Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 30.06.2021

Де-юре - лаамехь, де-факто - нуьцкъаша

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира карладаьккхина, коронавирусана дуьхьал бертаза прививкаш яйтарна ша дуьхьал хилар. Ткъа Нохчийчуьрчу бахархоша далхадо, Iедалхойн нуьцкъаша мехий детта лаам хилар.

Ца лаахь а, лууш сана дIахьуш ю вакцинаци Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Iедалша шуьйра кампани яржийна коронавирусана дуьхьал вакцинаци яран. Мехий тохар ца лаахь а, лууш санна кеп йолуш делахь а, Нохчийчохь аласамдолуш ду коронавирусан ун кхеттачу нехан терахь.

Бертаза вакцинаци яйтарна дуьхьал ву ша, боху Путина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира карладаьккхина, коронавирусна дуьхьал бертаза прививкаш яйтарна ша дуьхьал хиларх. Оцу юкъанна цо билгалдаьккхина, регионалан Iедалхойн бакъо ю, Роспотребнадзоран хьехамашца, цхьаболчу нахе бертаза вакцинаци яйта аьлла. "Ас сайн хенахь бехира, шуна дага дагIахь, тIедожийна вакцинаци яйтарна суо дуьхьал хиларх. ХIинца а ю сан изза ойла", - дIахьедина Путина тахана, кхаарин дийнахь, йоьдучу шен эфирехь. Цо бахарехь, пачхьалкхан цхьайолчу субъекташкахь, массо а индустри дIа а къовлуш... Читать дальше...

Погоровн адвокато латкъам бина иза латточу изоляторерчу хьелашна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу протестийн цхьахволчу лидеран, чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан экс-министран Погоров Ахьмадан адвокато Гагиев Мохьмада латкъам бина Нальчикерчу СИЗО-на, "сийсазечу" хьелашкахь иза латтош хиларна. "Яхкаелла лаьтте, меттигашкахь йиллина бетон а гуш меттигаш бу, цу чохь Iаьнаре дерзоро могушаллина зен до, унитаз яц болх беш, ангали дац корашкахь, чалтарш ю, пенаш тIехь тIуналла... Боьха хьожа ю чохь лаьтташ", - аьлла, яздина арза тIехь. Погоров кхечу камера чу дехьавоккхур ву аьлла, тешна ву Гагиев, ша вистхиллачул тIаьхьа. Читать дальше...

Кадыров Ахьмадан цIе тиллина нохчийн пачхьалкхан университетана

Radiomarsho.com 

Нохчий пачхьалкхан университетна Кадыров Ахьмадан, мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан веллачу ден, цIе тиллина. Доьшийлан векалша бахарехь, студентийн а, хьехархойн а лаам хилла ишта. "Боккха болх дIабаьхьира, цул тIаьхьа массара а къобалйира инициатива. Стигалкъекъа-беттан 31-чохь Iилманчийн кхеташонехь дийцаре дира университетан цIе хийцарх", - хаам бина "Чечня Сегодня" агенталло, доьшийлан пресс-гIуллакххошна тIетевжина. Дийцарехь, кхеташонан декъашхоша цхьабоса сацам а бина, Оьрсийчоьнан дешаран министралле дехар динера... Читать дальше...

Набахтехь даккха диъ шо тоьхна нохчочунна Украинехь

Radiomarsho.com 

Киеверчу Деснянскан кхело набахтехь даккха диъ шо хан тоьхна 30 шо долчу Шеларчу С-А. Юсупна, бакъо йоцуш герз латторна. Кавказ Реалиига хаийтина цуьнах лаьцна адвокато Абрамчук Дмитрийс. "Тапчана тIехула диъ шо тоьхна, оцу гонах дуккха а хеттарш ду, амма уьш апелляцин арз чулуш охьаяздийр ду", - аьлла адвокато. Цо билгалдаьккхина, Украинан Инарла прокуроро Юсупна Оьрсийчу экстрадици еш бинчу сацамна шен клиенто бина латкъам хIинца а луьстуш хиларх. 2020-чу шеран Гезгамашин-баттахь Украинерчу кхерамзаллан урхалло "СБУ"юха а лецира С-А.Юсуп... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь 40 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 708 – цомгуш хилла

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 40 пациент, цомгуш хилла кхин 708. Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 20 вахархо, Ставропол-махкахь – 7, Дагестанехь - ялх, ГIалмакхойчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а - шишша, Нохчийчохь - виъ, Адыгейхь а,  а - кхоккха, - шиъ, ГIалгIайчохь а, Адыгейхь а, Нохчийчохь а - цхьацца. Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 11 320  стаг, боху официало. Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Краснодар-махкахь... Читать дальше...

Интерполехула лоьхуш хилла гIалгIа маьршаваьккхина Украинерчу кхело

Radiomarsho.com 

Одессерчу Малиновскан кIоштан кхело лаьцначуьра маьршаваьккхина, Интерполехула Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша лоьхуш хилла ГIалгIайчуьра вахархо Белхароев Илес. Одессерчу жигархочо Балаба Аленас бина и хаам Кавказ.Реалиига. "Чохь вуьтуш цунна тоьхна хилла 40 дей-буьйсий чекхдаьлла, экстрадици еш лаьцна вуьтучу меттана суьдхочо цIахь вуьтуш сацам бина", - аьлла жигархочо. Цо билгалдаккхарехь, Белхароевн интересаш ларъеш маьхаза бакъонан гIо латточу программехула волу адвокат хиллера. "Кхелехь вистхуьлучу Илеса дийцинера... Читать дальше...

Ун даржарна кхоьруш Чехино шайн бахархошна дихкина Оьрсийчу баха

Radiomarsho.com 

Чехин могушалла Iалашъяран министралло шайн бахархошна Оьрсийчу эхар дихкина коронавирусан ун даржарна лаккхара кхерам хиларна. Урхаллан сайте даьккхинчу омрана тIетевжина яздо цунах лаьцна Настоящее Время телеканало. КарабогIучу беттан 1-чу дийнера 31-чу дийне кхаччалц ларбан безар бу хIиттийна барамаш. Нагахь санна, ун кхин дIа а лахделла ца хилахь, дозанаш деттар дIадахдийр долуш ду. Чехин массо а бахархойх а, ПМЖ а, ВНЖ а карахь йолчарех а цхьана хьакхалуш ду дехкар. Оьрсийчоьнан бахархойн бакъо ю дуьхьало а йоцуш шайн даймахка дIабаха.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Потапова обыграла Шнайдер на старте грунтового турнира WTA 1000 в Мадриде






Образовательный комплекс в ЖК «Тетрис» Красногорска готов на 40%

Начали укладывать новую трубу в аварийном коллекторе в центре Бердска

От Розановой до Боголюбова. «Культура» о самых интересных выставках мая

В Москве на Портале поставщиков провели более 150 тысяч закупок с начала года