Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Новости за 05.04.2021

Юха а нохчочунна депорт, Нохчийчохь лоьху харцо, Висмурадовс схьаяьккхина машен

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьне дIавала тарло Бельгехь веха нохчийн мухIажар Албаков Ислам; Нохчийчуьрчу харцонех бакъ болу хаамаш гулбан керла проект йолийна IАДАТ-о; Кадыров Рамзана совгIатна еллачу "Мерседесах" ваьлла латархо Емельяненко Александр

Къилбаседа ХIирийчуьрчу къанойн кхеташоно маслаIат дина чIирхошна юкъахь

Radiomarsho.com 

ХIирийн "Стыр Ныхас" кхеташоно маслаIат дина юкъа чIир йоьллачу ХадзиевгIарна а, ВалиевгIарна а юкъахь. Моздокерчу цхьахйолчу ресторан чохь Зазадокху-беттан 23-чохь урс диттина вийра ийначу кепехь долчу латарийн дуьненан чемпион Хадзиев Алан. Цул тIаьхьа цуьнан вашас Хадзиев Вячеслава бекхам бира 45 шо долчу Валиев Таймуразна. "Стыр Ныхасан" куьйгалхочун гIовса Еналдиев Казбека билгалдаккхарехь, шина цIийнах болу нах берта бахийта гIерташ, зулам иккхинчул тIаьхьа маса болх болийнера. Юкъаралхоша дакъа лецира тезетахь... Читать дальше...

Принц Хьамза лаьцна латтош ву Урдунехь?

Radiomarsho.com 

Урданан паччахьан Iабдаллахь ШолгIачуьнан жимаха волчу вашас принца бен Хьусайн Хьамзас дIахьедина, Iедалша шен цIахь лаьцна латтош ву ша аьлла. Бен Хьусайнан адвоката "Би-би-си" зорбан гIирсе дIаеллачу видео тIехь принца бехке бо мехкан куьйгалхой коррупци лелорна а, Iедал лело ца хаарна а, гIело ярна а.

Марс тIехула тIемадала кечдина Ingenuity жима-беркема

Radiomarsho.com 

Американ аэронавтикехула а, космос талларехула а йолчу Къоман урхалло (NASA) Марс планетина тIе дIахьоттийна Ingenuity (Кхолладалар) цIе йолу жима-беркема, иза цунна тIехула тIемадаккха дагахь. Цунах лаьцна хаам бина NASA-но Твиттерехь, яздо "Американ аз" зорбан гIирсо. ТIех яйн тIемайолу и аппарат тIекъевлина яра Чиллан-беттан 18-хь ЦIечу планетина тIе охьахаийначу Perseverance (Къарцадалар) олучу Марсана тIехула лелачу машенна (роверна). Американ космосан агенталло Твиттерехь дIахIоттийначу... Читать дальше...

Висмурадовс схьаяьккхина машен, ткъа гIуданаш такхар спортхочунна тIехь ду

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана совгIатна еллачу "Мерседес" машенах ваьлла латархо Емельяненко Александр, "Ахмат" клубан куьйгалхочуьнца Висмурадов Абузайдаца хиллачу бертах эшначул тIаьхьа. Спортхочо дийцарехь, цуьнан машенахь хехкалучара тIехьерчон гIуданаш токхуш ву иза. Карладоккху, стохка Чиллан-баттахь кест-кеста маларх кхетий, харцахьа леларца гIараваьллачу Оьрсийчоьнан ММА-н латархочо Емельяненко Александра дош делира Нохчийчуьрчу латархойн "Ахмат" клубан куьйгалхочунна Висмурадов Абузайдна дийнна шарахь маларх ца кхета. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь велла коронавирусах 19 дархо, ун даьлла кхин а 334 стагана

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 19 пациент, вирус къаьстина кхин а  334 стагаца. Официалан зерашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина COVID-19 уьнах 11 дархо, Ставрополан махкхаь - кхоъ, Адыгейхь - шиъ, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а - цхьацца велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь велла COVID-19 вирусах 8 664 пациент. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Краснодаран кIоштахь - 103 стаг. Читать дальше...

Бельгино Оьрсийчоьне дIавала хьийзош ву Албаков Ислам

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьне дIавала тарло Бельгехь лаьцна латтон 37 шо долу нохчийн мухIажар Албаков Ислам. Оьрсийчоьнан версица, террорхойн организацехь дакъа лаьцна ву Албаков, иза дIавоьху Интерполехула. МухIажаран гергарчара а, нохчийн диаспоран векалша а чIагIдо, Албаковна тIаьхьабовлар а, цунна депорт яр а низамашкахь дац, цуьнгара дийцаме хIума даьлла дац, нагахь санна, иза дIалахь, цунна ницкъ бийр бу бохуш. Кавказ.Реалиин корреспонденте лаьцначун вашас Iимрана дийцарехь, церан доьзало - кхаа вашас а... Читать дальше...

Урданан хиллачу верасан принца дIахьедина, ша лаьцна латтош ву аьлла

Radiomarsho.com 

Урданан паччахьан Iабдаллахь ШолгIачуьнан жимаха волчу вашас, верасан принц (хир волу паччахь) сийлахь ц1е лелийначу бен Хьусайн Хьамзас дIахьедина, Iедалша шен цIахь лаьцна латтош ву ша аьлла. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион Оьрсийне сервисо. Бен Хьусайнан адвоката "Би-би-си" зорбан гIирсе дIаеллачу видео тIехь принца бехке бо мехкан куьйгалхой коррупци лелорна а, Iедал лело ца хаарна а, гIело ярна а. Хьалхо зорбан гIирсашкахь хаамаш баьржира, Iедал карчо дагахь къайлаха барт барехь дакъалаьцна... Читать дальше...

"Левада": 29% Оьрсийчуьрчу бахархоша харцо лору Навальныйна дина таIзар

Radiomarsho.com 

Навальный Алексей 2,5 шарна набахте хьажош кхелахоша бина сацам нийса бу аьлла 48 процент пачхьалкхан бахархоша.  Ткъа 29 проценто харцо лору. Кхин а 23 процент жоп дала ца хIоьттина. Ишта ду "Левада-центро" (Оьрсийчохь "арахьара агент" лерина) бинчу талламан жамIаш. Зазадокху-бутт бовш "Открытые медиа" хьостаца юкъахь вовшахтоьхнера центро шайн талламан хеттарш. Динчу жамIашца а догIуш, кхел харцонца йина ю аьлла хета Москварчу а, яккхийчу гIаланашкахь а, ярташкахь а бехачу кегийчу нахана. Читать дальше...

"Никх" цIарца проект йолийна Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарх хаамаш гулбан

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу хиламех лаьцна шайга бакъ болу хаамаш кхачон "Никх" ("Улей") проект юкъаяьккхина нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-канало. Шаьш лоцуш меттиг нислахь, къайлахчу парольца хаам бийр бу цара. Проект йолийначу масех дийнахь бIе гергга Нохчийчохь а, цул арахьа а веха нохчо зIене ваьлла цаьрца. ХIора телеграм-каналца зIене ваьллачо дIахоуьйту, муьлхачу эвлашкара хаамаш кхачон шен ницкъ кхочур бу. Масала, нагахь санна, махкара цхьаъ лачкъийна вигинехь, бюджетан белхахошкара бертаза Кадыровн Ахьмадан Фонде ахчанаш сецош меттигаш нислахь... Читать дальше...

Косовон парламенто шайн пачхьалкхан президент къобалйина 38 шо долу Османи

Radiomarsho.com 

Косовон президент хаьржина дахначу кIирандийнахь, Охан-беттан 4-чохь, 38 шо долу Османи Вьоса. 12- депутатах цуьнгахьа кхаьжнаш тесна 71. Стохка Лахьан-баттахь дуьйна, цул хьалха президент лаьттинчо дарж охьадиллинчул тIахьа, президентан декхарш ханна кхочушдеш схьайогIура Османи. Тачи Хаами Гаагерчу кхело бехкевира тIеман зуламаш лелорна. Косоверчу оппозицин партеша а, бакъоларъярхоша а емал дира Османи Вьоса президентан даржехь къобалъяр, хIунда аьлча, премьер-министр а, парламентан спикер а санна... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Азаренко проиграла в 1/16 финала турнира WTA-1000 в Мадриде






С 1 мая. В России введены новые правила денежных переводов по номеру телефона

Горячая степь: что посмотреть и чем заняться в Калмыкии весной

В Москве открывается выставка трофейной военной техники

Аркадий, ты где?