Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Июль
2021

Новости за 20.07.2021

КадыровгIар Балканашкахь: хьанна оьшу иза – бусалбанашна я Путинна?

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу шина бетта чохь Балканаш хьахочу хаамашкахь яьхна "Кадыров" цIе. Дуьйцура, Сербехь хьумаршан Кадыров Ахьмадан, Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхочун ден, цIе тиллина урамна, цуьнан цIе лелор ю цигахь йилла леринчу хьафизийн хьуьжаро, бохуш. Кадыровн-воккхахчун цIе туьллур ю аьлла парканна Къилбаседа Македонехь. Боснехь а хир ю Кадыровн Ахьмадан парк, цул совнах, тIай хир ду Кадыров Рамзанан цIе лелош. Хьехавора Нохчийчоьнан таханлера куьйгалхо Сербин Республикан а, Боснин а, Герцоговинан а фестивалехь. Читать дальше...

Кадыровн Сербера бусалба школа

Radiomarsho.com 

Серберчу бусалбанаша бакъ ца до, Оьрсийчоьнан зорбан гIирсашкахь хаам бина ма хиллара, шаьш Нохчийчоьнан куьйгалле дехар динера Нови-Пазарехь Къуран Iамо школа а йиллий, цунна Кадыров Ахматан цIе тиллахьара аьлла дехар дина бохург. Амма школа хиларна дуьхьал бац уьш.

Ставрополан махкара некъан полицин урхаллан хьаькамаш лецна полицино

Radiomarsho.com 

Росгвардино дIалаьцна Ставрополан кIоштахь регионалан некъан полицин урхаллан (ГИБДД) куьйгалхо Сафонов Алексей а, цуьнан масех белхахо а коррупци лелийна хиларца шеконаш кхоллаелла. Хаамийн гIирсашкахь яздо, оцу урхаллан 35 белхахо лаьцна ву аьлла. ТАСС агенталлан хьосто хаам барехь, Сафонов лаьцна коррупцица доьзна а, даржашца лелийначу а зуламашна бехкевина. Шеконашца лецначийн белхан кабинеташ чохь талламаш бу дIахьош. Хаам барехь, лецна болу ГИБДД-н белхахоша "зуламан тобанан декъахь духкуш хилла документаш а... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса кхелхина коронавирусах 58 стаг. Ун даьлла 1217-на

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах велла 58 дархо, кхин тIе а цомгаш хилла – 1217 стаг. Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь велла 27 пациент, Нохчийчохь – бархI, Ставропол-махкахь – ворхI, Дагестанехь -виъ, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа-ХIирийчохь  а, ГIалмакхойчохь а – кхоккха велла, ГIалгIайчохь - цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми юкъаяьлчхьана велла COVID-19 вирусах 12 308 стаг. Къаьсттина дукха бу у н даьлларш тIаьххьарчу дийнахь-буса Ставрополан кIоштахь... Читать дальше...

Кадыровн цIарах шайна школа йе ца баьхна Сербин бусулбанаша

Radiomarsho.com 

Нови-Пазар гIалахь КъорIан Iамон Кадыров Ахьмадан цIе а туьллуш, школа йе аьлла, Нохчийчоьнан Iедалхошка шаьш дехар дина бохуш, Оьрсийчоьнан зорбанашкахь дуьйцург бакъ дац аьлла, дIахьедина Серберчу бусулбанаша, яздо Кавказ.Реалиино. "Дукха хан йоццуш Европерчу бусулбачийн форуман делегацина дагадеанера КъорIан деша Iамош Исламан центр хьалаян. Цунна тIаьххьа Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа тIечIагIдира, инициативана гIо лаца чIагIо а еш", - хаам бина Серберчу Исламан юкъаралло Свобода Радион Балканан сервисе. Читать дальше...

ГIурбан денош дуьйладелла тахана бусалбанашна

Radiomarsho.com 

Тахана, Товбеца-беттан 20-чохь дуьйна ГIурбан (ал-Адхьа) денош дуьйладелла бусалбанашна. Ислам динехь уггаре дезаде (Iийд) лоруш ду Iийд ал-Адхьа. ГIурба дарца доьзна кхо де мукъа кхайкхийна ду Нохчийчохь. ГIурбан де даздеш бу эзарнаш махкал арахьа беха нохчийн махкахой а. Оцу юкъанна, карачу беттан 9-чохь дуьйна маьждиге буьтуш бац вакцинаци йина аьлла, сертификат карахь доцурш. Меттигерчу бахархоша даредора маьждига чувоьдучохь ха деш полисхой бу, низам лардайта хIиттийна аьлла. ГIурбан... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Пресс-служба WTA мемом отреагировала на тяжёлую победу Свёнтек над Осакой






50 дней без еды. Россиянин выжил после голодовки

Прощайте, школа и полмиллиона: сколько стоит обучение в вузах для детей знаменитостей

Гонщики «КАМАЗ-мастер» показали свое мастерство на фестивале Drift Expo

Курьеры мошенников помогли «избавиться» от сбережений жительнице Приморья