Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2021

Новости за 21.07.2021

"Даим лаьттар дац хIара Iедал". Бакъонашларъярхо - Кавказехь байъинчу "тIемалойх "

Radiomarsho.com 

Талламан комитете аьрзнаш чуделла ГIебарта-Балкхаройчохь вийначу пхеа стагах шиннан гергарчара. Цара доьху шайн нах стенна, муха байъина къастор. Хупсергенов Хьасанби а, Баразов Анзор а, кхин кхоъ а вийра ГIебарта-Балкхаройчохь Товбецан-беттан 3-чу буса. Халкъан антитерроран комитетан версица, уьш "дагахь хилла терроран зуламаш дан". Шайга дIаволла дIавеллачу Хьасанбин дегIа тIехь гергарчарна карийна аьрташ лазийна, каггийна йоIзар, ток йиттина ларш, герзо даьхна Iуьргаш. Веле иза хьийзийна, чIагIдо цуьнан цIерачара. Читать дальше...

КадыровгIарна дерриг а мегаш ду?

Radiomarsho.com 

Герзаш детташ, иккхинчу кофликтана тIехула кху деношкахь набахтехь даккха 13 шо хан тоьхначу Нукманов ИбрахIима, ша лелош долу зуламаш Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIийнах ву а бохуш, деш хилла. Оцу некъашца Краснодарерчу совдегаршкара ахчанаш дохуш хилла цо

Кадыровн критик эккхийта гIортарх гIуллакх толлуш ду Австрехь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна критика еш хиларца гоьваьллачу блогерна Магомадов Сайд-Хьусейнна кху шеран Марсхьокху-баттахь тIелата гIортар толлур ду Австрин бакъоларъяран органаша. Венерчу прокуратурано тIечIагIдина, таллам беш хиларх, яздо "Кавказский узел" интернет-ресурсо, меттигерчу зорбанашна тIетевжина. Магомадовс дийцарехь, кIело кечъеш хилла аьлла хетачех цхьаъ лаьцнера Венехь. Ткъа блогер вен гIиртинера Брегенцехь. "Цара (полисхоша.-Редакцин билгалдаккхар.) элира соьга... Читать дальше...

Шемахь лоьран болх бина Кхарачой-Чергазийчуьра зуда жоьпе озийна

Radiomarsho.com 

Шемахь йолу Кхарачой-Чергазийчуьра 30 шо долу яхархо шеконе эцна, террорхойн тобанехь хилла ю аьлла. Бехкзуламан гIуллакх айдина цунна дуьхьал, хаам бина махкарчу талламан комитетан урхаллан декъо. Талламчийн версица, 2016-чу шарахь Марсхьокху-беттан 12-чохь Туркойчу дIаяхна шеконейиллинарг, цигара дIа Шема кхаьчна иза. Раккъерчу лазартнехь лоьран болх беш хилла цо, оцу юкъанна "экстремистийн идеологина реза а йолуш". Оцу заманчохь, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша Раккъа "халифатан" шахьар ю аьлла, дIакхайкхийнера. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах 52 дархо велла, цомгаш хилла кхин а 1242

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-I9 уьнах велла 52 пациент, кхин тIе цомгаш хилла – I242. Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 27 стаг, Ставропол-махкахь – ялх, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а – виъ-виъ, Дагестанехь а, Къилбаседа-ХIирийчохь а – кхоккха кхелхина, ГIалгIайчохь - цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-I9 вирусах вахархо I2 360  стаг. Къаьстина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан кIоштахь... Читать дальше...

Зуламаш лелорна таIзар динчу Нохчийчуьрчу вахархочо ша Кадыровн гергара ву олуш хилла

Radiomarsho.com 

Кху деношкахь герзашца лелийначу кофликтна тIехула набахтехь даккха 13 шо хан тоьхначу Нукманов ИбрахIима, ша лелош долу зуламаш Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIийнах ву а бохуш, деш хилла. "Блокнот Краснодар" ресурсо бина и хаам. Оцу некъашца Краснодарерчу совдегаршкара ахчанаш дохуш хилла цо. Шена схьадала ахча ца хиллачарех лай беш хилла цо - кеп-кепара шен тIедахкарш кхочуш дойтуш Маршо Радионо яздира кху беттан 20-чохь Ростов гIаларчу Къилбан гонашкарчу тIеман кхело набахтехь... Читать дальше...

Могушалла Iалашъяран министраллан а, оперативан штабан а ун даьллачех терахьаш бIостане ду

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан могушалла Iалашъяран министраллан регистрехь пхоьазза сов ду пачхьалкхехь COVID-19 уьнца болчу нехан терахь, коронавирусца къийсам латточу оперативан штабан официалехь Iорадохучул а. "Медиазона", "Холод" "Медуза" (тIаьхьарниг оьрсийн Iедалша арахьарчу агентийн могIаре язйина, "Медузан" редакци реза яц оцу сацамна.-Реадкцин билгалдаккхар) гIирсаша юкъахь бинчу талламан жамIаш ду ишта. "Госуслуги" порталехь коронавирус текхначийн сертификатийн номерш теллинчул тIаьхьа дина оцу кепара хьесап журналисташа. Читать дальше...

Къаьстина дукха доьзалш буху Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а

Radiomarsho.com 

Карарчу шеран хьалхарчу пхеа баттахь Оьрсийчохь дIасакъаьстина 251 сов доьзал – ворхI шеран рекорд ю иза. Оцу кепара зераш далийна дуьненаюкъарчу аудитан- консалтинган FinExpertiza машано. Цара дина жамIаш довзуьйту "Лента.ру" гIирсо. Динчу зерашца а догIуш, Оьрсийчохь доьдучу шеран Дечкен-баттера Стигалкъекъа-батте кхаччалц доьзалш бохар дистина 44 процентна цул хьалхарчу шарахь оццу хеначохь хиллачуьнца дуьстича. Пачхьалкхан йоллу регионашкахь хаало ишта хьал. Къаьсттина дукха дIасакъестарш даьржина ГIалгIайчохь (3,5-зза сов)... Читать дальше...

Нохчийчохь вакцинаци йина 96 процент баккхийчарна

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь вакцинин хьалара компонет тоьхна 535 635 (96%) вахархочунна. ТАСС агенталле бина цунах лаьцна хаам регионерчу могушалла Iалашъяран урхаллан пресс-гIуллакххоша. "Карарчу заманчохь республикехь хьалхара барам тоьхна 535 635 стагана, мехий детта леринчу терахьах 96 процент ду иза. 60 шарал тIехбевлларш бу царлахь 48,1 процент. ХIокху жигарчу боларехь вакцинаци яр кхин а дIахьахь, кампани йерзор ю гергарчу хенахь", - билгалдаьккхина пресс-гIуллакхоша.  Оцу юкъанна, коронавирус яржаран официалан статистикано гойтуш ду... Читать дальше...

Краснодарехь герзаш диттинчу веа нохчочунна хенаш кхайкхийна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу веа вахархочунна набахтехь яккха 3,5 шарна тIера 17 шаре кхаччалц хенаш тоьхна кхело, Дагестанера цхьа вахархо а вуьйш, нисделлачу кхийсаршкахь. ПхоьалгIа жоьпе озийна ГIалгIайчуьра вахархо бехказа ваьккхина кхело, хаам бина Кавказский узел ресурсо. Бехкала хIиттийнера Нохчийчуьра схьаваьлла Габатаев Юсуп а, Нукманов ИбрахIим а, Мадаев Шамал а, Хамидов Халид а, ГIалгIайчуьра Кодзоев Шарип а. Уьш берриш а бехке бира, барт а бина, хацахьалеларна. Цул совнах, Габатаев бехкево, адаман могушаллина зен дарна а... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Касаткина проиграла Путинцевой и не смогла выйти в 1/4 финала турнира WTA в Мадриде






Минфин США вновь продлил разрешение на операции по энергетике с подсанкционными российскими банками

РЕН ТВ: в Москве школьник напал на студента с ножом из-за длительного конфликта

Уголовное дело против известного российского политолога Михаила Александрова является фальсификацией бакинского режима

Медведев сыграет с Бубликом в Мадриде