"Арахьарчу агентех" низам юхадаккхар тIедожийна 150 НКО-с а, зорбанаша а
Шинарин дийнахь Change.org сайтехь а, куьйгаш яздинчу дуккхаъчу хаамийн гIирсийн сайташкахь а зорбане яьккхина петици. АгIонашка хIотточу юкъанна хIинцале а куьйгаш таIийнера цунна 150 ца кхоччуш организацино. Карарчу заманчохь таро ю бахархойн а цунна куьйгъяздан. Хьалхарчу цхьана сахьтехь 3 эзар гергга стага куьйгаш таIийра цунна.
Пачхьалкхан Думе а, Федерацин Кхеташоне а, омбудсмене а хьажийначу документа тIехь яздо, 2021-чу шарера схьа дуьйна Оьрсийчоьнан юстицин министралло арахьарчу агентийн реестре яхарх 6 хаамийн гIирс а, 20 журналист а, 7 коммерцица йоьзна йоцу организаци (НКО) а. Дахначу шерашкахь "арахьарчу агентийн" тептаре язйира 200 сов организаци а, журналист а. ДIахьедарна куьйгаш яздинчарна хетарехь, ша низам хаамийн гIирсашна а, бахархошна а тIеIаткъамбан Iалашонца юкъадаьккхина ду.
"Арахьарчу агентийн" статусе баьхнарш Iитталучу проблемех яздина петицехь – "дукхахйолу организацеш болх саца а бина, дIайоха декхаре ю". Вукхарна гуттар а тIехь латтош контрол ю, ишта бертаза дIайохо кхерам а лаьтта. Петицин авторша кхайкхамбо документехь, доллу "арахьарчу агентех" низам юкъарадаккха аьлла.
Хьалхо цхьа могIа хаамийн гIирсийн коьртачу редакторша, шайлахь "Новая газета" а, "Эхо Москвы" радиостанци а йолуш, тIедожийра низамехь хийцамаш бе аьлла. Кремлан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дан тарлург ду иза элира. Хьалхо Iедалхоша шаьш а цхьаьна бехира, цхьацца пункташ хуьйцур ю аьлла, амма хIетте а низам тIаьхь-тIаьхьа чIагIдеш ду.
Петицина куьйгаш яздина реестре язйинчу а, ца яьхначу а организацеша. Царлахь ю:
ГIоьналин фондаш «AdVita», «Антон тут рядом», ЛГБТ-кинофестиваль «Бок о Бок», Маьрша историн юкъаралла, «Диссернет», Комитет «Гражданское содействие»*, Iазапна дуьзьалояран Комитет, бакъонашларъяран центр «Мемориал»*, Москван Хельсинкан Группа, Фонд «Подари жизнь», Сахаровн центр*, Baza, «Бумага», «Важные истории»*, Wonderzine, «Дождь»* Телеканал, Медиазона, Медуза*, ОВД-Инфо, Радио «Эхо Москвы», кхин ерш а.
"Арахьарчу агентех" низам юкъадаьккхина 2012-чу шарахь. ТIаьхьо "арахьарчу агентийн" статусе язбира хаамийн гIирсаш а, журналисташ а, бакъоларъярхой а. Свобода Радио а, цуьнан проекташ а уггар а хьалха язйира "Зорбанаш-"арахьара агенташ" аьллачу реестре
РСЕ/РС корпораци реза ца хилла оцу сацамца.
* - "арахьрачу агентийн" йа "зорбанаш- "арахьара агент" "реестре яьккхина организаци