Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Новости за 30.04.2021

"Полисхошца уьйраш ю цуьнан". Нохчийчуьрчу зудчунна кхерамаш туьйсу хиллачу цIийндас

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу яхархочо Гажаева Асета дIахьедина полицига, шена а, шен деа берана а тIаьхьаваьлла ву хилла хIусамда, ГIалгIайчуьра вахархо Льянов Мурад аьлла. Цо билгалдаьккхина, шена  а, берашна а цо цхьаъ дарна кхоьру ша аьлла. Стохка гурахь Соьлжа-ГIалахь лаьцна Гажаева полицин декъерчу ларми чохь латтийра. Шен хиллачу майрчун дехарца дина хIума дара и аьлла, тешна ю иза. ХIетахь полисхоша йиттинера зудчунна, цо бераш стенгахь лачкъийна латтош ду схьадийцийта гIерташ. Карарчу хенахь Гажаева кхелехь шен берийн дола дар къуьйсуш ю. Читать дальше...

Мила вац "терроризманна" ахча ца латтош, юха а хIун ден боху Навальныйга?

Radiomarsho.com 

Исламан "Умма" зорбан цIийнан директор лаьцна терроризманна ахча латторах йолчу шеконца; кхаа бетта чохь Оьрсийчоьнан бахархойн хьал эшна 3,6 процентана; Навальный Алексейна дуьхьал кхин цхьа дов а айдина

ГIалгIайчуьра вахархо вуьйш видео яьржина. "Цо герз деттара" аьлла ницкъхой харц луьйш нисло

Radiomarsho.com 

Интернетехь видео яьржина, Несарна йистехь ницкъхоша машенна герз а деттий, иха лелош волу стаг вуьйш. Официалан версица ца догIу видео чохь гург, цо герз тоьхнера бохург. "База" телеграм-канало яржийначу кадрашкахь гуш ду тIеман духарахь болчу полицин белхахоша шайна машенашца вийначун машенна дуьхьаллелхаш. ДIаяха гIертачу Toyota Camry-на тIе дуккха а герзаш детта полисхоша, тIаьхьа а уьдуш. Эххара а соцу машен, ткъа герз ца сацадо цунна тIедеттачуьра. Несара йистехь Бютукаевн Асланан гIеранера тIаьххьара тIемало вийна"... Читать дальше...

Словенера экстрадици йинчу Дагестанерчу экс-министрана кхел йийр ю кестта

Radiomarsho.com 

Дагестанехь информацин политикан министр лаьттинчу Гаджиев Нариманна духьал бехктакхаман гIуллакх ду айдина бозбуанчаллаш лелорна а, харц официалан документаш кечдарна а – цо оцу хьесапехь ши миллион сом сов ахча лачкъийна, боху низамхоша. Талламан версица, 2012-чу шарахь Гаджиевс шен цхьана накъосте цуьнан коммерцин компани язъяйтина аукционехь дакъалаца. Оцу фирмина толам лур болуш барт бина министро. Аукционе язйинчу оцу компанин инарла директорца бертан кехаташ хIиттийна цо ворхI документалан фильм йоккхур йолуш... Читать дальше...

Дозанера хьал. ГIалгIайчохь, Дагестанехь, Нохчийчохь юха а къийсамаш бу латтанаш тIехула

Radiomarsho.com 

Кху шарахь Охан-бут юккъе баьлча болабелла Стигалкъекъа-беттан юккъе кхаччалц бахлур болу Рамадан бутт, бусулбанашлахь беза лоруш бу. Къаьсттина терго ян еза хIораммо а шен багара долучун дешан а, шен леларан а. ХIетте а, дозанашна тIехула вовшашна бехкаш дахкар, къийсабалар хIинцца ирделла догIу Къилбаседа Кавказехь. Лезгистан vs ГIалгIайчоь Дагестанхойн политолога, юкъаралхочо Курбанов Руслана, шайн автономи кхоллийтар тIедожийначу лезгинех дуьйцучу хенахь масална, ГIалгIайчоь ялийра, 1990-чу... Читать дальше...

Кхаа бетта чохь Оьрсийчоьнан бахархойн хьал эшна 3,6 процентана

Radiomarsho.com 

2021-чу шеран хьалхарчу кварталехь, дIадахначу шарца дуьстича, Оьрсийчуьрчу бахархошна тIекхуьу хьал эшна 3,6%. Оцу хьокъехь Росстато хаам бина еарийн дийнахь. Терахьаш довзуьйту РБК агенталло. Нахехь коммуналан а, кхидолчу а хьелех а мах дIабелча дуьсу ахча лахдо инфляцино. Росстато билгалдоккху коронавирусан эпидеми бахьанехь юкъадаьхна дехкарш стохкалерчу хьалхарчу кхаа баттах хьакхаделла цахилар, амма шолгIачу кварталехь уьш юкъадахар бахьана долуш, цIеххьана лахделла экономикан болар. Таханенна дуккха а кIезиг ду и дехкарш ... Читать дальше...

Исламан "Умма" зорбан цIийнан директор лаьцна терроризманна ахча латторах йолчу шеконца

Radiomarsho.com 

Бусалба литература арахоьцучу "Умма" зорбан цIийнан директор Эжаев Асламбек лаьцна шина баттанна Москвахь. Шеко ю талламчийн цо терроризманна ахча латтийна хиларх. "Цо бевзаш боцчу нахе дIалуш хиллачу цуьнан банкан карти тIе ахчанаш дохуш хилла, аьлла хета талламна. Ткъа и ахча цо арахецна книгаш дIаюхкучара кхехьийтина цуьнга", – хаам бина "Кавказский узел" газето, Эжаевн адвокатан къамелна тIе а тевжаш. Охан-беттан 30-чохь Москварчу №7 изоляторе хьажош волу Эжаев лацарна дуьхьал арз кечдеш ву адвокат. Читать дальше...

Навальный Алексейна дуьхьал кхин цхьа дов а айдина

Radiomarsho.com 

Талламан Комитето бехктакхаман гIуллакх айдина оппозицин политикна Навальный Алексейна а, Фондан белхахошна Волков Леонидна а, Жданов Иванна а дуьхьал - наханна тIехь гIелоен а, церан могашаллина зен дохьу а цхьаьнакхетаралла кхоллар бехке диллина царна. И дов гIаттийна хилла Чиллан-беттан юьххьехь, амма хIинца бен ца хиина цунах лаьцна. Хьахош ду дов айдина хилар Навальныйн Фонд а, штабаш а экстремизм яржош хилар зуьйш гIаттийначу девнан документашкахь, боху политикан сайто. Оцу бехкан артиклца набахти кхачайо деа шарна. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Арина Соболенко

Швентек и Соболенко устроили триллер за престижный трофей






В Москве в ночь на 7 мая выпал снег

СЕНТКОМ: американские военные уничтожили беспилотник хуситов над Красным морем

Сжег заживо. Разборки двух друзей печально закончились в Москве

В Госдуме хотят провести шашлычную амнистию