Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Июль
2021

Новости за 24.07.2021

Ставрополан кIоштахь полисхойн хьаькам вийнарг Нохчийчуьра хиларх шеконаш ю

Radiomarsho.com 

Яхначу буса Ставрополехь машенаш дIахIитточохь вийна номер 4 йолчу полицин зулам къасторан декъан хьаькаман гIовс волу Абовян Руслан. Карарчу заманчохь киллер лоьхуш ву. Коьллаш юкъара схьаваьллачу, бетах маска а, куьйгех каранаш а долчу стага полисхочун машенна улло а воьдий, цунна тапча етташ, арахьа хIоттийначу видеокамерано дIаяздинарг Iорадьккхина интернетехь. Къайлавала гIоьрту Абовян, амма киллеро тIаьхьа а волий, герз детта цунна. Цул тIаьхьа ВАЗ-2109 машенахь къайлаволу зуламхо. "Перехват" план кхайкхийра бакъоларъяран органаша. Читать дальше...

Оьрсийчохь таIзар дина шайн ши вахархо схьавоьху Американ Сенато

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессан Сенато пIераскан дийнахь резолюци тIеэцна, Оьрсийчохь кхел йина ши америкахо - Уилан Пол а, Рид Тревор а схьавалар тIедожош. Дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу Комитете кховдийна резолюцийн проекташ Демократин а, Республиканан а партийн векалша. Мичиганан цIарах волчу сенаторан Стабенау Деббин агIонехь бо и хаам, яздо Свобода Радионо. Шпионаж лелийна аьлла, 16 шарна хан тоьхна Оьрсийчохь 51 шо долчу Уилана а, 30 шо долчу Рид Треворна исс шо кхайкхийна, полисхошна дуьхьал тасавелла аьлла. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса 74 стаг велла уьнах

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусах кхелхина 676 дар, ун даьржина 1 285 бахархошлахь. Оперативан штабан статистикаца, Краснодаран кIоштахь велла уьнах 28 дархо, Дагестанехь - 15, Ставропол-махкахь а, Кхарачой-Чергазийчохь а - ворхI-ворхI, Нохчийчохь - пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь -виъ, ГIалмакхойчохь а, Къилбаседа-ХIирийчохь а - кхоккха, ГIалгIайчохь а, Адыгейхь а цхьацца кхелхина. Верриг а Къилбаседа Качвказехь уьнах чекхваьлла пандеми яьржичхьана COVID-19 вирусах 12 559 стаг. Читать дальше...

7 миллион соьмах даздийр ду Нохчийчохь Кадыров Ахьмадан 70 шо кхачар а, Оьрсийчоьнан байракхан де а

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалахь Кадыров Ахьмадан 70 шо кхачарна а, иштта Оьрсийчоьнан пачхьалкхан байракхан денна а лерина даздаран барамаш дIабахьа ворхI миллион соьмана тендер кхайкхийна Нохчийчоьнан Iедалхоша. Марсхьокху-беттан 22-23-чу а деношкахь, махкара эпидемин хьал ийгIина догIушшехь, Соьлжа-ГIалахь эзарнашкахь бахархой вовшахтоьхна, даздарш дIадахьа лерина бу. Аукционан техникан документаци тIехь билгалдаккхарца, Нохчийчоьнан шахьарна юккъехь карабогIучу беттан 22-чохь Кадыровн проспект тIера Путинан... Читать дальше...

Австрехь вен гIоьртина нохчийн блогер реза ца хилла Iедалхошка ша ларвайта

Radiomarsho.com 

Австрехь ша вен Iалашонца лерина тIелатар юкъахдаьккхинчул тIаьхьа блогер Магомадов Сайд-ХIусайн дуьхьал хилла полицига ха дайта, амма ша маьрша ца хета цунна. Шена кIелояр нохчийн Iедалхойн омраца дара аьлла цо.  "Австрин полицино само йира, суна чIогIа дика хета церан лелар. Полицино шаьш со Iалашвийр ву аьллера, амма со болх беш ву, ткъа даим а хаца лела суна атта хир дацара, цундела ца оьшу аьлла ас", - дIахьедина Магомадовс "Кавказский узел" интернет-ресурсан корреспонденте. Ша вен кхачийна нах Нохчийчохь бу аьлла хета блогерна. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Андреевой предрекли борьбу за топ-10 рейтинга WTA в текущем сезоне






«Эмоции нужно выражать культурно»: рэпер Звонкий — о политических взглядах, зрителях и хорошем вкусе

Порты ждут от РЖД расширения. Мост на Сахалин нужен не всем. ТЖД сомкнётся к концу года. Пульс ж/д за неделю в зеркале прессы

Жилищный запрос: новостройки юга России за год подорожали в полтора раза

Противники Пашиняна направились к зданиям парламента и администрации президента