Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2021

Новости за 28.07.2021

"Деса ловзарш". Стенна ду нах беказбийла тIетеIор эрна?

Radiomarsho.com 

Кадыров Рамзанан куьйга кIел йолчу Нохчийчоьнан коьртачу башхаллех ду нах халкъанна хьалха бехказбуьйлуш телерепортажаш яхар, юьхьIаьржа хIиттор. Дуьххьара гIараевлира "Грозный" телеканалан и тайпа сюжеташ 2015-чу шарахь. ХIетахь дуьйна схьа бахархошка «къурд» олуьйту видеогайтам арабаьлла бIеннал сов. Амма Iедал деза-доккха ду моттийтар, нах "нийса ца леларна" кхеро гIертар – и коьрта Iалашо кхочуш ян ца елла, аьлла хета эксперташна. Бехказбийлинчийн кочар вуно деха ду. Церан декъа кхача тарло цхьаьнхьа керт йохийнарг а... Читать дальше...

Шема ваха накъостана ахча деллачу Нохчийчуьрчу шина вахархочунна таIзар дина

Radiomarsho.com 

Ростов-ГIалин кхело набахтехь даккха 5,5 шо хан тоьхна Болотханов Анварна, шена вевзачу накъостана Шема ваха ахча даларна. Шен карти тIера цунна ахча дехьадаккхитинчу Эльдаров Камильна пхи шо кхайкхийна. Шаьшиъ бехке хиларх мукIарло дина шиммо а, яздо "Кавказский узел" хаамийн хьостано. Гуьмсан кIоштарчу БорагIанера 32 шо долу Болотханов Анвар бехкевина, террорхошна гIо латторна, ткъа Эльдаров Камиль – терроризмна гIо лоцуш накъосталла дарна. 20I5-чу шарахь Эльдаровс деллачу банкан картех пайда а оьцуш... Читать дальше...

Хьа а, хIунда а вийна полисхо Ставрополехь?

Radiomarsho.com 

Товбеца-беттан 23-чу буса Ставрополехь герз тоьхна вийра цигарчу МВД-н урхаллан хьаькаман когаметтаниг, полицин майор Абовян Руслан. И вер дIаяздинера гонаха хуьлучунна терго ечу камерша. Абовян верна куьгбаьхке ву аьлла лаьцна Нохчийчуьра вахархо.

Краснодаран кIошто тIе ца дуьту вакцинаци йинарш Нохчийчохь шайчул а дукха бу бохург

Radiomarsho.com 

Вакцина йина нах алсамхиларан терахь къоьвсина Краснодаран кIошто а, Нохчийчоьно а. Де хьалха мехкан Iедалхоша дIакхайкхийра, 60 процент бахархошна мехий диттина хиларца хьалхара регион ю аьлла. Оьрсийчоьнан могушалла Iалашъяран министрна Мурашко Михаилна тIетевжина, Краснодаран кIоштан администрацино тахана дIахьедина, Кубань хьалха ю аьлла. "Пачхьалкхерчу массо а мехкашна хьалхаяьлла Кубань… ШолгIачу меттигехь Ростовн кIошт ю, кхолгIачу меттигехь – Нохчийчоьнан Республика. Рейтинг йовзийтина тахана... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 76 стаг

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 76 пациент велла, цомгуш хилла кхин а 1337. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 30 стаг велла коронавирусах, Дагестанехь -14, Ставропол-махкахь – бархI, Кхарачой-Чергазийчохь а, Нохчийчохь а – ялх-ялх, Къилбаседа ХIирийчохь – пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а – кхоккха, ГIалгIайчохь – цхьаъ велла. Къилбаседа Кавказехь пандеми йолаелчхьана верриг а велларг ву уьнах 12 839 вахархо. Цамгар кхетта уггаре дукха наханна Ставрополь-махкахь. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан шоу-бизнесан Форбсан рейтинган коьртехь ву Нурмагомедов Хьабиб

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан шоу-бизнесера хьолечу нахах лаьтта рейтинг хIора шарахь а санна зорбане даьккхина оьрсийн Форбс (Forbes) журнало. Шо хьалха а санна, хьалхарчу меттигехь ву ийначу кепехь латаран спортхо Нурмагомедов Хьабиб. Форбсан зерашца, цуьнан бахам бу 12 миллион долларшкахь, хаааме даьккхина "Медузо" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина, "Медузан" редакци цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.). ШолгIачу меттигехь нисвелла рэп олуш волу Моргенштерн (7,4 миилион долларш). Стохкалерачу тептарехь 21-чу меттигехь вара иза. Читать дальше...

Дагестанехь набахтера бевддачарна кхин а хенаш тIетоьхна

Radiomarsho.com 

Набахтера ведда, тIаьхьо каравеанчу ялх тутмакхна кхел йина ХIинжа-ГIаларчу Кировн кIоштан кхело. Бовдучу заманчохь такха йисинчу ханна тIе кхин а цхьана шарна тIера шина шаре кхаччалц хенаш тоьхна царна. "Церан шина гIоьнчана 1,5 шой кхайкхийна арахь даккха, кхозлагIчунна изза хан тоьхна колонехь яккха", - яздо "Интерфаксо". Веддачех цхьа зуламхо 15 шо токхуш вара стаг верна, шиъ – 12 шераш наркотикашна тIехула,  кхин а кхоъ – баръ-бархI шераш тоьхна вара. Шамхал эвларчу колонера бевддера тумакхаш Гезгамашин-беттан 22-чу буса... Читать дальше...

Дагестанехь хIордо даьхьна ГIалгIайчуьра да а, йоI а

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьра да а, йоI а Таркойн хIорда чу дахна, мохо хIорд ловзабаьккхинчул тIаьхьа. КIелхьаръяьккхина нана дарбан цIийнехь ю. Избербашехь шинарин динахь хилла ю юьйцу инцидент. Таркойн хIорда чохь луьйчуш хилла ГIалгIайчуьра беана доьзал, еанчу тулгIено дIахьулдина да а, йоI а, яздо "Дагестанская правда" газето. Орцанхоша хи чуьра хьалаяьккхина хе ваьхьначун хIусамнана, лоьрийн крахь ю, аьлла Дагестанерчу орцан министралло. Ден а, йоьIан а декъий схьакарийна, хаам бина орцанхоша. Маршо... Читать дальше...

Олимпиадин борзанан мидал яьккхина дзюдон спортхочо Борчашвили Шемала

Radiomarsho.com 

Гуьржийчуьрчу ПаьнкIазара схьаваьлалчу, Австрин цIарах Токиохь дIахьочу Олимпиадехь тасавеллачу 26 шо долчу Борчашвили Шемала борзанан мидал яьккхина 81 килане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь. Билгалдоккху, дуьххьара хиллачу латаршкахь Португалехьа летачу Эгутидзе Анрица толам баьккхира цо, ткъа борзанан мидал йоккхуш туьйлира Германера Рессел Доминика эша а веш. Absolute Championship Akhmat лиган вице-президенто Бадаев Асланбека "ХукВам" шоун эфирехь дийцира, Дагестанан латархочунна Нурмагомедов... Читать дальше...

Вакцинаци ярх сертификат дацахь Нохчийчохь дихкина юкъарчу транспортца дIасалела а, маьждигашка, туьканашка эха а

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Iедалхоша могуьйтуш дац меттигерчу бахархошна маьждигашка а, туьканашка а эха а, юкъарчу транспорта тIехь дIасалела а, нагахь санна прививка йина хиларх сертификат дацахь. Министрийн кабинетца а, регионерчу кIоштийн куьйгалхошца а дIаяьхьначу шуьйрачу кхеташонехь бина и хаам вице-премьеро Усмаев Вахьита. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, 100 процент бахархошлахь вакцицнаци ян еза, таллам бан беза, махкал а арахьа бехачара йиний хьожуш а аьлла. "Маьждигашка богIучаьргахь сертификат дуй хьовса. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Рублев не отстал от «Реала»! Как русская звезда тенниса покорила Мадрид






Посол КНР в РФ Чжан Ханьхуэй: в Китае приветствуют планируемый визит Путина

Собянин поздравил Путина со вступлением в должность президента

Стартовало народное голосование премии «Бизнес-событие» апреля

Ковид разрушил сердечные клапаны: учителя из Новой Зеландии срочно прооперировали в Челябинске