"Иэсан тептар". Коронавирусах кхелхинчу нохчийн лоьрех дийцарш (3-гIа дакъа)
Пандеми марсаяьллачу муьрехь лоьраш лаьттара шайн гIаролехь. Дерриг а дуьнентIера медикаш а санна, хIора дийнахь хIуьттура нохчийн лоьраш COVID-19 уьнна дуьхьал бечу тIаме – нехан могашаллин дуьхьа шайн могашалла хIиттайора цара кхерамна кIел. Де-буьйса доцуш, дарбан хIусамашкахь хьора цара хан, рагI ца лоьруш бора болх, беттанашкахь ца гора шайн гергарнаш. Цхьаберш царех, кхин цIехьа ца боьрзуш, бисира тIаьххьара а "Иэсан тептарахь". "Гипократан дуй" ца къарбеш, белхан меттигашкахь беллачу цхьаболчу лоьрех лаьцна дуьйцу Маршо Радионо. Читать дальше...