Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Июль
2021

Новости за 04.07.2021

Филиппинашкахь тIеман кема доьхна, мел лахара а 17 стаг велла

Radiomarsho.com 

ТIеман-транспортан Lockheed C-130 кема Филиппинийн къилбехь охьахаочу заманчохь доха а доьхна, даьгна, хаам бина Reuters агенталло. Кеманчохь хилла 92 стаг, къаьстина, царех велла 17 карийна хилар. "Лазийна 40 кIелхьарваьккхина, кхин дIа а нах лоьхуш, белхаш дIахьош бу", - аьлла ду пачхьалкхан тIеман министро динчу дIахьедарехь. Холо гIайритIерчу тIеман лазартне кхачийна чевнаш хилларш. Пачхьалкхан къилберчу Патикул муниципалитетан кIоштахь йолчу Сулу провинцехь хилла бу бохам. Масех чакхарма... Читать дальше...

ТIалибашца тIемаш бинчул тIаьхьа 300 овхIанхойн эскархо юхаваьлла Таджикистане

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно йихкинчу террорхойн организацийн могIаре яьккхинчу "Талибан" радикалан исламистийн боламо шен контроле оьцучу Бадахщин провинцера юхаваьлла 300 сов овхIанхойн тIемало Таджикистанан дозане чувитина. Свобода Радион таджикийн сервисо бина цунах лаьцна хаам, дозанхойн урхалло динчу дIахьедарна тIетевжина. Цхьана кIиранчохь кхозлагIа хиллла хIума ду иза. Iедалхойн позицешна тIалибаш тIегIертачу юкъанна уьдуш бу тIемалой. ТIаьххьарчу кIиранашкахь церан аьтто хилла иттаннашкахь кIошташ шайн караерзо. Читать дальше...

Юкъарчу транспорта тIехь а, маьждигашкахь а масканаш лелон декхаре бина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Юкъарчу транспорта тIехь масканаш лелор юкъадалош ду Нохчийчохь тахана, Товбеца-беттан 4-чохь дуьйна, махкахь коронавирусан ун даржа доларна аьлла, хаам бина транспортан а, зIенийн а министралло, яздо РБК агенталло. "Масканаш йоцу пассажираш транспрта чу буьтур бац махкахь. Белхан хенахь масканаш лелор шога лардан дезар ду юкъарчу тарнспортан урхалла дечийн а", - аьлла, билгалдаьккхина ду хаамехь. ТIетаьIIина коронавирсан ун даьржаш хиларца доьзна юкъабалийна и барамаш аьлла, кхетийна министралло. Читать дальше...

Нохчийчоьнан вахархо шайн пачхьалкхера араваккха гIоьртина Украинан миграцин хьукмат

Radiomarsho.com 

Украинан малхбалехьа оьрсийн сепаратисташна а, эскархошна а дуьхьал тIемаш бина Нохчийчуьра вахархо Читаев Рамзан шайн пачхьалкхера араваккха гIоьртина Украинера миграцин хьукмат. Адамийн бакъонашкахула йолчу Украинан Хельсинкан юкъараллан (УХСПЧ) директоро Павличенко Александра бина и хаам Кавказ.Реалиига. "Цо билггал "Аьтту секторан" декъехь кхаа эвлахь тIемаш бина хиларх тоьшаллаш кхаьчна тхоьга, тхайн партнерашка дехар дина оха, цунна адвокат ло аьлла", - дийцина Павличенкос. Цо ишта билгалдаьккхина, Читаев Оьрсийчоьнан вахархо хилар а. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Ролан Гаррос

Свёнтек сравнялась с Шараповой по победам на турнирах Большого шлема






Любимый внедорожник россиян стал еще доступнее: известна цена

Автостат: наиболее распространенным кроссовером в Москве является Nissan X-Trail

Объем сделок на ПМЭФ-2024 превысил 6 трлн рублей

Москвич застрял пенисом в цементе, когда делал его скульптуру