Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Июль
2021

Новости за 27.07.2021

Одесса, герз, санкцеш. Муха кхиадо Киевехь "нохчийн бандитан" васт

Radiomarsho.com 

Украинерчу нохчийн диаспорера иттаннаш бу макхахбаха мегаш. Бахьана – Одессехь хилларг: нохчочун ловзарга веъначу хьешо, украинахочо, ирх герз деттар. Кавказхошна депортаци ян магош санкцеш арахецна пачхьалкхехь Стигалкъекъа-баттахь. Таханлерчу президентан Зеленский Владимиран Iедало юкъаяьккхина, лелаш термин ю "къаьмнийн зуламалла" – бакъоларъярхошна гарехь, 2014-чу шарахь даржера вохийначу Оьрсийчоьнехьа хиллачу президентера Янукович Викторера схьаэцча санна ю и урхаллин кеп. Украинан охьатохархлатархочун... Читать дальше...

Вакцина яйтар тIедожийна Кадыровс

Radiomarsho.com 

Махкара массо а баккхийчара вакцина яйта еза коронавирусна дуьхьал, 60 процентна тIехь совцийла дац аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Вирусах бахархой кIелхьарабаха цхьаъ бен боцу некъ бу иза, аьлла цо

Навальный Алексейн сайт дIакъевлина Роскомнадзоро

Radiomarsho.com 

Роскомнадзоро дIакъевлина Навальный Алексейн сайт. И хаам бина оппозиционеран тобано, яздо Свобода Радионо. Роскомнадзоран реестрехь яздина ду, Инарла прокуратуро байначу беттан 15-чохь бинчу сацамца блок тоьхна сайтана. ХIетахь дIакъевлира Навальныйн штабийн сайташ а цхьаьна. Сайт дIакъовла бахьанаш дара аьлла, билгалдаьккхина урхалло "къепе йохо а, экстремистийн болх бан а, къепе йохош митингашкахь дакъалаца а нах юкъаийзош бахархошлахь кхайкхамаш бар". "Инарла прокуратурин сацамца дIакъевлина цхьанахеннахь 49 сайт... Читать дальше...

Кадыров а, Дагестанера блогер Хасбик а

Radiomarsho.com 

СагIийна "Мерседес" машен а елла, шена тIе тидам бахийтина юха а Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан куьйгалхочо рогIера машен елларг ву ша-тайпа куц долу Дагестанера вевзаш волу блогер Магомедов Хасбулла.

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 75 стаг велла коронавирусах

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 75 дархо, керла ун къаьстина 1 325 стагаца. Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 29 вахархо, Дагестанехь -11,  Нохчийчохь – 10, Ставропол-махкахь а, Кхарачой-Чергазийчохь а- ворхI-ворхI, ГIебарта-Балкхаройчохь – 4, Къилбаседа-ХIирийчохь – 3, ГIалгIайчохь а, ГIалмакхойчохь а - - шишша. Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 12 754 стаг, боху официало. Дийнахь-буса... Читать дальше...

Американ эскарийн Иракъера Iалашо ерзарх дIакхайкхийна Байдена

Radiomarsho.com 

202I-ра шо дерзале Американ эскарша Иракъера тIеман мисси ерзор ю аьлла, дIакхайкхийна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Джо Байдена. Иракъан премьер-министр аль-Кхазыми Мустафа Вашингтоне веача дина иштта дIахьедар Байдена, хаам бина Свобода Радионо. Регионехь къепе латторна Iаламат оьшург дара Иракъан Iедалхошца юкъахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан (Оьрсийчохь йихкина ю) экстремисташца къийсам латтор. Цо тешам белла Иракъан премьерна, тIеман хьехамчийн а, инструкторийн а рол... Читать дальше...

Ставрополера полисхо верна бехкевечо шен йиша йийна а хилла хьалхо

Radiomarsho.com 

Ставрополерчу полицин зуламаш толлучу декъан хьаькаман гIовс вийна аьлла, шеконашка эцначу 28 шо долчу Симбаригов ИбрахIима 2015-чу шарахь, цунна хетарехь, "тамбоцуш леларна" шен йиша йийна набахтехь хан яьккхина. Соьлжа-ГIаларчу Октябрьскан кIоштан кхело лаххара хан туьйхира цунна хIетахь. Кавказ.Реалиин каракхаьчна Симбариговн хьокъехь динчу таIзаран кехатан копи. Цу тIехь билгалдоккху, 2004-чу шарахь да-нана къаьстинчул тIаьхьа цуьнан жимахйолу йиша ненаца йисарх. "Йиша кхетош-кхиорехь жигара дакъалаца хьийзара да а... Читать дальше...

"Генетикан талламаша гергадуьгу къаьмнаш". ХIун лоьху нохчийн ДНК-проекто?

Radiomarsho.com 

Адамаш дIасадаржарх, церан тобанаш кхиар талларх йолу генетика (популяцин генетика) – керла Iилма ду, кхоладелла дIадахначу бIешеран 70-чу шерашкахь, ДНК-технологеш яржайоьлча. Делахь а цхьацца къаьмнех долу хаарш гучудоху методикаш вовшахтоха йолийна Iилманчаша карарчу бIешеран юьххьехь. Генетика доза доцуш шуьйра ю, амма историкна мехала ду цо археологица цхьаьна луш долу хаарш. Оцу цхьаалло бохьу пайда лаккхара бу халкъаш кхолладалар зуьйчу Iилманчашна. Масала, нохчийн этногенез кхоллаялар (кхечу... Читать дальше...

Коронавирусана дуьхьал массарна а прививкаш яр тIедожийна Кадыровс

Radiomarsho.com 

COVID-19 вирусна дуьхьал махкара массо а баккхийчара вакцина яйта еза, 60 процентна тIехь совцийла дац аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Вирусах бахархой кIелхьарабаха цхьаъ бен боцу некъ бу иза, аьлла цо, яздо Новости агенталло. "60 процентна тIехь севцна а ца Iаш, махкара боллу баккхийнаш мехий детташ чекхбаха беза вай. Цхьаъ бен боцу барам бу иза – бахархой уьнах ларбан бисинарг. Сайн аьтто баьллачуьра вистхила  луур дара суна махкахошка, шайн хенна прививкаш йе аьлла. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Уимблдон

Уимблдон и Олимпиада? Что нужно знать о планах Рыбакиной после Ролан Гаррос






«А что по островам?» Путин не стал включать дипломатию и прямо ответил японскому журналисту насчет Курил

Жена главы АНО «Цифровые платформы»: нож попал Щельцину почти в сердце

Путину предложено перенести столицу России в Сибирь

Воробьев поздравил победителей азиатской олимпиады по физике из Подмосковья