Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2021

Новости за 16.07.2021

Германехь хи тIедаларна нах белла

Radiomarsho.com 

Германин малхбузехь хи тIедалар бахьана долу велла 100 гергга меттигера вахархо. 1,3 эзар гергга ву малхбузерчу Арвайлерехь доь доцуш вайнарг. Хиш дестаран бахьана ду саццаза дилхина догIанаш

Набахтехь вовшахтоьхначу террорхойн юкъараллехь лаьттинчу ГIалмакхойчуьрчу вахархочунна таIзар дина

Radiomarsho.com 

"ДжамаIат" террорхойн юкъараллана тIехула долчу гIуллакхца номер 2 йолчу колонехь хан яьккхинчу Очиров Савелийна пхи шо хан кхайкхийна ГIалмакхойчохь. Талламан версица, 2015-чу шарахь оцу тобана юкъа вахна Очиров, ша колонехь воллушехь, церан могIаршкахь лаьттина 2019-чу шарахь ша маьрша ваккхалц. 2013-чу шарахь оццу номер 2 йолчу колонехь, бакъо йоцуш герзаш лелорна, таIзар токхуш хиллачу Дагестанерчу Гасанов Шахбана вовшахтоьхна хилла набахтехь террорхойн организаци, тIаьхьо церан могIарш дуьзна 100 тутмакхо аьлла хета талламчашна. Читать дальше...

100 сов стаг велла Германехь хи дистина, эзарал сов ву доьза вайнарг

Radiomarsho.com 

Германин малхбузехь хи тIедаьлла 100 гергга меттигера вахархо велла. Deutsche Welle ресурсо дуьйцу меттигерчу Iедалхошна тIетевжина, 1,3 эзар ца кхоччуш бу  Германин малхбузерчу Арвайлерехь доь доцуш байнарш. Бахьана ду - саццаза охьаоьхучу догIанаша хи дестор.  Оцу кIоштахь хаьдда мобилан зIе, цундела Iедалхойн дегайовхо лаьтта, шаьш болчу меттигах дIахаийта аьтто боцуш уьш бисина хила там бу аьлла, яздо Настоящее Время проекто. Eon энергокомпанин зерашца, карарчу заманчохь, 165 эзар гергга Малхбузерчу Германехь ток йоцуш бисина... Читать дальше...

Журналистан говзалла Оьрсийчохь хIаллакъеш ю, боху журналисташа

Radiomarsho.com 

"Арахьара агенташ" леринчу журналисташна тIехIуьттуш, дуьхьалонан акцеш ю дIайоьлхуш Новосибирскехь. Оьрсийчохь журналистан говзалла хIаллакъеш хиларх, дIахьедо акцин декъашхоша.  "Такие дела" ресурсан журналист Логинова Рита яьлла, "Журналисташ мостагий бац" Хаамийн гIирсаш маьрша хила еза!" аьллачу плакаташца гIалин юккъерчу майдана. Пикете ваьллачу кхечун плаката тIехь яздина ду: "Iедалхойх лаьцна талламаш бо "Проекто" - цуьнан авторех "арахьара агенташ" бо", "Журналистика - зулам дац". "Проект" ресурс "ца оьшу организаци ю" аьлла... Читать дальше...

ХIокху нехан кара лур ду герз

Radiomarsho.com 

Путинан пресс-секретара Песков Дмитрийc дIахьедина, гIалгIазакхашна Росгвардехь "ерриг а бакъонаш а лур ю, декхарш а хIиттор ду" аьлла.

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 57 дархо, ун даьлла ву - 1167

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, 57 дархо велла COVID-19 уьнах, кхин а тIе цомгаш хилла 1167. Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь велла 25 стаг, Норхчийчохь – бархI, Ставропол-махкахь а, Дагестанехь а - ворхI-ворхI, ГIебарта-Балкхаройчохь -виъ, Кхарачой-Чергазийчохь а, Адыгейхь а, ГIалмакхойчохь а - шишша велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми юкъаяьлчхьана велла COVID-19 вирусах 12 077 стаг. Къаьсттина дукха буу н даьлларш тIаьххьарчу дийнахь-буса Ставрополан кIоштахь, кIезиг бу – Адыгейхь. Читать дальше...

"Литвиненко Александран дахарх а, валарх а" опера гайтина Британехь

Radiomarsho.com 

2006-чу шарахь Лондонехь дIовш делла, вийначу къайлахчу сервисийн эпсаран Литвиненко Александран кхолламах лаьцна "Литвиненко Александран дахар а, валар а" цIе йолуш хIоттийна дуьненан опера гайтина исбаьхьаллин Grange Park Opera фестивалан гурашкахь Британехь. Аншлаг хуьлуш дIадаьхьна гайтар. Гольдфарб Александра язйинчу "Диссидентан Iожалла" (оьрсийн матте гочдарехь - "Саша, Володя, Борис. Верах истори) книгин буха тIехь кхоьллина ю операн сюжет. Цо дIалоцу Литвиненкос къайлахчу сервисашкахь болх бина мур а... Читать дальше...

ГIаттамхошна гIо дина ву аьлла бехкаш дехкина ГIалгIайчуьрчу кхаа вахархочунна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь меттигера кхо вахархо лаьцна (25,35,40 шераш), гIаттамхошна гIоьналла латтийна ву аьлла. Талламан версица, 2011-2015-чу а шерашкахь тIемалошна сурсаташ латтийна цара, ГIалгIайчухула машенахь дIаса а лелийна, уьш гIаттамхой буй хуушшехь. Лаьцначех цхьангара тапча яьккхина, ницкъхоша хаам барехь, лехамашкахь а хилла иза. Бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даьккхина царна, герзашца лелачу тобан декъашхошна гIоьналла латторна а, бакъо йоцуш герз лелорна а, яздо Кавказский узел ресурсо. 1999-... Читать дальше...

РСЕ/РС Радионо емалдо журналисташ "арахьарчу агентийн" тептаре бахар

Radiomarsho.com 

Радио Маьрша Европа/Маршо Радио (Радио Свободная Европа/Радио Свобода) медиакорпорацин президент Флай Джейми саготта ву Оьрсийчоьнан юстицин министралло "арахьарчу агентех" дIатохарна оьрсийн сервисан журналист Маетная Елизавета. "Аудиторина ма-дарра бакъдерг довзийтархьама, шайн корматаллехь карадирзинчух пайдаоьцуш болу, Оьрсийчоьнан бакъболу патриоташ бу тхан белхахой. Бозуш боцчу хаамийн гIирсашна Кремло шен тIелатарш чIагIдарца Оьрсийчоьнан бахархойн аьтто ца хуьлу шайн пачхьалкхехь кхераме хьал тIехIоьттича... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Ига Свёнтек

«Ну и кто сказал, что женский теннис — это скучно?» Свёнтек — после матча с Соболенко






В Москве 5 мая ожидается облачная погода

Депутат Семигин vs боец «Топаз»: важные вопросы (ФОТО)

В Госдуме рассказали, кого нейросеть может лишить работы

Синоптик Вильфанд: погода в России на месяц отстала от климатического развития