Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Июль
2021

Новости за 17.07.2021

Вакцинаци йина аьлла харц кехаташ даьхна меттигера вахархо бехкевина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Коронавирусан инфекцина дуьхьал вакцинаци йина бохуш, харц кехаташ духкуш хилла 63 шо долу ГихтIера Тучаев Джамалайла лаьцна Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Лаьцначуьнца яьккхина видео инстарамерчу урхаллан сайте хIоттийна, яздо Кавказ.Реалиино. "Оцу хенахь цхьана а кепара дог дацара сан вакцинаци яйта. ХIинца кхета со, нийса суо цахиларх, ас дан дезаш дацара и. Со медик а вац, говзанча а вац. Хала хетахь а, даьлла соьгара и", - боху Тучаевс камера чу а хьоьжуш. Махкарчу кеп-кепарчу... Читать дальше...

Нохчийчуьра вахархочунна йиттинчу Австрерчу ялх полисхочунна таIзар дина

Radiomarsho.com 

БархI баттера 12 батте кхаччалц арахь яккха хан кхачийна Венерчу ялх полисхочунна, тIелатар дарна а, тоьшаллашца фальсификаци лелорна а, шайн йолчу бакъонел тIехбовларна а. Уьш бехкебина, 2019-чу шарахь Нохчийчуьрчу вахархочунна еттарна Вена-Фаворитен кIоштарчу казинохь. Оцу чохь хIиттиначу камераша дIаяздинарг стохка аьхка хаамийн гIирсашкахь Iорадаьлча гучуделира хиллачу инцидентах, яздо Austria Today гIирсо . Видео тIехь гуш ду, Нохчийчуьра схьаваьллачунна етташ шина полисхочо, ткъа вукхо дуьхьало ца йо. Читать дальше...

Германехь хи тIедаьлла беллачу нехан терахь 130-нне гIоьртина

Radiomarsho.com 

Германин малхбузехь хи дистинчул тIаьхьа беллачу нехан терахь 130-нне кхиъна, хаам бина Bild журнало. Зенаш хилла 600 сов вахархочунна. Де хьалха оцу регионехь юха а цIеххьашха телхина хенан хIоттам, догIанаш ихина. Къилбаседанера Рейн -Вестфалия федералан лаьтта тIехь хи тIедаьллачу бохамехь велла  43 стаг, кхин а 90 кхелхина Рейнладн-Пфальцехь. Де хьалха Эрфтштадт-Блессем муниципалитет дистинчу хе дӀахьулйинчул тIаьхьа алсамбевлла белларш, хи бухахь нисъелла пассажирашца цхьаьна масех машен. Читать дальше...

Терка чу вахначу кхиазхочун дакъа схьакарийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Масех де хьалха Неврехь охьадогIучу Терк хи чу вахначу кIентан дакъа схьакарийна, иза лийчинчу меттигна 3-4 чакхарма дехьа, хаам бина Новости агенталлана Нохчийчуьрчу орцан министралло. Урхаллан информацица, кхиазхо лаха араваьллера 256 стаг, шайлахь махкарчу орцан а, чоьхьарчу гIуллакхийн а министраллийн волонтераш а болуш, иштта тIеоьзнера 5 техника а, нека ден 6 гIирс а. "Карарчу беттан 13-чу дийнахь Невран йистехь Терка чу ваханера и кхиазхо. Цуьнца цхьана хиллачу доттагIчун ницкъ ца тоьънера цунна орцах вала... Читать дальше...

Кхо бер лачкъийначу Церетилован хиллачу хIусамден бакъонаш лахйина кхело

Radiomarsho.com 

Шен берийн ден Мохьмадан бакъонашна доза тохар дехначу 33 шо долчу Церетилова Нинин иск кхочушйина ХIинжа-ГIаларчу кхело, яздо Настоящее Время телеканало. Инстаграмерчу шен сторизехь бина цо и хаам. Дас лачкъийна дIадигинера Церетилован ши бер - кIант а, йоI а, цунна алименташ тIеэгош кхо дехар чуделлачул тIаьхьта. Кировн кIоштан кхело 2020-чу шарахь аьхка сацам бира Мохьмадехьа, Церетилова "оьзда йоцуш лелаш ю", сирла-цIен басе яьхна, йоца месаш йолуш, татуировкаш яхкийтина а, пирсинг лелош аьлла, цо дIадийцича. Читать дальше...

"Пондаран аз"– заманна хIоттийна хIоллам

Radiomarsho.com 

1956 шо. 13-гIа шо ду нохчий Сибрех бахийтина. Сталин велла а даьлла 3 шо. Амма махкахдаьхна Юккъерчу Азехь а, Казахстанехь а хан токхучу къаьмнийн векалшна шайн дог дохийла ю аьлла а ца хета даймахка цIадоьрзур ду-кх шаьш аьлла. Делахь а, хийцамаш хиларан тоьшалла а хилла дIахIутту нохчий бохийначул тIаьхьа дуьххьара Казахстанан коьртачу гIалан Алма-Атан радиочухула хазийтина нохчийн а, гIалгIайн а мукъамийн историн концерт. И концерт кехат пондарца мукъам балош дIайолайо нохчийн халкъан артиста Димаев Iумара. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Александр Зверев

Зверев вышел в финал «Ролан Гаррос»






Алексей Касаткин будет исполнять обязанности министра природы Забайкальского края

EVENT DJ BATTLE ПРИВОЛЖЬЕ прошёл в ресторане «Максимилианс» 21 мая 2024 года

Хетаг Хосонов предсказал зимой выход ФК «Химки» в премьер-лигу

Победа далась нелегко: 80 лет со дня начала легендарной Выборгско-Петрозаводской операции