Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Новости за 20.04.2021

Валарг-Хи. Гайта магийна йоцу нохчийн гейх яьккхина фильм а, цуьнан режиссер а (хьалхара дакъа)

Radiomarsho.com 

Хазов-Кассиа Сергей Документалан кинон "Артдокфест" фестивало гайтамна  юкъаръяьккхина Нохчийчохь гомосексуалийн бакъонаш къуьйсучу жигархочух лаьцна йолу "Тийна аз" ("Тихий голос") фильм Шамаев Сулиманах тера волчу стага (шен инстаграмехь Шамаевс ша Пачхьалкхан Думерчу Нохчийчуьрчу депутатан Саралиев Шамсаилан гIоьнча ву боху) кхерамащ тийсарца доьзна. Къайлахчу петарахь фильме а хьожуш, режиссерца къамел дира Радио Свободан корреспондента. Нохчийчохь ЛГБТ-наханна гIелонаш яр гойтуш дуьххьара... Читать дальше...

"Тхуна ца лаьара кхузахь зулам динарш оьрсийн агенташ хуьлийла" – Врбетицерчу бахархоша 2014 шарахь динчу лелхийтарех

Radiomarsho.com 

Чехино Врбетице юьртарчу герзаш латточу гIишлошкахь лелхийтарш дарна бехкебина Оьрсийчоьнан ГРУ-н белхахой Мишкин Александр а, Чепига Анатолий а. Уьш Чехе баьхкина Боширов Русланан а, Петров Александран а цIерш тIехь йолчу паспорташца, оццу агенташа и паспорташ лелийна СкрипальгIарна дIовш дала Британе боьлхуш а.

Навальныйгахьа акци хIотточу дийнахь студенташ кино хьовса декхаре бина

Radiomarsho.com 

Оппозицин политикан Навальный Алексейн штабе хаам бина Ставрополан пачхьалкхан аграран университетан дешархоша, дуьхьалонан митинг кхайкхийначу дийнахь шаьш аудитори чохь кино хьовса дуьтуш ду - хIун филм ю хууш дац аьлла. "Кхана суьйранна ялх сахьт даьлча хьалхарчу аудитори чохь цхьа фильм ю гойтур йолуш. Йоллу курс цигахь хила еза, цабаьхкинчаьрга уьйтIе цIанйойтур ю аьлла", - ишта информаци яржийначу группан кураторан хаам жигархошка дIахьажийна цхьахволчу студенто. Нуьцкъаша кино хьовса дешархой... Читать дальше...

Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирме Соьлжа-ГIалара кеманаш лелар ду

Radiomarsho.com 

Симферополан а, Соьлжа-ГIалин а аэропортийн барт хилла, 2015-чу шарахь сацийна кеманаш лелар юхадендан карарчу беттан 30-чохь дуьйна. Оцу кепара хаам бина журналисташка Симферополерчу аэропортарн пресс-гIуллакххоша оршотан дийнахь.  "Ялх шарахь юкъахъяьхна латтийна Соьлжа-ГIалара рейсаш Охан-беттан 30-чу дийнахь дуьйна юха йолор йолуш. Nordwind авиакомпанин кеманаш ду дIасалелар долуш", - аьлла ду бинчу хаамехь. Embrarer E190 кеманаша кIиранах шозза дIасалелор бу бахархой. ХIинццалц схьа Nordwind-ан кеманаш оцу маршрутца лелла дац. Читать дальше...

24 стаг велла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса. Цомгуш хилла кхин а 279

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 24 пациент велла, цомгуш хилла кхин а 279. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 12 стаг велла коронавирусах, Ставропол-махкахь – 5, Дагестанехь – 3, ГIалмакхойчохь  - 2, Нохчийчохь а, ГIебарта Балкхаройчохь а цхьацца кхелхина. Къилбаседа Кавказехь пандеми йолаелчхьана верриг а велларг ву COVID-19 уьнах 9 090 вахархо. Цамгар кхетта уггаре дукха наханна Краснодар-махкахь, кIеззиг бу ун даьлларш ГIалмакхойчохь. Читать дальше...

Администрацин белхахоша тIелатар дина шена аьлла, дIахьедина Дагестанерчу жигархочо

Radiomarsho.com 

Дагестанские Огни гIаларчу жигархочо Агабеков Рамиса дIахьедина, меттигерчу администрацин белхахоша шена динчу тIелатарх."Черновик" интернет-ресурсо бина цунах лаьцна хаам. Шен доттагIашца цхьана хи цахиларх дийца дагахь гIалин мэрца цхьанакхета лууш хилла иза Охан-беттан 19-чохь, цо дийцарехь. Агабековс чIагIдарехь, масех хаттар кхо динчул тIаьхьа, цунна тIебалийна хилла "мажош йолу спортхойн куьцехь догIмаш даьхна" кегийрхой. Цара кхуьнан духарш ийзош, шаьш еттар ю бохуш, кхерамаш тийсина. ... Читать дальше...

Шемара 44 бер даймахка далийна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан тIеман министраллан кеманца Шемара шина шарера ялхийтта шаре девлла 44 бер далийна. Подмосковьерчу Чкаловскийн аэропортехь оршотан дийнахь охьадоьсина кема. Берийн могашалла зийначул тIаьхьа Дагестанерчу а, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу а, Ставрополан кIоштарчу а церан гергарчаьрга дIакхачор долуш ду уьш. Бераш цIа дало Шема яхначу Оьрсийчоьнан берийн обудсмено Кузнецова Аннас бина цунах лаьцна хаам. "ХIинццалчул а дукха бераш далийна оха хIинца - 44 бер.  Масех беран могашалла дика яц... Читать дальше...

Яхиханов Рустам: «Къоман сибат деза ду суна»

Radiomarsho.com 

Петербургехь кхиина а, цигахь корматалла яхчийна а суртдиллархо ву нохчо Яхиханов Рустам. Оьрсийчоьнан цхьацца гIаланашкахь хуьлу цуьнан суьртийн гайтамаш, дукха хьолехь цигахь бо цо шен болх а. Делахь а коьрта тема ю Рустамна нохчий, Нохчийчоь: истори, дай, къам, цуьнан гIиллакхаш. Наггахь бен ца нисло даймахка вахар, амма цигахь «гулбо» цо битамаш, тидамаш, похIмаллина кхача. Яхиханов волчохь хилира Маршо Радион корреспондент.

Навальный маьршаваккхар тIедожош резолюцехула кхаьжнаш тосур бу ПАСЕ-хь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан оппозиционер Навальный Алексей маьршаваккха аьлла, кхайкхам беш резолюцин проект кечйина Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн (ПАСЕ)депутато. ТIедогIучу еарин дийнахь, Охан-беттан 22-чохь, оцу документца кхаьжнаш тасар долор долуш ду. DW гIирсо яздарехь, оцу дийнахь Страсбургехь сиха йолу дебаташ дIаяхьа лерина бу Навальный лацарх а, иза набахте хьажорх а лаьцна. Товбеца-бутт карабале политик маьршаваккхар тIедожош резолюци хIоттийна хинйолчу дебаташкахь къамел дан леринчу  францхойн депутато Мэр Жака... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

WTA огорчила Елену Рыбакину после турнира в Мадриде






Президент Кубы заявил, что начинает рабочий визит в Россию

Масштабная утечка: хакеры взломали сервера Минобороны Великобритании

Столичный бизнес нарастил энергопотребление в январе-марте 2024 года на 6,2%

Ряд улиц перекроют в центре Москвы из-за инаугурации президента