Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Новости за 17.04.2021

Петров а, Боширов а 2014 шарахь шайн махкахь лелхийтарш динарш хила тарло боху Чехино

Radiomarsho.com 

Чехин Iедало махкахвоккхуш ву Оьрсийчоьнан I8 векал Талорашца къийсам латточу Чехин халкъан урхалло доьху 2014-чу шеран ГIадужу-беттан 11-I6-чохь Чехехула, цхьана меттера кхечу меттигашка, юьхьанца Прагехула, цигара Морави-Силезин а, Злин а мехкашкахула дIасалелла ши стаг лаха а, лаца а гIодар. Шеконе эцначара документаш лелийна лаххара а шишша стеган цIарх. Юьхьанца цара гайтина Чехехь Оьрсийчуьра паспорташ, цаьрца уьш хилла 1976-чу шеран Товбецан-беттан 13-чохь вина Петров Александр а, 1976-чу... Читать дальше...

Франце 400 000 соьманна хьонка эцна воьдуш лаьцна Нохчийчоьнан вахархо

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан вахархо сацийна шен машенца Оьрсийчоьнан-Украинан дозанехь 20 гали хьонка хьош. Бахьана ду шегара кир цо деклараце цаязбар. "Цо иза эцна шен даймахкахь, Украинерхула транзитца хьош хилла Францерчу гергарчарна. Ткъа цунна хIиттийна кехаташ а доцуш хилла и стаг", - хаам бо "Чечня сегодня" агенталло дозанехула чекхбоккхучу кир тIера ял йоккхучу Белгород-кIоштарчу хьукматан пресс-векалтанна тIе а тевжаш. Хьош болчу хьонкин мах хилла 400 эзар сом, боху урхаллехь. Машенах хьовсуш, "Нехотеевка" дозан ханехь карийна иза. Читать дальше...

Исс машарбархо вийна белорус виллина набахтехь валло сацамбина Парижерчу кхело

Radiomarsho.com 

Парижехь кхело оьмар кхачаяллалц набахтехь кхаба кхачийна 9 фрацхо-машарбархо вийна Беларусан вахархо Сушкин Юрий. Кот-д’Ивуарехь чоьхьара тIом боьдучу хенахь, 2004-чу шеран Лахьан-баттахь, Су-25 кема лелош хилла иза, бомбанийн-ракетийн тохар дина цо францойн тIеман базина. Кхел лаьттина кхаа кIиранах, чекхъяьлла Охан-беттан 15-чохь. Сушкин а, цуьнца цхьаьна кхеле озийна волу ивуарийн тIеман хIаван ницкъийн ши эпсар а ца хилла шайна ечу кхелехь, уьш тIехь а боцуш бина сацам. Уьш бехкебина Буаке гIалахь лаьттинчу тIеман куьпанна тохар дарна. Читать дальше...

Дагестанехь UFC латархо хилларг лаьцна герзаш лелорах йолчу шеконца

Radiomarsho.com 

UFC латархо хилла Антигулов Хьажамурд лаьцна ХIинжа-ГIалахь герзаш лелорах йолчу шеконца. Бехктакхаман дов айдина цунна дуьхьал. 33 шо долу Дагестанан коьртачу шахьаран вахархочуьнгара ши тапча а, патармаш а даьхна, хаам бо республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллерчу пресс-векалто. Зорбане яьккхинчу видео чохь, шега дечу хеттаршна жоьпаш луш, лаьцначо чIагIдо, герз шен дац бохуш. Охан-беттан 16-чу дийнахь Iуьйранна, дегI меттах даккха водуш, карийна шена иза Тарки юьртахь, боху цо. Читать дальше...

23 стаг велла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса. Цомгуш хилла кхин а 348

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 23 пациент велла, цомгуш хилла кхин а 348. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 11 стаг велла коронавирусах, Ставропол-махкахь – 5, Къилбаседа ХIирийчохь – 4, ГIебарта-Балкхаройчохь, ГIалмакхойчохь, Дагестанехь – цхьацца. Къилбаседа Кавказехь пандеми йолаелчхьана верриг а велларг ву уьнах 9028 вахархо. Цамгар кхетта уггаре дукха наханна Краснодар-махкахь. Краснодар-мохк + 105 (44 169 ерриг а хенахь) Ставропол-мохк... Читать дальше...

Нобелан совгIатан лауреаташа Навальныйна медицинан гIо кхачор доьху Путине

Radiomarsho.com 

Литературехь Нобелан совгIатан лауреат волчу пхеа яздархочо а, цаьрца цхьаьна синмехаллаш кхолларца дуьнентIехь гоьбевллачу а наха диллина кехат хьажийна Оьрсийчоьнан президенте Путине оппозиционерна Навальный Алексейна медицинан гIо кхачор доьхуш. Текст ю Le Monde газетан зорбанехь, буха куьйгаш яздина 70 яздархочо а, публициста а, суртдиллархочо а, Iилманчаша а, музыканташа а. Дехардинчаралахь бу цхьацца шерашкахь литературехь Нобелан совгIат делла яздархой Кутзее Джон, Алексиевич Светлана, Глюк Луиза, Мюллер Герта, Памук Орхан. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

«Титул, которым я горжусь больше всего»: Рублёв одолел Оже-Альяссима и выиграл второй турнир серии «Мастерс» в карьере






УК Подмосковья покрасили стены более 2,3 тыс подъездов в домах с начала года

В России работодатели повысили уровень предлагаемых зарплат

Российские компании проверяют соискателей на картах таро

Съёмки фильма «Риддик: Фурия» с Вином Дизелем официально подтверждены