Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Новости за 16.04.2021

Бакъоларъярхой: Нохчийчохь 27 стаг вер талла деза дерриг дуьнено, амма харцо ю Гадаевца лелориг а

Radiomarsho.com 

Бакъоларъярхойн кхайкхам: дуьненаюкъарчу талламчаша зен беза Нохчийчохь 27 стаг верах болу хаам; Францерчу а, Оьрсийчуьрчу а бакъоларъярхоша емалдина Гадаевна депортаци яр

Навальныйн агIончийн электронан почтин база зорбане яьккхина хакерша

Radiomarsho.com 

Бевзашбоцучара зорбане яьккхина Навальный Алексейн агIончийн электронан почтин база, довзийтина оппозиционер мукъаваккхийтарехьа митингашка баха леринчара яздина кехаташ. База билггал шайниг хилар бакъдина коррупцина дуьхьалоечу фондан директора Жданов Ивана. Оьрсийчоьнан Iедало "арахьарчу агентийн" реестре язйинчех ю Фонд (ФБК). "Доккха тохар ду ФБК-на цо Валдайра Путинан резиденцех дерг къастош бина таллам баржочу дийнахь динарг", – билгалдаьккхина Навальныйн нийсархочо. Нахалъяьккхина 529 эзар электронан почта... Читать дальше...

Бакъоларъярхойн кхайкхам: дуьненаюкъарчу талламчаша зен беза Нохчийчохь 27 стаг верах болу хаам

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоь декхаре ю Нохчийчохь 27 стаганна тоьпаш тохар, 2017-чу шеран Дечкен-беттан 25-26-чу буса кхел а йоцуш хIаллаквар зен йозуш йоцу дуьненаюкъара талламчийн тоба чуйита. Иштта ду бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало «Мемориал» арахьарчу агентийн тептара язйина, ткъа «Мемориало» тIе ца оьцна и статус – ред.) ша Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле хьовсийначу обзервацешкахь бохург. Документо бахарехь, иза хила еза Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин ницкъаша а, лааамза... Читать дальше...

Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш йоху омра арахецна Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнна дуьхьал, цо “арахьа бен болх зулам дохьуш“ хиларна, еарин дийнахь керла санкцеш юкъаяьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро хаийтина жоп “ца делча ца долуш“ луьра хир дуйла, кхайкхина Американ векал “шогачу къамеле“.

Францерчу а, Оьрсийчуьрчу а бакъоларъярхоша емалдина Гадаевна депортаци яр

Radiomarsho.com 

Францерчу а, Оьрсийчуьрчу а дуьненаюкъарчу 12 цхьаьнакхетаралло дIахьедар дина нохчийн мухIажарна Гадаев Мохьмадна депортация ярх а, шена цо кхерамзалла ялар доьххушехь, иза Нохчийчоьнан полицин караваларх а лаьцна. Бакъоларъярхоша билгалдоккху Францин Iедало "адамийн бакъонаш хьошур йолчу пачхьалкхе милла а, муьлххачу а хьелашкахь дIавалар доьхку" массо а дуьненаюкъара бакъонаш а, конвенцеш а талхийна хилар. Францин кхело Зазадоккху-беттан 10-чохь бина сацам юьстах а буьтуш, Охан-беттан 9-чу... Читать дальше...

Абдурахмановна тховкIело ца яла бина сацам юхатоллур бу Германино. Иза вен гIоьртира хьалхо

Radiomarsho.com 

Германерчу Аугсбург гIалин административан кхело тIекарло йина Нохчийчуьрчу эмигрантан, бакъоларъярхочо Абдурахманов Мухьаммада шена пачхьалкхехь тховкIело ца яла бинчу сацамна дуьхьал яздинчу орзанна. Аугсберган кхелан сацамца а догIуш, Германин федералан миграцехула а, мухIажарашкахула а йолчу урхаллин (BAMF) декхар ду Абдурахмановс а, цуьнан доьзало а тховкIело йоьхуш дина дехар юхалиста. Цул хьалха Германино шозза дуьхьалойина царна тховкIело кхачорца, хаам бо "Немцойн тулгIено". Абдурахмановс... Читать дальше...

Кадыровхоша дIавигнарг. Францино депорт йинарг адвокатна Нохчийчохь карорх

Radiomarsho.com 

Оьрсийчу юха воьдучул а Францехь валар гIоле хийтира 37 шо долчу нохчийн мухIажарна, юкъаралхочунна Гадаев Мохьмадна. Нохчийн ницкъахоша къизаллаш лелийна хиларх толлучу гIуллакхан коьрта теш хиларе терра, иза кхоьрура даймахкахь ша лацарна а, шена бекхам бан арабевллачу полисхойн карах валарна а. Цуьнан дахарна кхерам лаьтта Оьрсийчохь аьлла, сацам бира францхойн кхелахоша а, делахь а, Охан-беттан 9-чохь Iуьйранна Москва доьдучу кеманца дIахьажийра иза, шен чевнашца. Де хьалха депопртацин набахтехь ша цIа хьажош хиларна протесте а ваьлла... Читать дальше...

Оьрсийчоьнан кхо дипломат махкара араваккха йоллу Польша

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан векалтан виъ белхахо нон грата кхайкхийна Варшавехь еарин дийнахь. Польшин арахьарчу гIуллакхийн министралло бечу хаамца, цара ден гIуллакхаш ца догIура дипломатин статусца, зулам дохьура Польшина. Еаарин дийнахь Польшин чоьхьарчу гIуллакхийн министралле кхайкхина вара Оьрсийчоьнан векал. Цуьнга хаийтина, Вашингтоно а, цуьнан уьйраша а, Оьрсийчоьнан гIулчаш агрессин могIара а йохкуш, Варшава Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Москвана кхайкхийначу санкцешна тIетовш хилар. Польшин Iедало... Читать дальше...

Бисултанов Апти. IиндагIаш

Radiomarsho.com 

IиндагIаш - царна а ма деза вовшийн, Бесачу, даима шийлачу царна, Амма шаьш кхоьллина цхьа малх дIабовш бен, Марзонан хама бан-м ца хаьа царна. Цкъа цхьана дитта тIехь дезначу вовшийн, Вовшийн мутт мийлинчу цу шина генах Дисинчу IиндагIийн, мох меттахъхьовш бен, Вовшех ца хьакхало догIмаш я гIенаш. Я АллахI, ма марзо хила а еза-кх Доьдучу хи тIе чуэгначу церан! Ма дагахьбалламаш хила а беза-кх Цкъа вовшийн дохдина доцучу церан! Эсалчу, экамчу марзонан шовкъехь Дегадар. эгадар бу церан мотт а... Читать дальше...

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа керла санкцеш юкъаяьхна Оьрсийчоьнна дуьхьал: "зулам дохьу гIуллакх дарна"

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан декхарна а, компанешна а, къайлахчу сервисийн белхахошна а дуьхьал Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш юкъаяхарх долчу омрина буха куьг яхдина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена. Уьш хьакхалур ю Оьрсийчоьно арахьоьцучу керлачу пачхьалкхан декхарех а, Оьрсийчоьнан официалан белхахойх а, компанех а. Довзийтина бахьана ду Москвано "зулам дохьу гIуллакх дар". Оцу хьокъехь хаам бо КIайчу цIийнан сайта тIехь. Американ финансийн институташна доьхкур ду Мангал-беттан 14-чу... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Потапова и Павлюченкова вышли в полуфинал турнира WTA в Мадриде в парном разряде






Фигуристка Радионова и футболист Кучаев станут родителями

НАСА пригласило Россию для участия в освоении Луны и Марса

Трубач из Москвы приедет в Ульяновск на «Дни джаза»

Shot: Ивлеева удалила фотографии и видео из запрещенной в России соцсети