Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Новости за 13.04.2021

Джо Байдена телефонехула къамел дина Путин Владимирца

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена Охан-беттан 13-чохь телефонехула къамел дина Оьрсийчоьнан президентца Путин Владмирца. Дийцаредина регионан а, глобалан а гIуллакхаш, герзашна тIехь терго латторах а, стратегин стабилаллах а долу бертан къамелаш меттахIитто дезаш хилар а хьахош. Стратегин герзаш лахдарх болчу бертан хан дIаяхъян еза аьлла хета Байденна. Оцу хьокъехь бу КIайчу ЦIийнан сайто бина хаам. Призидента Байдена дIахаийтина Цхьаьнатоьхна Штаташ Оьрсийчоьнан кибер-тIелетаршна а... Читать дальше...

Жириновскийн а, Битаровн а кIентий вовшахлетта Москвахь

Radiomarsho.com 

Москварчу "Внуково" аэропортехь летта вовшех Битаров Зелимханний, Эйдельштейн Олеггий – Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо хиллачу Битаров Вячеславан а, Оьрсийчоьнан либерал-демократин партин лидеран Жириновский Владимиран а кIентий. Кавказ.Реалиигахь йолчу информацица уьш дIасакъестош лелла Битаровца цхьаьна кеманахь БуьритIера кхаьчна Оьрсичоьнан Федерацин кхеташонан сенатор Фадзаев Арсен. Кеп-кепара болчу хаамашца, дов доладелла Эйдельштейна Битаровх лаьцна маьттаза къамел дарца. Амма Жириновскийн воIа полицехь... Читать дальше...

Полисхойх летта Джумаев Сайд-Мохьмад лаьцна латтор дIадахдина

Radiomarsho.com 

Оппозиционере Навальныйгахьа Дечкен-беттан 23-чохь Москвахь хIоьттина хиллачу гуламехь полисхойх латарна лаьцначу Джумаев Сайд-Мохьмадан лаьцна латтор дIадахдина. "Шина кIиранна гергга хан тIетоьхна. Охан-бутт боьрзуш цхьалхадала тарло гIуллакх аьлла хета тхуна", - довзийтина Джумаевгара хьал "Кавказский узелна" цуьнан ненайишас. Талламчаша тIебаьхьинчу бехктакхамо бахарехь, Джумаевс Навальныйгахьа хIоьттинчу гуламехь шина ОМОН-хочунна а, цхьана полисхочунна а дуккхаза а тоьхна. Хьалхо хаам баьржира... Читать дальше...

Ханалиевх Башкирин векал вина, ткъа Оьрсийчоьнан доза хадон воьллачу шиннах – тутмакх

Radiomarsho.com 

Дудаев вуьйчу операцехь дакъалаьцна нохчо хIоттийна Москвахь Башкирин векал; Оьрсийчоьнан-Латвин доза хадо гIортарна набахте хьажийна ши нохчо; ГIалгIайчуьрчу Iеламчаша бахарехь, криптовалюта хьарам ду бусалбанашна

Навальныйс кхеле елла ИК-2 колони, шега деша Къуран ца даларна

Radiomarsho.com 

Владимиран кIоштан Покров гIаларчу №2 колонехь латточу оппозиционеро Навальный Алексейс кхеле белла оцу учрежденин куьйгалхой. Политико дийцарехь, цуьнан бахьана ду шена еша книгаш луш ца хилар, ша аьлча бусалба наха сийлахь лору Къуран цадалар. Оцунах лаьцна Навальныйс хаам бина шен инстаграмерчу агIонехь. Оппозиционера чIагIдо, ша чувоьллина латточура Къуран а, Пайхамаран Сунна а Iамо а, царах кхета а дагахь вара ша бохуш. "Со кхуза цхьа бутт хаьлха веъна, сайца дуккха а книгаш еъна ас. Уьш сайга схьалахьара аьлла дехнера ас. Читать дальше...

"Оьрсийчу юхавоьдучул а валар гIоле ду". Францино депорт йинчу нохчочуьнца хилла къамел, иза цигара араваккхале (1-ра дакъа)

Radiomarsho.com 

Францино депорт йина Нохчийчуьра вахархо, юкъаралхо, мухIажар Гадаев Мохьмад шен ницкъ ма кхоччу гIиртира Европехь виса. Ша Оьрсийчу дIахьажавалалц депортацин набахтехь даьккхира цо 145 де. Цул тIаьхьа адвокатехула кхеле велира Гадаев. Оьрсийчохь цунна кхераме хилар тIечIагIдира суьдхоша а. Зазадоккху-беттан 25-чохь маьршаваьккхира Гадаев. ХIора денна полици воьдура иза, куьгъяздан. Иза тешнера, ша кхерамах хьалха ваьлла хиларх. Делахь а, Охан-беттан 8-чохь юха а дIалецира иза, шолгIачу дийнахь шайн пачхьалкхера ара а ваьккхира. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан-Латвин доза хадо гIортарна набахте хьажийна ши нохчо

Radiomarsho.com 

Псков-махкарчу Пыталово кIоштан кхело Нохчийчуьрчу шина вахархочунна исс-исс шераш кхайкхийна набахтехь такха, низам а дохош, Латве кхача гIортарна. 2020-чу шеран Лахьан-баттахь иккхина хилла и инцидент. Дозанна 200 метр гергахь лаьцна и шиъ эскархоша, ца хилла цаьрца пачхьалкхера арабовла бакъо луш долу документаш. Хьалхо хаам баьржира, Литуван дозанхоша 19 нохчо лаьцна дозанна уллерчу Шальчининкайн хьуьнхахь, аьлла. Пхи стаг а, йиъ зуда а, бераш а Беларусехула кхаьчнера оцу махка. Европан... Читать дальше...

Францера цIахьажийна Гадаев лоьхуш бу бакъонашларъярхой. Иза шайца дIавигна кадыровхоша  

Radiomarsho.com 

Францера депортаци йинчул тIаьхьа Нохчийчу дIавигна Гадаев Мохьмад карахь ву нохчийн ницкъаллин структурийн белхахойн. Иза харцонах ларван гIерташ ю адамийн бакъонаш ларъйон "Мемориал" центр а Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн статусе яьккхина "Мемориал", амма "Мемориало" тIе ца иза - ред.), "Iазап латторна дуьхьал Комитет" а. Оцунах лаьцна дийцина Кавказ.Реалиин корреспонденте "Iазап латторна дуьхьал Комитетан" куьйгалхочун гIоьнчо Хабибрахманов Олега. Цо дийцарехь, бакъонашларъярхошкахь... Читать дальше...

Оьрсийчоьно Мангал-беттан 1-ра де тIекхаччалц совцийна Туркойчу лела кеманаш

Radiomarsho.com 

Цхьана баттанна эха баттанна совцийна Оьрсийчоьно Туркойн махка лела кеманаш, Охан-беттан 15-чу дийнера Мангал-беттан 1-чу дийне кхаччалц. Иштта бу оршотан дийнахь COVID-19 ун Оьрсийчу цакхачийта кхоьллинчу Оперативан штабан сацам. Оьрсийчуьра Туркойчу лелачу пассажирийн кеманийн массо а рейсех хьакхало иза. Сацам бовзийтинарг ю Оьрсийчоьнан премьер-министр Голикова Татьяна. Цо бахарехь, юьсуш ю лела кIиранна ши рейс: Москва – Истамул. Цул сов, кеманаш латтор ду Туркойчуьра цIабахка луучу Оьрсийчуьрчу туристашна а. Читать дальше...

ГIалгIайчуьрчу Iеламчаша бахарехь, криптовалюта хьарам ду бусалбанашна

Radiomarsho.com 

Криптовалютица лелош йолчу финансийн операцешна саготта бу ГIалгIайчуьра Iеламнах. "Леррина гIуллакх зийча, хуучаьрца дагабевлча, гулбелларш баьхкина цхьана ойлане – бусалба стаганна хьарам ду и санна дерг", - дIахьедина ГIалгIайчоьнан Iеламчийн кхеташонан векала. Массо а криптовалютица йоьзна операцеш ю юьйцурш. Майнинг – иза криптовалюта даккхар ду. Цунах урхалла деш цхьа а меттиг яцаре терра, биткоинаш я кхидолу криптовалюта даккха йиш ю хьеннан а. Шайн гIирс майнерша латтабо трансакцийн маша кхобуш, цунах ло царна криптовалюта. Читать дальше...

Дудаев вуьйчу операцехь дакъалаьцна нохчо хIоттийна Москвахь Башкирин векал

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентанна гергахь Башкирин векал, оцу мехкан премьер-министран гIовс хIоттийна Дагестанера нохчо, ФСБ-н инарла-майор Ханалиев Iумарпаша. Шайн мехкан министрийн кабинетна керла векал вовзуьйтуш, Башкирин куьйгалхочо Хабиров Радийс билгалдаьккхира, Ханалиевн Москварчу шайн векалтехь хийцамаш бийр бу, аьлла. Оцу хьокъехь хаам бина РБК-но. Ханалиев Iумар-Паша ФСБ-н инарла-майор лаьттина ву, «Оьрсийчоьнан Турпал» цIе елла цунна, дакъалаьцна Нохчийчуьрчу шина а тIамехь. Официалехь йоцчу информацица... Читать дальше...

Ставропол-махкахь 14 стаг лаьцна. Уьш талораш дан кечлуш хилла боху

Radiomarsho.com 

Ессентуки гIаларчу кхело лаьцна Кисловодскехь терроран тохар кечдеш хиларх йолчу шеконца бехктакхаме озийна 14 стаг, аьлла "Интерфаксе" кхелан пресс-векалтехь. Талламан комитето дуьхьал дов айдинарш бу Камнев Даниил, Мамедова Себила, Гогуев Тимурлан, Ростомян Гегам, Газиева Амила, Баженов Александр, Апсов Мурат, Аров Рустам, Богатырев Iиса, Леденев Дмитрий, Магомедов Гаджи, Магомедов Раджаб, Фатуллаев Абумуслим, Хажиев Иманали.   Талламо бахарехь, 2017-чу шарахь Гогуев Тимурлана Кисловодскехь... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Линетт сыграет против Соболенко во втором круге турнира WTA в Мадриде






«К сожалению»: смогут ли клиенты криптобиржи Beribit вернуть свои деньги

Минобороны: силы ПВО сбили 20 беспилотников ВСУ за ночь

Блогер Тамаев попал в аварию в Москве

Известный блогер Тамаев попал в ДТП на люксовом авто около «Москва-Сити»