Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Июль
2021

Новости за 13.07.2021

Полицин хьаькамо жоп дехна бала балхорна

Radiomarsho.com 

Кертахь даьхний лелочу шена йол ца юхку аьлла, бала балхийначу вахархочуьнгара бехк баьккхина Курчалойн кIоштан полицин декъан хьаькамо. "100-200 гектарашкахь латтанаш массара а дIалецна аренде", цундела дежийла йоцуш дисна шайн даьхний, бохуш латкъам бо юьртхочо

Басаевца цхьаьна леллачу ИдаловгIеран шина вешин гIуллакх кхеле дIакхачийна

Radiomarsho.com 

1999- чу шарахь Нохчийчоьнан Шелковскан кIоштахь Оьрсийчоьнан эскархошна тIелатар динчаьрца хилла ву аьлла, бехкевинчу ИдаловгIеран шина вешин Асланбекан а, Саламбекан а гIуллакх кхеле дIакхачийна. Оьрсийчоьнан Талламан комитето шайн сайта тIехь бина цунах лаьцна хаам. ИдаловгIарна бехкедиллина бандиталла лелор, федералан эскаршна кIелояр. Талламчаша чIагIдарехь, 1999-чу шеран Гезгмашин-баттахь таIзаре хIоттийна шиъ Басаев Шемала а, Хаттаба а буьйралла дечу тобанах дIакхетта хилла. Оццу шеран ГIадужу-беттан... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах 55 дархо велла, цомгаш хилла кхин а 1071

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 55 пациент, кхин тIе цомгаш хилла – 1072. Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 24 стаг, Нохчийчохь – бархI, Ставропол-махкахь а, Дагестанехь а – ворхI-ворхI, Кхарачой-Чергазийчохь - виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь – кхоъ, ГIалмакхойчохь – шиъ велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах  11 906 стаг. Къаьстина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан кIоштахь, Адыгейхь  бу уггар кIезиг. Читать дальше...

ГIаттамхошна гIо дина хила мега аьлла шеко йолуш лаьцна ГIалгIайчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

Несаран кIоштарчу талламан декъан белхахоша талла долийна 27 шо долчу ГIалгIайчуьрчу вахархочунна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх. Болчу хаамца, юучуьнца а, машенца а гIо деш хилла цо герзца лелачу тобанан декъашхошна. Цуьнан ц1ийнах хьожуш  бомба а, граната а карийна шайна аьлла, д1ахьедина талламхоша, яздо  "Кавказский узел" зорбан гIирсо. Талламчаша чIагIдарца, 2014-чу шеран Охан-баттахьдуьйна  ГIадужу-батте кхаччалц шеконашка эцначо, мехкан ши вахархо гIаттамхо вуй хуушшехь, латтош хилла цу шинна кхачанан сурсаташ... Читать дальше...

"Москвана тIехьожу" криминалан авторитет бехкевина нах байъарна

Radiomarsho.com 

Ши стаг верна а, зуламхойн тIегIанашкахь лаккхара меттиг караэцарна а, бакъонца доцуш герз лелорна а бехкаш дехкина Москварчу Талламан комитетан урхаллан талламчаша къуйн авторитетна Исмаилов Рашадна. Талалмчийн версица, 2009-чу шарахь Измайловн шоссехь машенна тIе герзаш а диттина, ши стаг вийнера Исмаиловс. "Прайм Крайм" ресурсан хаамашца, "Москвана тIехь терго латториг" вара Исмаилорв Рашад. 43 шо ду цуьнан, Азербайджанера схьаваьлла ву иза, «къуйн эла» ву аьлла, тIечIагIвина  Исмаилов 2013-чу шарахь. Читать дальше...

Мессенджерехула хаам баржорна юьхьяьккхина вахархочуьнгара Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Шен кертахь даьхний лелочу шена йол ца юхку аьлла, WhatsApp-н мессенджерехула шен доттагIчуьнга хаам бахьийтина меттигерчу вахархочуьнгара бехк баьккхина Куьрчала кIоштан полицин декъан хьаькамо Агуев Рустама. Нохчийчоьнан вахархочо, Агуевн инстаграмерчу аккаунтехь зорбане яьккхинчу видео тIехь чIагIдо, "100-200 гектарашкахь латтанаш массара а дIалецна аренде". И бохург ду, юьртахь бажа лалла меттиг а бац, ткъа шаьш долчохь даьхний кхаба элан цӀевнаш эца аьтто ца хилла цуьнан. "Хьайна йол ца юхку аьлла... Читать дальше...

Нурмагомедов Хьабиб реза вац юха лата

Radiomarsho.com 

Промоушенан президенто Уайт Дана Канадерчу латархочуьнца Сен-Пьер Жоржаца лата аьлла, ринге кхайкхина ша аьлла, дийцина UFC-н экс-чемпионо Нурмагомедов Хьабиба. "Хаам кхаьчна соьга цуьнгара: "Маршалла, Сен-Пьер Жорж хьоьца лата лууш ву". Ас жоп делира: Ас хIун дан деза?" Со хIоьттина. Билггал чекхдаьлла дерриг а", - аьлла Нурмагомедовс. 32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. UFC-хь 2012-чу шарахь дуьйна вара иза, цигахь 13-зза тоьлла. Читать дальше...

Шен йиша ерна кхеле озийна Гуьмсера вахархо

Radiomarsho.com 

32 шо долчу Гуьмсера вахархочунна дуьхьал айдина хилла бехктакхаман гIуллакх теллина бевлла талламан комитетан декъан белхахой. Иза бехке винера шен йоккхаха йолу йиша ерна, хаам бина меттигерчу хаамийн гIирсаша. Талламчийн версица, байначу беттан 2-чу дийнахь Гуьмсехь шайн чохь дов даьллачу вашас легаш Iаьвдина йийна шен 39 шо долу йиша. Тоъал тоьшаллаш гулдина шаьш, прокуроро бехк тIечIагIбина оцу бехктакхаман гIуллакхца доьзна, хаам бина талламхоша. Стохка Мангал-беттан 12-хь Гуьмсехь елла... Читать дальше...

ГIурбанна мукъаденош кхайкхийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь мукъаденош билгалдаьхна, меттигерчу бахархошна бусулбачийн дезачух ГIурбан де даздан, хам бина "Чечня Сегодня" агенталло. "Кху беттан 19-20-21-ра денош белхан дац, оцу деношкахь массо а мукъа хир ву гIурбанаш а дойуш", - аьлла, билгалдаьккхина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Iийд ал-Адхьа, нохчийн маттахь аьлча, гIурбан Iийда - бусалбачийн коьртачех дезде билгалдоккху Макка зиярте бахначеран хьаьж доьрзучу заманчохь. ГIурбан де даздар Москвахь дIахьура ду кхушара онлайн-рожехь аьлла... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Ролан Гаррос

Прямая трансляция матча Рыбакиной с победительницей четырех "Больших шлемов"






В Москве подвели итоги первого дня чемпионата по игре «Камень, ножницы, бумага»

Ислам Махачев прокомментировал победу над Дастином Порье на турнире UFC 302

Бывший возлюбленный Заворотнюк Жигунов не приехал на ее похороны

Гроза, переменная облачность и до +30°C ожидаются в Москве 2 июня