Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2021

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах 55 дархо велла, цомгаш хилла кхин а 1071

0
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 55 пациент, кхин тIе цомгаш хилла – 1072.


Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 24 стаг, Нохчийчохь – бархI, Ставропол-махкахь а, Дагестанехь а – ворхI-ворхI, Кхарачой-Чергазийчохь - виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь – кхоъ, ГIалмакхойчохь – шиъ велла.


Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах  11 906 стаг.


Къаьстина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан кIоштахь, Адыгейхь  бу уггар кIезиг.



Ставропол-мохк + 220 (59 531 пандеми яьржичхьана) Краснодаран кIошт + 211 (54 615)
Дагестан + 195 (38 114)
Нохчийчоь + 101 (13 749)
ГIалмакхойчоь + 98 (22 759)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 64 (25 587)
Кхарачой-Чергазийчоь + 52 (21 381)
ГIалгIайчоь + 49 (16 663)
Къилбаседа ХIирийчоь + 47 (17 743)
Адыгей + 35 (15 454)


Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун хааделла ву верриг а 2855 96 стаг. Йоллу Оьрсийчохь бу уьш тахана, Товбеца-беттан 13-чохь, официалан хаамашца, 5 833 175* коронавирус кхетта нах.


*Оьрсийчоьнан официалан статистикано чоьте эцна аннексий инчу ГIирмера хьал а цхьана.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса