш - къоман хазна

Radiomarsho.com 

Цхьаволчунна хазахета мега, кзхечунна "кхара хIун леладо те" аьлла хета тарлахь а Устрада-гIаларчу говзанчаша Курбикас а, Асланбека а дийриг. Нохчийн селханалера дахар диц ца далийта гIерта и шиъ

Инстаграмера шайн аккаунт дIакъовларх хаийтина "Проекто"

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедалша оьшуш йоцу организаци леринчу "Проектан" коьртачу редакторо, Баданин Романа (Арахьара агент лерина хьоста Оьрсийчоьнан Iендалша) хаам бина, инстаграмера шайн аккаунт дIакъовларх. Социалан машанна дозанаш тохаран бахьана лерина, "юкъараллан барамаш бохор". Фейсбукерчу шен пена тIехь яздина Баданина цунах лаьцна. Стенца къепе йохийна социалан машан администрацино ца хаийтина. Верриг а "Проектан" инстаграм-аккаунте язвелла вара 20 эзар стаг. Кху беттан 15-чохь, инарла прокуратуран сацамца... Читать дальше...

ХIиндойн штамм яржарца дузу Нохчийчохь коронавирусан ун чIагIдалар

Radiomarsho.com 

Могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана мукIарло дина, Нохчийчохь коронавирусан уьнца долу хьал чIагIлуш ду аьлла. БIостане ду цуьнан дешнаш мехкан урхалхочо кху деношкахь "пандемин ирачу муьрех чекхъяьлла" Нохчийчоь, карарчу хенахь оьрсийн вакцинаца прививкаш а йойтуш, кхиаме юкъара иммунитет хьалайоккхуш ду шаьш аьлла, динчу дIахьедарца. ХIиндойн "дельта" штамм республикехь яьржаш хиларца кхетийна Сулеймановс коронавирусан инфекцех ун далар а, баларш а кхуьуш хилар. Оцу кепара дIахьедар дина цо леринчу махкахошка бинчу кхайкхамехь.

Вакцина яйтина меттигера яхархо кхелхина бохург бакъ ца до Нохчийчоьнан Iедалша

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан вице-премьеро, коронавирусца къийсам латточу оперативан шатабн куьйгалхочо Усмаев Вахьита бакъ дац боху, ковидна дуьхьал тоьхна маха а ийгIина, меттигера яхархо елла бохург. Пачхьалкхан "Грозный" телеканало зорбане хIоттийна цуьнан дIахьедар. "Социалан машанашкахь цхьаммо дуьйцу, шен гергара зуда прививкех елла бохуш. Ца елла. Оха тергонехь латтош бу и болх таханалерачу дийнахь. Вакцинацех чекхваьлла цхьа стаг тахана вайн республикехь кхелхина вац. Могушалла Iалашъяран министрна тахана "цIечу зонех" чекхвалий... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

WTA огорчила Елену Рыбакину после турнира в Мадриде






Сделайте свой дом еще красивее: Лучшие отделочные материалы по выгодным ценам

Стартовало народное голосование премии «Бизнес-событие» апреля

Собянин поздравил Путина со вступлением в должность президента

Ковид разрушил сердечные клапаны: учителя из Новой Зеландии срочно прооперировали в Челябинске