Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Новости за 21.04.2021

Оппозицин митингехь Дагестанехь иттех стаг лаьцна. Бу царалахь журналисташ а

Radiomarsho.com 

Оппозиционеран Навальный Алексейн агIончаша тахана, Охан-беттан 21-чу дийнахь ХIинжа-ГIалахь хIоттийначу акцехь лецна Дагестанерчу полицино иттех стаг. Суьйранна ворхI сахьт даьллачу хенахь йоло лерина бара акци, Ленинан цIархчу майданахь вовшахкхеттера ворхI журналист а. ТIаьхьо тIебаьхкинера протестхой а. Гулбелларш леца буьйлабеллера полисхой, кегийрхойн тобанца йолчу цхьана йоIа  плакат хьаладьаьккхича. Шайн карабаьхкинчу журналисташна ницкъахоша тIедожийнера шаьш дIаязъян ларийна видеош дIаяйъар. Читать дальше...

Германино депортаци йинчул тIаьхьа вайна хилла Мамуев маьршаваьккхина

Radiomarsho.com 

Дийнна баттахь лаьцна латтийна Нохчийчуьрчу Шалажера 32 шо долу Мамуев Нурмохьмад цIа валийна Хьалха-Мартанан кIоштарчу полицин декъан белхахоша. Мамуевн гергарчара тIечIагIдина кху беттан 19-чохь Мамуев маьршаваккхарх, иштта цара дехар дина "Мемориал" центре (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар)шайн кIант бахьана долуш кхин хIуммаъ а ца лелор, хаам бина "Мемориало". Маршо Радионо яздира шен агIонехь... Читать дальше...

Чимаевн "ша гайтар", Кадыровн "шеко йоцу толам", шарIан кхеле ийзон дагестанхо

Radiomarsho.com 

Тайсон Майк а, Iела Мухьаммад а ву ша аьлла нохчийн UFC- н латархочо Чимаев Хьамзата; Кадыров Адама баьккхина толам "шеко ца юьтуш баьккхина толам бу" аьлла Соьлжа-ГIалахь; Дагестанера политолог Курбанов шарIан кхеле кхайкхина гIалгIайн юкъаралхоша

Нохчийн маршонан лидер Дудаев ЖовхIар

Radiomarsho.com 

Дудаев ЖовхIаран цIе хезаш хир ю нохчийн къомо шен йозуш йоцу пачхьалкх кхолла болчу лаамца бечу новкъахь 20-гIа бIешо доьрзуш лелла боламаш массаза хьахало. 25 шо дуьзина иза вийна. Маршо Радионо доцца дагадохкуьйту, Дудаев коьртехь а волуш, нохчийн исторехь лелларш.

Тайсон Майкца а, Iела Мухьаммадца а вуьстина ша UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата

Radiomarsho.com 

Ийначу кепехь латаршкахь ша Тайсон Майк а, Iела Мухьаммад а ву аьлла нохчийн UFC- н латархочо Чимаев Хьамзата. Оцу кепара дIахьедар дина цо, шен инстаграмерчу  агIоне язбеллачу цхьаболчара ша UFC-хь боху толамаш тешош бац аьллачул тIаьхьа.  "UFC -хь со кхозза бен летта вац, со мила ву дIахаийта ларийна а вац хIинца а. Наха юх-юха а дуьйцу, гIарабовлазчу латархойх тийсавелла со, амма хIинца ас гойтур ду со мила ву. Ас берш эша а бина, сайн доьхка схьаоьцур ду. Дуьненахь а тоьлларг мила ву ас дIахоуьйтур ду оцу нахана. Читать дальше...

Шеконашка биллина Кадыровн кIентан толам богIуш белла лерина Соьлжа-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама, боксехь къовсаме даьллачу латарехь, толам баккхарна тIехь аьшпаш лелорна а, "пиар" ян гIортарна а бехке бина мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада хаамийн гIирсаш. ГIебарта-Балкхаройчуьрчу латархочух Биттиров Асланца хиллачу тасадаларехь техникан нокаут а еш, толам баьккхира цо. Масех тохар тIаьхьий-хьалхий Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIа тIехтесначул тIаьхьа реферис матч сацорна къовсамаш баьллера юкъараллехь. Суьдхочун сацамах а, дIакхайкхийначу жамIех а цецваьллера "Матч! Читать дальше...

Терроран артиклехь бехке бинчу Дагестанерчу бахархошна тIехь ницкъбина

Radiomarsho.com 

Дахначу кIиранах терроран гIуллакхашна бехкевинчу пхеа Дагестанерчу вахархочун адвоката Бородкина Надеждас дIахьедина, талламаш дIахьочу юкъанна царна тIехь ницкъ бина аьлла. "Кавказский узел" гIирсо бина и хаам. Бородкинас дийцарехь,  2016-чу шеран гурахь уьш лацале хьалха вовшашна бевзаш ца хилла, гIуллакх толлучу заманчохь шаьш аьшнаш дарх а, шайна еттарх а дIахьедина цара, амма и хаамаш зен а ца зийра, царна герз полисхоша шаьш тесна хиларх бина латкъам а санна, тесна дитира. "ТIехь ницкъабарх талламан барамаш муха дIахьо? Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 22 дархо велла

Radiomarsho.com 

Коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу нахах 22 пациент велла Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса, цомгуш хилла кхин а 335 стаг. Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь велла COVID-19 цамгар кхеттачех 11 стаг, Ставропол-махкахь – 5, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а шишша стаг велла, Адыгейхь а, ГIебарта Балкхаройчохь а цхьацца кхелхина. Верриг а падеми йолаелчхьана схьа коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велларг ву 1 012  стаг. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Краснодаран кIоштахь... Читать дальше...

ГIалгIайн протестийн лидерш кхин дIа а чохь буьтуш бу

Radiomarsho.com 

Адвокаташна хетарг чоьте а ца оьцуш,  гIалгIайн жигархой Марсхьокху-беттан 9-чу дийне кхаччалц чохь бита сацам бина кхело. Маршо Радионо яздира шен агIонашкахь, стохка Лахьан-беттан 24-чу дийнера схьа дуьйна луьстуш ду Ессентукерчу кхелехь, экстремистийн юкъаралла кхолларна бехкебечу, ГIалгIайчохь хиллачу митингашкахь дакъа лаьцначу жигархойн гIуллакх. Уьш берриш а политикан тутмакхаш лерина бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" ... Читать дальше...

70 сов гIоьналлин организаци гIаьттина Навальный Алексейгахьа

Radiomarsho.com 

Кхо кIира хьалха Владимирскан кIоштарчу колонехь мацалла кхайкхийначу Навальный Алексейна катоххий лоьраш тIебита аьлла, тIедожийна Оьрсийчуьрчу 70 сов гIоьналлин организацеша. Набахтера ара а ваккхий, иза дарбан цIийне охьавилла, цо билгалбаьхна лоьраш тIе а кхачийта, планехь доцу талламбар а дIахьо Владимирскан кIоштарчу набахтехь, федаралан таIзарш кхочушдаран урхаллера (ФСИН) схьа а эций, цунна дарба дар могушаллин министралле дIало аьлла, тIедожийна цара. Кехатна куьйгаш яздинчарлахь бу -... Читать дальше...

Дагестанера политолог Курбанов Руслан шарIан кхеле кхайкхина ГIалгIайчу

Radiomarsho.com 

Дагестанера политолог Курбанов Руслан Охан-беттан 27-чохь шарIан кхеле кхайкхина гIалгIайн юкъараллан "Мехк-кхел" организацин векалша Султыгов Сараждина а, Албогачиев Мусас а. Курбановс аьллачу шина хIуманна шаьш реза цахилар дIахаийтина юкъаралхоша. Дагестанерчу лезгинан къоман векалшка ша вистхуьлучу заманчохь, масална, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь ГIалгIайчохь хилла дешар хьахийна цо. ГIалгIайчоь "ларамаза кхоллаелла республика ю" аьллачу шен дIахьедарца, политолога, журналисто Курбановс... Читать дальше...

"Диц ма делахь, маршонан Iалашонаш ларъян кхузахь арабевлла къонахий хилла хилар"

Radiomarsho.com 

Тахана, Охан-беттан 21-чохь, 25 шо кхочу тIеман кеман ракеташ тоьхна, нохчийн хьалхара президент хилла Дудаев Джохар вийна. Политикан диалог юха а теттина, тIамца Нохчийчоь шен долаерзо гIерташ яра цу деношкахь Оьрсийчоь. Нохчийчоьнан президент Дудаев Джохар Оьрсийчоьно шен мостагI лоруш велахь а, цуьнан сий до дуккхаъчу пачхьалкхаша. Хьалхара дагалацаман у гучуделира Эстонерчу Тартухь 1997-чу шарахь Товбеца-беттан 20-чу дийнахь, «Барклай» олучу хьешан хIусаман пена тIехь. Полтавехь Никитченко... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Свентек выиграла титул WTA в Мадриде






«Парту героя» Андрея Назарова открыли в школе № 2 в Лобне

Пентагон: США не видят признаков того, что Россия применит ядерное оружие

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о комплексном развитии агропромышленного сектора

Башмет заявил о радости от объединения людей вокруг Путина